ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бандиташ, террорхой, Малхбузен агIончаш. Историн керла жайна – Ичкерин маршо къийсарх


Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Минометан а, артиллерин а тохарш динчул тIаьхьа Ленинан урамера цIа, 1995 шо
Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала. Минометан а, артиллерин а тохарш динчул тIаьхьа Ленинан урамера цIа, 1995 шо

Биъ бутт хьалха хIоттийначу Оьрсийчоьнан историх керлачу жайно эргIад бахийтира хьехархой а, историкаш а. 25 шарахь гергга Путин Владимира урхалла дарх а, "леррина спецопераци" йолоран бахьанех (иштта олу Украине гIортарх Iедалхоша) а лаьцна керла дакъолгаш йукъадалийна ца Iаш, книги тIехь хийцина дийнна даккхий дакъош а. Царех цхьаъ ду – Нохчийчуьра тIамех. ХIинца Оьрсийчоьнан дешархошна хьоьху Ичкерин суверенитет къийсинарш радикалан исламисташ бара, царна тIехьа лаьттарг йоллу Малхбузе йара бохуш.

Путинан гIоьнча Мединский Владимир – "Оьрсийчоьнан истори. 1945 шо – XXI-чу бIешерийн йуьхь" жайнин цхьахволу автор а, культурин хилла министр а ву. Цо дIахьедина интернетехь йийцарейен книги йуккъера ду боху аларш фейкаш йу аьлла. Цундела Кавказ.Реалиин редакцино "Просвещение" арахецаран официалан сайтехь ийцира жайна, тIаккха хиира, Нохчийчуьра хиламаш Iедалхоша муха бовзуьйту а, и мел бакъ ду а.

Книги йуккъера йоза, 304-305 агIо:

"1991-ра шо довш нохчийн халкъан конгресс йу бохучо дIакхайкхийра Нохчийн Ичкерия республика йу аьлла, дIахьедира иза Оьрсийчоьнна йукъара йолуш хиларх а. Регионан дозанаш тIера эскархойн складаш дIалецира сепаратисташа…Иштта, хIетахьлера Нохчийчоьнан куьйгалло конфронтаци йан курс къастийра, муьлхха а дийцарш дIадахьа реза а ца хилла. Нохчийчуьра хьолах пайдаийцира исламистийн фундаменталисташа а, террорхоша а. Нохчийн проблема" ницкъаца йерзон жим-жима ойла хьийзара Коьртачу Iедалхойн.

1990-чу шеран оханан-баттахь СССР-н Лакхарчу кхеташоно цхьаъ йира союзан а, автономин а республикаш бакъонашкахь. Кремло декъалдарца кехаташ кхехьийтира, керлачу низамна тIе а тийжаш, оццу шеран гурахь Нохч-ГIалгIайчоьно пачхьалкхан суверенитет дIакхайкхийча, дагадоуьйту Нохчийчуьра шина тIеман талламаш бина волчу историко. Оьрсийчохь лелаш репрессин низам хиларна, шен цIе йаккха ца лиира цунна.

"ТIаьхьо Дагомысца дийцарш долийра Оьрсийчоьнан Федерацина а, Нохч-ГIалгIайн республикина а йукъахь бакъонаш йоькъуш И дийцарш дIадаьхьира Оьрсийчоь Нохчийчу гIортталц", - билгалйоккху спикеро заманан йохалла.

Республикин бахархой чIогIа гIад баханера шайна маршо йаккха, аьлла хета Европера "Цхьааллин ницкъ" политикан нохчийн йукъараллин куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана. 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь вехара иза, цо дакъалецира федералан ницкъашна йечу дуьхьалонехь

"ШолгIа дуьненан тIом болабаллалц схьа, хетарехь, Нохчийчохь ша цхьаъ бен йоцу регион йара, Советан Iедална дуьхьал къийсам латточех. Цул тIаьхьа депортаци йира, хила ма-йезза йеш реабилитаци а йоцуш. Цунах дика болх ца хилира – республикехь цунна тIетовжа Москвана таро лун йуьззина нохчийн номенклатура ца кхиийнера Советан Iедало. Зуламен депортаци йарна дегабаам бисира доьзалашкахь тIекхуьучу керлачу тIаьхьалоне дIа а кхачош. Иштта [инарла Джохар] Дудаевн дIахьедарш халкъан бухе дехкира, иза чIогIа гоьваьлла вара", - кхетийра спикеро.

Дудаев Джохарехьа демонстраци хIоттийна нохчийн зударша. 1995-чу шеран марсхьокху-беттан 7-гIа
Дудаев Джохарехьа демонстраци хIоттийна нохчийн зударша. 1995-чу шеран марсхьокху-беттан 7-гIа

1991-чу шеран гIадужу-беттан 27-чохь, ницкъаца Лакхара Кхеташо дIайохийначул тIаьхьа, Нохчийчоьнан президент хаьржира Дудаев Джохар. Ткъа масех де даьллачул тIаьхьа уггар а хьалхара декрет кхайкхийра цо Нохчийн Ичкерия республика Оьрсийчоьнах йоьзна цахилар къастош. Керла республика официалехь цхьана а ООН-н декъашхочо-пачхьалкхо тIеэцна йацара, амма цуьнан дозанал арахьа векалт йара, цуьнан хьаькамаш цхьанабетталра кхечу мехкийн Iедалхошца.

Оьрсийчоьнан Конституцин текстехьа бертан куьгйаздарехь, йа кхаьжнаш тасарехь оцу хеначохь дIакъаьстинчу Нохчийчоьно дакъа ца лоцура, боху Венера "Ичкерия" культурин центран куьйгалхочо, Ичкерин президентан хиллачу адъютанто Исханов Хьусейна.

"1994-чу шеран гIуран-баттахь Оьрсийчоь Нохчийчоьнна тIелетачу хенахь иштта, Украина а, Молдова а санна йозуш йоцуш йара Нохчийчоьнан Республика, ткъа цунна дуьхьалйаьккхина агресси йара импери сацон а, йухаметтахIоттон а Iалашонца болийна тIом", - аьлла хета Исхановна.

Жайни тIера йоза, 305 агIо: "Низамера Нохчийчоьнан Республикан парламент дIайохийра. Регионан территори тIехь лела таро йацара Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органийн… Кхузахь лечкъина бара, Оьрсийчоьнан кхечу мехкашна тIелетарш ден чубоьхкина лаьттина нах а, террорхой а. Нохчийчоьнан цхьа дакъа дуьхьал дара, ша Ичкерин президент ву аьлла дIакхайкхийначу бунтхо волчу инарлина Дудаев Джохарна муьтIахь хила. Оьрсийн пачхьалкх тIетайра нохчийн оппозицина. 1994-чу шеран аьхка республикехь бахархошлахь тIом иккхира. Шайгахь мел долу герз охьадилла аьлла, Москван тIедиллар кхочушдан дуьхьало йира цара. Оцу хьелашкахь бина бара Нохчийчу Оьрсичоьнан эскарш узуш сацам".

Сулейманов Джамбулата дагадаийтира, СССР-на йукъахь хиллачу массо а аьлча санна республикашкахь хIоьттинера чолхе, зуламе хьал аьлла.

"Нохчийчохь адамна хаьара, ша стаг вехь шена "чIир кхайкхор" йуйла. Оцу хенахь студент вара со, Оьрсийчоьнан регионашка, луларчу мехкашка дIасавоьдура со. Цигара зуламхошца долу хьал, соьга хаьттича, Нохчийчохь долчул а ирча дара", - элира цо.

Дудаевна бина го бара, иза Iалашвийраш зуламан тобанаш йацара, герз караэцна арадаьлла халкъ дара

Къамел дечо билгалдоккху, Нохчийчуьра дукхахболу бахархой лууш бара президент Дудаев Джохар хила а, Нохчийчоь маьрша мохк биса а. Цуьнан тоьшалла до бакъбинчу харжамийн жамIаша а. Цунна оппозицихь йиссира Хьалха-Мартана а, жимох йолу Теркйистан кIошт а – цхьаболу оцу кIоштан бахархой эххар а дIакхийтира Ичкерин герзашца вовшахйиттинчу тобанхойх. Республикехь "бахархошлахь тIом бара" бохург дуьйцийла а йацара.

"Цхьа а сепаратисташ а бацара, баккъал а халкъан дуьхьалдалар дара и, къомана маршо йезара – жимачунна воккхачунна тIекхаччалц. Муьлхха а хийцамашна кийча бара нах, даим а нохчашна тIаьхьайаьлла лерачу империн олаллера шаьш девлчхаьна. Суверенитет дIакхайкхийча, йоллу СССР-н нохчий республике йухабогIура", дIахьедира Кавказ.Реалии редакцин журналистана йеллачу интервьюхь "Европахойн машаран цIа" йукъараллин организацин куьйгалхочо Гашаева Зайнапа. 1990-чу шерашкахь кхечу бакъоларйархошца цхьаьна цо вовшахтоьхна Нохчийчохь хиллачу шина тIамах видеоархив.

Дуккхаъчара Дудаевн гIолацарх чIагIдо Оьрсийчоьнан хьасташа а. Масала, "Дудаевна бина го бара, иза Iалашвийраш зуламан тобанаш йацара, герз караэцна арадаьлла халкъ дара" аьлла, президенте Ельцин Борисе диллина дIахьедира Оьрсийчуьра адамийн бакъонашкахула хьалхара векал винчу Ковалев Сергейс йозуш йоцчу Нохчийчуьра йухавирзинчул тIаьхьа.

Жайни йуккъера циатат, 306 агIо:

"ГIаттамхойн буьйранчийн карахь дисира билггал долу хьал, цаьргахьа жигара гIо дохура дуьненайукъарчу террорхойн организацеша. И дара Малхбузена оьшург, хIунда аьлча, Оьрсийчоь малйан тарлора цара. Малхбузен зорбанан гIирсашкахь шуьйра кампани йолийра нохчийн сепаратисташна тIехIуьттуш. Нохчийчохь даржош дара радикалан дин. Террорхоша закъалтхой лоьцура, оцу йукъанна даим а финансашца доккха гIо хьулура царна дозанал арахьара".

Школан жайнин оцу декъана комментарий йечу Исханов Хьусейна бохура, нохчийн гIаттамхойн а, дуьненан терроризман а кеп-кепара Iалашонаш йара.

"Нохчийн дуьхьалойар, демократица хаьржинчу президенто а, парламенто а куьйгалла ден, къоман къийсам бара. ХIетахь, дуьненайукъарчу терроризман йа мандат а, йа къам а доцчу хенахь. Цул совнах, нохчийн духьалойар, дуьненайукъараллин терроризме диллича, мух-муха а йолчу кепашца лелон агресси йацара, легитиман Iалашонашца ша шен Iалашвар дара. Дера хIета Нохчийчу кхочийла ма дара террорхойн элементийн, шаьш Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка а, Европе а ма-кхоччура, амма нохчийн урхалло терроризм даим дIатоьттура иза гучуйоллушехь, Ичкерил арахьарчу тIеман гIишлошна тохарш а ца дора ур-атталла", - дIахьедира спикеро.

Нагахь санна, книги тIехь ма-дийццара дерриг а хиллехь, жоьпалла Кадыров Ахьмадна тIехь ду – шолгIа тIом боьдучу заманчохь Оьрсийчоьнехьа дехьаваллалц мехкан муфтий ву бохуш ма вара иза, цуьнан суверенитет дIа а кхайкхош, дуьхьалонехь дакъа а лоцуш. Нохчийчохь "радикалан кхетамехь ислам" даржош хиллехь, хаттар муфтийга хила деза. Амма жайни тIехь цунах лаьцна дош дац йаздина, билгалдоккху цхьанацадарах бакъоларйархочо Гашаева Зайнапа.

Кадыров Ахьмад а, Путин Владимир а
Кадыров Ахьмад а, Путин Владимир а

Жайни йуккъера йоза, 318 агIо:

"Оьрсийчоь йозуш йоцчу политикан курсе йоьрзучу заманчохь Малхбузен пачхьалкхашца йукъаметтигаш телхира. "Адамийн бакъонаш Iалашйо" а бохуш, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а, церан Европера агIончаш а Iаткъамбан гIоьртира Оьрсийчоьнна Нохчийчуьра хьолаца доьзна. Нохчийчоьнан Республика Оьрсийчоьнна Федерацих дIахадон гIертара уьш. Малхбузен политикийн Оьрсийчоьнан хьокъехь йолу бакъйолу Iалашонаш гучуйийла йуьйлира. Малхбузен пачхьалкхашца йолу йукъаметтигаш бухера дуьйна йухалиста йезаш йара".

1996-чу а, 1998-чу а, 1999-чу а шерашкахь Дуьненайукъара валютан фондера даккхий ахчанаш кхочура Оьрсийчоьнна. Цо гIо дира пачхьалкхан экономика Iалашйан. Бакъоларйархоша а, Ичкерин векалша а дуккха а дехарш диннашехь, Малхбузен политикаша оцу тIамах "Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх" ду олура. Махбузен пачхьалкхаша деш хIума цахиларна шога критика йора Дудаев Джохара, дагадоуьйту нохчийн йукъараллин гIуллакхдархочо Сулейманов Джамбулата.

Оьрсийчоьно Нохчийчоьнца тIемаш бечу хенахь малхбузено тIехтесира принципаш, цара гIо дира цунна шийлачу тIамехь толам баккха а, Нохчийчуьра геноцидна бIаьргаш хьаббира, аьлла хета Исханов Хьусейнна. Realpolitik (бакъйолу политика . – Билгалдаккхар) аьлла, цIе а тиллина йилбазца бина барт бара и, тахана Украинехь шуьйра тIом хуьлуш.

Нагахь санна, Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх ду аша бахахь, хенан йохалла Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх хир ду Европа а

"И хила йиш йерг дара, хIунда аьлча, малхбузера элитин цхьа дакъа чIогIа доьзна дара Оьрсийчоьнца экономикан планехь, цуьнца йукъаметтигаш йухалистар бизнесна Iаламат лазаме хила тарлора. Пачхьалкхийн кхерамзаллин дуьхьа цхьаъ дан дезара, хIинца оцу тIехула йаккхийн харжаш йан дезна европахойн арми кхолла а, керла тIеман гIирс эца а Оьрсийчоьнан агрессих ларвала. Европана моьттура, Нохчийчоь генахь йу, цигара тIом шайх хьакхалур а бац. Амма, Дудаев Джохара ма-аллара: " Нагахь санна, Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх ду аша бахахь, хенан йохалла Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх хир ду Европа а. Тахана цо боххург хила а хили", - элира Исхановс.

2000-чу шарахь "Дозуш доцчу газето" Нохчийчуьра тIамех Малхбузена хетачух аналитикан артиклехь йаздира: 1994-1996-чу шерашкахь Малхбузен Европан йаккхийчу пачхьалкхаша кхин дош ца олуш тIеийцира федералан эскарш Нохчийчу дигар. Оцу пачхьалкхийн лидерш Ельцин Борисехьа бара, тIеман операци "киранан" йоллушехь, шина а агIор дуккха а нах байиншехь, маьрша инфраструктура хIаллакйинашехь, маьрша бахархой а байиншехь. И дIагайтар хилира, масала, 1995-чу шарахь Толаман парадехь ООН-н инарла секретара, США-н президенто, Британин премьер-министро, Канадин премьер-минитсро, Францин президенто дакъалацарца. 1990-гIа шераш йуккъе девллачу хенахь Малхбузено иштта "тийна" политика лелийра, оцу хенахь сепаратистийн векалшца уьрйша дIатуьйсура цо, амма Москвана цхьана а тайпа Iаткъам ца бора, клнфликт машарца йерзайайтархьама.

Оьрсийн Федерацино Нохчийчохь лелийначу зуламашна Оьрсийчоьнан а, дуьненан йукъараллин а къора хиларо Iадорах дийцира Кавказ.Реалиина, "Нохчийчоьнан хьокъехь Дуьненайукъара трибунал" монографин авторо Дмитриевский Станислава.

Нохчийчохь хиллачу тIамех лаьцна керлачу дешархойн жайни тIехь йаздинчун хьесап деш, Исханов Хьусейна билгалдоккху: хиллачух шайна хетарг хьалхатеттина ца Iаш, Нохчийчохь дина даккхий зуламаш къайладахьа, иштта маьрша нах байинарш, гIело хьегийтинарш кхеле ца ийзабайта а Iалашонца Оьрсийчоьно бечу информацин тIеман цхьа дакъа ду хIара.

"Дера, хIокху агитацин памфлетан авторш харцдерг йаздина Iийр бацара. Амма мел леррина дуьйцу цара фактех дерг, мел хьийзадо шайна луъучу агIор, тIаккха а кхетийла ду: аьшпийн жайна ду и", - элира Сулейманов Джамбулата.

  • 1995-чу шарахь, Нохчйчохь хьалахара тIом марсабаьллачу хенахь, бакъоларйаран "Мемориал" центро тергамчийн комисси вовшахтуьйхира коьртехь "Мемориалан" хьаькам Ковалев Сергей а волуш. Оцу белхан жамIашца аналитикан рапорт арахийцира лецначарна тIехь Iазапаш хьегийтарх а, гIаттамхошлахь хиллий хьовсуш, федералхоша лелийначу "фильтрацих" а. Оццу шарахь Ковалев Сергей а, Орлов Олег а, кхинболу бакъоларйархой а, Пачхьалкхан думин депутаташ а хийцабелира Буденновскехь дIалецначу закъалтхошца. И бахьана долуш дарбанан цIийнера арайалийтира 111 зуда а , бер а.
  • Оьрсийчоьно Нохчийчохь болийна хьалхара тIом бирзира 1996-чу шеран марсхьокху-беттан 30-чохь. Дагестанера Хасав-Йуьртахь куьйгаш йаздира тIом сацочу машаран Бертана. Ткъа 1997-чу шеран стигалкъекъа-беттан 12-чохь Москвахь куьйгаш йаздира Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкерия Республикина а йукъарчу йукъаметтигех. 1996-чу шеран гIуран-баттахь Оьрсийчоьнан эскарш Нохчийчуьра арадевлира.
  • "Мемориалан" а, "Ковалев Сергейн"а тобанийн лараршца, 1994-чу шеран гIуран-баттера 1995-чу шеран зазадокху-баттае кхаччалц Соьлжа-ГIалахь вийна 25 эзарна тIера 29 эзарна тIе кхаччалц гIалин бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG