ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бала буьгуш бу". Нохчийчохь мобилизаци яц, амма кегийрхой тIамтIе хьийсош бу


Нохчийчуьра эскаре бига тIекхайкхинарш, гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскаре бига тIекхайкхинарш, гайтаман сурт

Оьрсийчохь кхайкхийна мобилизаци Нохчийчохь дIахьура яц – Кадыров Рамзана чIагIдо, Украинаца болчу тIаме эскархой хьийсорца махко "кховдийна план" тIехсов кхочуш йина 254 процентана. Иштта дIахьедар дира цо Соьлжа-ГIалахь тIамна дуьхьал наноша митинг хIоттийначул тIаьхьа. Делахь а регионехь бертаза нах лехьош бу кадыровхойн лаамхойн олучу тобанашка. Къона кегийрхой махкара бовда гIерта, тIамехь дакъа ца лацархьама. Кавказ.Реалиино къамел дира дозанал арабовла ка яьллачаьрца, иштта дийцарш дира политологашца Нохчийчохь тIеман дуьхьалончийн потенциалех а.

Бакъонашларъярхоша дIахьедо, Нохчийчохь "лаамхой" хила декхаребечарлахь заьIапхой а, таIзар дина нах а бу бохуш. Регионехь лечкъабо кегийрхой, бехктакхаман гIуллакхаш дуьхьал дохур ду бохуш, кехарамш а туьйсуш, дIахьийсабо тIемаш боьлхучу меттигашка, йа даккхий ахчанаш доху, уьш маьрша буьтург чIагIдора оппозицин нохчийн 1АДАТ боламо.

Тоххара Европе дIабахана кIентий цIа балабе боху дайшка-наношка

Iедалхойн оцу леларо керла эмиграцин тулгIе гIаттийна. Европерчу пачхьалкхаша Оьрсийчоьнан авиакомпанешна хIаваан некъаш дIакъевлина, бахархошна ша цхьаъ бен йоцу Нохчийчуьра рейс яра кхечу махка – Стамбуле. Оцу корах пайда а оьцуш, меттигера божарий дIабаха тохабелира тIом болабеллачу хьалхарчу беттанашкахь.

Ткъа тIаьххьарчу деношкахь, Кавказ.Реалиин масех хьасто бинчу хаамца, Соьлжа-ГIаларчу аэропортехь Iедалхоша чIагIбина ницкъахойн болх мобилизацина юкъабогIу нах ара ца бовлуьйту цара. Цул совнах Нохчийчохь сацийна ду арахьарчу мехкашкахь лела паспорташ дахар а.

"Сан доллу дахар цхьана мIаьргонехь хIаллакдина"

Соьлжа-ГIалин вахархо Iабдурахьман (къамелдинчийн цIераш хийцина текстехь. – Билгалдаккхар.) – ву, мобилизаци кхайкхаяле хьалха шен доьзалца цхьаьна Нохчийчуьра дIаваха аьтто баьллачех. Йина яьллачул тIаьхьа масех шарахь бен чохь ца даьхна шайн керла хIусам дIа а йоьхкина, шен кхо кIант тIеман балех хьалхаваккхархьама Стамбуле дIаваха декхаре хилира иза.

"Сан 65 шо ду. Царех итт шарахь цIа деш вара со, дуккха а ницкъ а, нерваш а хIаллакйина ас сайн и гIишло хьалаечу хенахь, амма иза дIа ца доьхкича ца велира. Сан воккхаха волу ши кIант тIекхойкхуш, кехаташ деанера тIеман комендатурера. Мах къуьйсуш Iен хан яцара, чуьра бахамца а, кертара машенца а, биссинчу гIишлошяран гIирсаца а цхьаьна ков-керт дIадоьхкира ас. Делан къинхетам бу, тахана сан кIентий кхерамзаллехь болуш, амма хIара лаьтта хьал, хIара ницкъабр, кхерамаш тийсар, хIара террор, хIара дерриг а муха ловр ду?", - ца кхета Iабдурахьман.

Дуккхаъ шен гергара нах биссина боху цо Нохчийчохь, церан а бу боху тIекхайкха хан йолу доьзалш.

"ХIинцале а тIеман комендатуран белхахой бу нехан керташкахула лелаш, ницкъахоша тIедожадо, тоххара дуьйна Европе дIадахана шайн бераш цIа даладе бохуш. Нохчийчохь ши тIом боьдуш а ма яцара хIара тайпа эрчо а, иштта шех а, шен доьзалх а кхерар а… Цхьанхьа ведда лела, цхьаъ юхадоло, хийра мотт Iамо, хийрачу нахалахь дIатарвала хан йолуш ма вац со суо а, амма суна кхин некъ гуш бацара. Сан вежарий реза ца хилира, бехкаш дохура ас суо дIаваха дагахь ву аьлча, делахь а со-м кхета: уьш кхоьру сан доьзал бахьанехь шайна цхьа хьовзам баларна, церан кIентий кадыровхошлахь бара, цунах дозаллаш а деш. "АллахI" хьахочу меттана а "Ахмат Сила" бехира, цундела Кадыровна хьалхара цIерга а, хи чу а лелха декхаре бу уьш, сан кIентийн хIун бехк бу?", - ца кхета Кавказ.Реалиица къамел дийриг.

29 шо ду Мухьаммадан, Нохчийн пачхьалкхан университетан 5-чу курсехь доьшуш ву иза. Кавказ.Реалиица хиллачу шен къамелехь цо даредира, Нохчийчуьра шен "хьалххе вада аьтто баларх"

ХIинца вай меттах ца довлахь, Нохчийчохь божарий буьссур а бац

"Сайн доттагIашка дукха бехира ас, соьца дIадуьйла, амма уьш духьалбевлира, мобилизаци хир яц, хIинцца [тIом] боьрзур бу бохуш. Къена дай-наной бу церан, доьзалаш, болх…Ас бехира цаьрга, мобилизаци ца кхайкхош доьрзур дац, кхузахь хIумахуу стаг хила ца оьшу, массо а кхеташ хила веза, Путин а, Кадыров а хIуъа а дан гунахь хиларх. ТIаме йолу сан дог-ойла, лартIахь волчу муьлххачу стеган а санна ю, со дуьхьал ву цунна, иза болийчхьана", - боху Мухьаммада.

Цо дийцарехь, шо а хиллера иза а, цуьнан хIусамнана а дIадахар хьехош долу, амма кхуьнан дешар бахьана долуш соьцура.

"ТIом болабелча, со кхийтира, хIара гIуллакх дIадахлур дуй а, цуьнан тIаьхьало вайна, Оьрсийчоьнан бахархошна, бале йер юй а. Паспорт сан долуш дара, цундела кхин дIа а ца тоьттуш, тур эцча санна, зазадокху-бутт бовш дIавахара со. Кхин а цхьа бутт баьлча сайн хIусамнана а схьаялйира суо волчу. ХIинца, мобилизаци а кхайкхийна, армих веддачунна таIзар деш низамехь хийцамаш бинчул тIаьхьа, ас сайн доттагIашна сагатдо. Дозанаш къевлина ду, паспорташ дохуш дац, стенга бевр бу уьш? ТIамах уьдурш леца а лоьцуш, тIеман комендатурашка схьабалабе аьлла, омра дина Кадыровс. Вада а станга водур ву хIинца?", - дерзийра къамелдечо.

32 шо долу Зеламха – банкехь болх беш вара. ТIаме ша ца вахархьама, дикачу балхара воха а, шен машен дIайохка а дийзира цуьнан, гIадужа-баттахь зуда а ялош, хIоттон лерина той а юкъахделира.

"Сан карьера а, сан кхане а, доллу сан дахар а цхьана мIаьргонехь хIаллакхили. ЦIеххьана нисъелира сан эмиграци. Со Нохчийчохь вина, ас цигахь дешна, доллу дахар цигахь дIадахна, сан да-нана цигахь дехаш ду (рак лазар токхуш ву да), доттагIий а цигахь бу, еза йоI цигахь яра сан. Суна мегаш дара цигахь дерриг а, политика юкъа со а ца гIертара. Айса хIиттийначу сайн эвсарчу хьелийн гурашкара лаамза ваьккхина со. Массарна а мобилизаци кхайкхор ю бохуш, къамелаш лелара, тIом бахбала там бу бохуш, тIаккха сан дас-нанас соьга хоьттуш хIума а доцуш, дIахьажийра со… ХIинца суна коьртаниг ду – карара соьмаш дIайовлале, болх лехна, мотт Iамийна, кхузахь дIатарвалар. Суна дика меттиг хета Туркойчоь, ваха хала дац кхузахь, бусулба мохк бу, адамаш а хьаша -да везаш, тIекаре бу, юург а чомехь хуьлу", - дийцира Зеламхас.

"Къомо дуьхьал хилар дIагайта дезара"

Венера "Ичкерия" культурин цIийнан куьйгалхо Исханов Хьусайн Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь президентан Масхадов Асланан адъютант вара. Нохчийчуьра таханалера хьал цо дусту Сталинан депортацица. Мехкан бахархой кIелхьарабовлар го цунна доллу къомо шаьш дуьхьал хилар дIагайтарца.

"Цхьана Путинна йа "оьрсийн дуьненна" болчу томана нохчаша нохчий бу хIаллакбеш. Цхьана а митингаша а, демонстрациша а гIо дийр дац, цара [кадыровцаша] адам арадолуьйтур дац, божарий муххале а, царна тIе герзаш деттар ду цара, йа зударий а ловзор бац. Цхьа а балха ара ца волуш чохь Iийча, юкъара транспорт а сацийча, телехьожийла а, радионо а белхаш юкъахбаьхча, тIаккха цхьаъ хила тарлора. Йоллу республика, Iедал сацийча, дуьхьал хилар дIагайтича, цхьана шина кIиранна мукъна а, цхьа пайда хир бара тIаккха, лулара мехкаш а тIетовр бара, массо а меттахвалар хир дара цунах. ХIинца вай меттах ца волахь, Нохчийчохь божарий буьссур бац", - боху Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

Шена хетарехь, боху Исхановс, Оьрсийчоьнан эскаран шансаш яц Украинана тIехь толам баккха.

Кегийрхойн кхин дан амал дац, дуьхьалонан акциш яр доцург

"Украинхойн Iаламат дукха герз ду, ю [Iамерикахойн] HIMARS системаш а цхьаьна…Нохчийчохь болчех хаам дIатоха беза, церан бераш дайъа дуьгуш ду аьлла", - дерзийра къамел Масхадовн хиллачу адьютанто.

Европехь куп тоьхначу нохчийн "Толам" комитетан хьалханча Сулейманов Джамбулат тешна ву, къевлина аэропорташа а, Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг дIайохоро а нохчий совцо ца беза аьлла.

"Тахана кегийрхойн кхин дан амал дац, массо ара а буьйлуш, протестан акциш хIиттор доцург. ХIинццалц схьа хIунда ца хилла дуьхьалонаш? Иштта йоллу юкъараллина Iаткъамбар хилла дацара ши тIом бирзинчул тIаьхьа. Хила дезаш хIума санна тIелоцура нохчаша хуьлург, хIунда аьлча. хIара мел а гIоле ма дуй, нах дIалехьош "зачисткаш" ярал а, бомбанаш йеттарал а, мел хIуъа дийцарх а, социалан ахчанаш дIалуш дара, дахар а, хьалхачуьнца дуьстича, мел а мегар долуш хетара. Кхул хьалха нах дIагулбар а [кадыровхойн дакъошкахь Украинерчу тIаме хьийсон] бертаза хиллехь а, формалехь лаамехь дара", - кхетадо Сулеймановс Нохчийчуьрчу хьолах.

Ткъа хIинца, кхин дIа дуьйцу къамелдечо, ши тIом лайначу нохчийн къоман, юха а бахьана ду урамашка дала. "Суна хетарехь, де-дийне хьал карзахе хир ду. Мобилизацица Iедалхой оцу сизана тIехбевлла, цунна тIаьхьа нах протесташка буьйлур бу", - чIагIдо "Толам"комитетан куьйгалхочо.

Оьрсийчохь цхьана декъана кхайкхийна мобилизаци – кхечу муьре дехьаволу этап ю аьлла хета Сулеймановна. "Украинера хьоле хьаьжжина хир ду дерриг а, суна хетарехь, кхунна тIаьххье массарна а лерина мобилизаци кхайкхор ю", - дерзийра Кавказ.Реалиица къамелдечо.

  • Гезгамашин-беттан 21-чохь Оьрсийчоьнан президенто пачхьалкхехь "цхьана декъана" аьлла, мобилизаци кхайкхош омрана куьйгъяздира. ТIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, "юкъ-кара мобилизацин" гурашкахь 300 эзар стаг тIекхайкха Iалашо ю шайн, ткъа "Новая газета. Европа" гIирсо, президентан Администрацерчу хьастана тIетевжина, хаамбира, ма-дарра дийцича, президентан къайладаьхьначу омрано бакъо ло миллин гергга стаг тIамтIе кхайкха.
  • Украинерчу тIамца доьзна Путин Владимира къайкхийначу мобилизацина дуьхьал Оьрсийчоьнан регионашкахь дуьхьалонаш йира. Хаамбо дуккха а нах лецарх, протестхошна дуьхьал полицино гIело латторах а. Къаьсттина яккхий протесташ хилира Москвахь а, Санкт-Петербургехь а, иштта Уралан а, Сибирин а цхьа могIа шахьарашкахь а. Оьрсийчоьнан Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь тергойина акциш хилла цхьана Краснодарехь – "Протокол" ресурсан хаамашца, цигахь дакъалаьцна 100-150 стага.
  • Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара бахархоша муха тидамбира мобилизацин, президентан указ бахьана долуш хуьлийла дуй гIаланашкахь дуккхаъчу нехан протесташ – цунах лаьцна хеттарш дира Кавказ.Реалиино меттигерчу юкъаралхошка а, политологашка а, политикан гIуллакхдархошка а
  • Гезгамашин-беттан 14-чохь Кадыров Рамзана куьйгъяздира махкара "I995-2004-чу шерашкара нах эскаре гIуллакх дан гIадужу баттера гIуран-батте кхаччалц тIекхайкхарх" долчу омрана. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу бакъонашларъярхоша а, политологаша а дIахьедо, республикера кегийрхой лаххьийна эскаре гIуллакх дан хьийсо хьесап хиларх – дуьххьара хIокху еххачу заманчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG