ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъоларъярхой а, журналисташ а хIаллакбар сацаде аьлла Оьрсийчоьне Американо


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаро Блинкен Энтонис дIахьедар дина журналисташ Хлебников Пол а, Эстемирова Наталья я байъина 12 шо кхачарца. Оьрсийчоьне кхайкхам бина цо, "таIзар доцуш" журналисташ а, бакъоларъярхой а битар сацаде аьлла, яздо "Коммерсанто".

"Тахана оха дагалоцу Эстемирова Наталья а, Хлебников Пол а. 2004-чу шарахь Москвахь вийра Хлебников, коррупци Iораяьккхинчул тIаьхьа. 2009-чу шарахь йийначу Эстемировас Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъеш цахилар гучудаьккхинера. Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне, таIзар доцуш журналисташна а, жигархошна а тIелетарш дар тоийта", - яздина Блинкена Твиттерехь.

"Форбс" олучу оьрсийн версин журналан коьрта редактор вара Хлебников Пол. 2004-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чохь Москвахь редакци чуьра араволучу хенахь вийнера иза.

Динчу зуламна бехкевира Нохчийчуьра схьаваьлла ши вахархо, ДукузовгIеран ши ваша Казбек а, Мохьмад а. Хлебников вен кхайкхийнарг, лехамашкахь хилла гоьваьлла бизнесхо Нухаев Хожа-Ахьмад ву аьлла хетара талламчашна. 2006-чу шарахь бехккъасторхойн коллегино бехказабехира уьш берриш а. Лакхарчу кхело юхабаьккхира церан сацам, амма оцу гIуллакхан фигуранташ къайлабевлира.

2000-чу шарера схьа дуьйна бакъоларъяран "Мемориал" центран куьйгаллехь яра Эстемирова Наталья. 2009-чу шарахь йийра иза.

Эстемирова ер талла кхайкхина Оьрсийчуьра Iедал дуккхаза а дуьненаюкъарчу бакъоларъярхойн хьукматаша, шайлахь Amnesty International а, «Мемориал» центр а, кхийолу бакъоларъярхойн юкъараллаш а йолуш. Дехна зулам Iорадаккхар бевзаш болчу политикаша а, пачхьалкхийн куьйглахоша а. Амма къастийна дац тахана а билггал хьан йийна нохчийн бакъоларъярхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG