1992чу шеран гурахь, 30 шо хьалха, хIирийн-гIалгIайн конфликто бIеннийн синош дIадаьхьна. ГIалгIайчоьнца дозанехь йолчу Къилбаседа-ХIирийчоьнан латтанаш тIехь масех дийнахь тIемаш лаьттира, эххар а оцу латтанаш тIера дIабахара еххачу заманчохь хIиришца а, Кавказан кхечу регионашкара схьабевллачу бахархошца а баьхна хилла гIалгIай.
Советан заманахь дуьйна гуьржий, хIирий, гIалгIай баьхначу Балта эвланах, делахь а, къаьмнийн доттагIаллин масал хилла. Тайп-тайпанара къаьмнашкарчу лулахоша вовшашца тIемаш ца бира, гIалгIай бовда дезча, хIириша церан хIусамаш латтийра, царна юхабахка таро а юьтуш.
Свобода Радион документалан фильман "Дахаран билгалонаш" проектехь Балтин бахархой
Балтера гIалгIайн бахархойн къамелаш
Хьажал, [кхузахь вехаш] хIири, [цигахь] гуьржи, хIири, гIалгIа. Дов далале хьалха а дара бертахь дехаш, дов даьллачул тIаьхь а ду. Ловзарш а, тезеташ а – тхо цаьргахь, уьш тхоьгахь хуьлу. ХIирийн, гуьржийн меттанашкахь цIена къамел до ас. Цхьа доьзал санна дехара тхо.
Некъ бацара, гезарий лелачу ламанан тачанашкахула
ТIом болабелча, тхуна хезара, бойуш бу, арсаш хьоькху, герз детта бохуш. Тхайн доьзалш а эцна, ГIалгIайчу дIадахара тхо. Некъ бацара, гезарий лелачу ламанан тачанашца дахара. Жима бер дара сан, 6 йа 7 бутт болуш [карахь]. Оцу тачанашкахула дIадахара тхо Iай. Со санна болу, эзарнаш, кхузара дIабахара.
Оьрсийчоьнан эскаршна тIаьхьа яьхкира хIирийн зуламан тобанаш, къоланаш дан буьйлабелира, бохура: тхуна хIуммаъ дийр дац. Концлагерш олучу меттигашка дIабигира къаной, зударий, лармаш чохь хан яьккхира, юха уьш хуьйцура. ГIалгIаша а, тарлора, цхьацца берш йийсаре леца, тIаккха хуьйцура. ХIора юьртара дIабуьгура. Сан хIусамненан боллу доьзал дIабигира, ши ваша вийра, нус йийра, бехкбоцу нах байира.
Хала хиллехь а, сатуьйхира, хIириша а, гуьржаша а гIодар бахьана долуш
Амма уьш меттигера хIирий бацара. Меттигерчара, мелхо а, тхуна гIо дора. Сан хIусам хIириша латтийна ю.
1998-99-чу шерашкахь юхадаьхкира тхо. Дуьххьара юхавеара сан лулахо Мурат, цунна тIаьххье кхинберш а. ЦIеношкахь къоланаш динера, керташкахь хIуммаъ дацара. Шаьш хIирий а бара хала хан йоккхуш. Тхо юхадаьхкинчу заманчохь, цхьа а болх, цхьа а хIума дацара тхан, халла хене дуьйлура. Кхечу эвлашка [юха] бохуьйтуш бацара, плакаташца арабуьйлура, бохура: бахархошлахь тIом болор бу, нагахь санна, гIалгIай юхабагIахь. Ткъа кхуза Балте юхадаьхкира. Хала хиллехь а, хене девлира, оццу хIириша а, гуьржиша а гIодар бахьана долуш.
Дакъа а дай, олалла де, кхин дан хIуммаъ дац
Нохч-ГIалгIайчоьнан автономин республика яра иза. 1944-чу шарахь, гIалгIай махках баьхча, лаьмнашкарчу хIирийша дIалеца долийра гIалгIайн цIенош. 1956-чу шарахь тхуна реабилитаци йира, цIа бахка буьйлабелира тIаккха. Дукхахболчу хIиришна ца лаьара цIенош дита. Iедало а ца могуьйтура царна дIабаха: шу дIаболхахь, йа гIалгIашна бахам бохкахь, оха шун хIусамаш ягор ю бохуш. Дукха гIалгIай а, хIирий а бу бала хьоьгуш, Iедало оцу хьолехь латтабо уьш. Дакъа а дай, олалла де, кхин дан хIуммаъ дац. ГIебарта-Балкхаройчоь: балкхарой махках бехира, гIебартой битира – конфликт. Кхарчой-Чергазийчоь: кхарачой махках бехира, чергазий битира – конфликт. ГIалгIай дIахьовсийра, хIирий битира- конфликт. Нохчий махках бехира, дагестанхой битира – конфликт. Уьш жим-жима сийсаш лаьтта, юха дечиг кхе тосур ду, оьшучу хенахь, цIе кхерстар ю.
Эвларчу хIирийн бахархойн къамелаш
Со яьхначу Теркехь хилира тIом. Цигахь нах бойура, йийсаре лоьцура. Ловзаргара [хIирийн] кегирйхой дIабигинера гIалгIаша, дукхахберш юхабаьхкира, цомгаш бара массо юхабаьхкинарш.
Стенна лоьлхуьйту аш церан цIенош? ХIун хаьа, царна юхабахка лаахь а
Кхузахь [гIалгIаша] пIелг ца Iоьттира тхох. Меллаша буса хьала а гIевттина, дIабаханера уьш [ГIалгIайчу], тхох цхьа а хьа ца вира. Шайн даьхни а дIадигира. ХIусамаш йитира, кхин цхьаннах а тхох пIелг ца Iоьттира. Сан дас Iаламат чIогIа лорура гIалгIай, доттагIалла леладора, дуй биъна доттагIалла дара, сан лерех кхийтира, гIалгIаша аьлла бохуш: цуьнга болчу ларамна, тхо хьала а гIевттина, дIагIур ду, цхьа а хьа ца веш.
Дадас дуьйцура кхин а, цIенош лоьлхуьйтура [гIалгIайн]. ТIеман дакъа дара кхузахь, дада командирна тIеваханера:"Стенна лоьлхуьйту аш церан цIенош? И дика дац. ХIун хаьа, царна юхабахка лаахь а, стенна хуьлуш ду вай мостагIий?" Дега хаьттинера: "Хьо муьлхачу къомах ву?" Цо боху: "Со хIири ву. Тхо цхьана кхиъна ду, гIалгIашца бепиган юьхьиг а цхьана йоькъуш". ТIаккха севцира уьш цIенош лоьлхуьйтучуьра.
Конфликташ гуттар а хилла ю, латтана тIехула. Амма стенна?
Кхузахь ах эвла – гуьржий бу, дукхахберш. Къилба ХIирийчуьра хIирий баьхкира кхуза, бохура: эвла эвланца хийца вай, шу цига дIагIо, цIенош хуьйцур ду. Амма цхьа а реза ца хилира, кхузахь бина, кхузахь кхиъна бара уьш. ГIали юккъехула буьйлабеллла а лелаш, гуьржийн хIусамашка цхьацца кехаташ туьйсура, уьш дIабахийта. ГIалара дукхахберш дIа ца бахара, юьртара цхьа а ца вахара. Муьлххачу а къаьмнашна юкъахь иштаниг хуьлуш ду, вешин вешица а эгIа барт, къаьмнаш-м стенна дуьйцура. ХIара конфликташ даим лаьттина ю, латтана тIехула. Амма стенна? Хьуна кхузахь ваха аьхна делахь, хIун бен ду, Къилбаседа -ХIирийчоь, йа Гуьржийчоь, йа ГIалгIайчоь, йа цхьа кхин цIе цуьнах олуш хиларх. Стенна оьшу, нагахь санна, хьуна кхузахь эвсара делахь?
ХIинца Украинехь дерг, - тхо кхузахь ду, сан кIентан кIант Оьрсийчоьнан эскарехь ву, цхьана хIуманна дуьхьал со муха хир ву? Оьрсийчоьнан престиж хьалаайбарна политика тов суна. Оццул нах а бойуш, эшарий-те хIара? Цхьанна оьшуш ду хIара, хетарехь, хIара дижа ца дуьтучунна.
Тхуна кхуза цхьа хаам кхочу, царна – кхин хаам
Гуьржийчохь бехаш бу хIусамден гергарнаш. Украинана а, Оьрсийчоьнна а юкъара конфликт йолаелча, Гуьржийчоь Украинехьа ю. Цигахь телехьожийлехь дуьйцу, Оьрсийчоь бехке ю, Оьрсийчоь тIелетта бохуш. Цара тхоьга телефон йетта, сан майра чIоьгIа оьгIазъоьху царна: "Соьца цунах лаций къамелаш ма делаш, со Оьрсийчохь вехаш ву, суна Оьрсийчоь массарел а тоьлаш ю, сан кIентан кIант эскарехь ву хIинца. Ас болх бен, суна кхача латтон меттиг – сан даймохк бу. Сан бала бац Гуьржийчоьнца а, йа Украинаца а, витийша со паргIат. Со Оьрсийчоьнехьа а, Путинехьа а ву массо а хIуманна тIехь". Иштта хьежамаш болуш ву сан хIусамда. Иштта информаци цигахь хиларна. Шайга дIадуьйццучух теша уьш. Цигахь Украинера дуккха а мухIажарш ма бу, украинхойн беснашкахь йолчу байракхашца буьйлабелла лелаш бу боху, Украинехьа ду бохуш, лозунгаш гойтуш. Шайна схьахеззарг ду цара дуьйцург. Ткъа тхуна кхочурш кхин хаамаш бу, тхуна кхуза цхьа хаам кхочу, царна – кхин хаам, цундела цаьргахь дезинформаци ю, суна иштта хета. Аш ма-бохху дац дерриг а бохуш, шаьш кхето тхо дуьйладелча, цара юха а шайн телехьожийла латайо, кхечу тайпа йолу телехьожийла. Суна дика ца хета хIара, хIинца хуьлуш дерг. Кхин дIа хIун хир ду а, ца хаьа.