ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бардан Муцураевн "ДжихIадан доьхкина тIемаш" эшар бахьанехь гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочунна


Муцураев Тимур, архивера сурт
Муцураев Тимур, архивера сурт

Нохчийн бардан Муцураев Тимуран "Доьхкина джихадан тIемаш " эшар бахьанехь Нохчийчоьнан Теркйистерчу кIоштан кхело меттигера вахархо экстремистийн материалаш йаржорна бехке лаьрра. "Одноклассникаш" чохь хIоттийначу ФСБ-н белхахошна карийна йолчу постана тIехула гIуда тоьхна Атуев Висханна.

Кхелан сацамца а догIуш, Атуевс шен агIонехь "Доьхкина джихадан тIемаш " эшар хIоттийна – 2013-чу шарахь Курганан гIалин кхелан сацамца экстремистийн лаьрра йу и, Оьрсийчохь йаржо магийна а йац.

"Одноклассники" чуьра агIо талларца а, административан протоколна тIехула а бехкевина Атуев. Цуьнна дуьхьал йаьккхинчу артиклаца а догIуш, цхьа эзарна тIера кхаа эзаре кхачалц гIуда тоха, йа 15 де-буьйса чохь йаккха хан тоха кхерам бара. Кхело уггар кIезга таIзар кхайкхийна цунна.

Оьрсийчохь Муцураевн 30 эшар йу ца магийна. Кхелаша шайн сацамашкахь билгалдоккху, уьш "къаьмнашна йукъахь цабезамаш кхолларна, сепаратизм, терроралла йаржорна хьажийна йу", бохуш.

  • Муцураевн эшаршка ладегIарна Оьрсийчохь гуттара а кхелаш йо социалан машанашкахь, Нохчийчохь а нисло иштта. Чиллан-баттахь Кавказ.Реалиин сайто йаздира, Нохчийчуьрчу Веданан кIоштан кхело гIуда тоьхна Сиржа-Эвларчу Магамадов Асланна, бардан Муцураев Тимуран "Исламан умма" илли бахьана долуш.
  • Муцураев Тимуран "Иерусалим", "Уьш дIабахна" иллешца яьхна видеоклипаш социалан машане хIитторна меттигера йахархо Эскиева Хьалимат бехкейина Нохчийчуьра Веданан кIоштан кхело экстремистийн материалаш йаржийна аьлла.
  • Ставропол-махкарчу Трутновскан кIоштара Деряженцева Викторияна административан протокол хIоттийра полицино, экстремистийн материалаш йаржийна аьлла бехкейина - Муцураев Тимуран "Гелагаевн спецназ", "ШахIидаш" иллешна тIехь йаьхна клипаш йаржорна.
  • Нохчийчуьра Гуьмса гIалин кхело меттигера вахархо Дускуев Ахьмад бехкевира "Одноклассники" социалан машанехь экстремистийн материалаш яржорна. "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли зорбане даьккхинера цо, эзар сом гIуда хьарчийра цунах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG