ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар а хьалдолу Думера депутат банкрот ваьлла


Архангелск кIоштан арбитражан кхело листа долийна «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин цIарах пачхьалкхан Думан депутат волчу Палкин Андрейн банкрот хиларан гIуллакх аьлла, хаамбо ТАСС агенталло. Архангелск кIоштан ял гулъяран хьукмато дийцарехь, 147 миллион сом ду Палкинан гулделла декхар.

Чиллан-баттахь Палкина дехар дира, ша банкрот валар чIагIдар, йолан декхар дIатакхаран хан яхъярхьама. Оьрсийсоьнан Думан депутаташлахь уггар хьолада лоруш ву Палкин Андрей.

2015-чу шарахь цунна хилла пайда цхьа миллиард ах миллиард сом бу. ДекларацитIехь депутата билгалъяхна, шен долара Архангельск кIоштара 56 петар а, Москохара 3, 200 гергга машенаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG