ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархочунна гIуда тоьхна Муцураевн илли даржорна


Бард Муцураев Тимур
Бард Муцураев Тимур

Ставрополан кIоштан Лермонтов гIалин кхело бехкевина ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархо Кадыкоев Туган экстремистийн материалаш яржийна аьлла. Дуьйцург ду, экстремистийн лерина, федералан тептаре даьккхина нохчийн бардан Муцураев Тимуран илли.

Официалан версица, "ВКонтактерачу" социалан машанехь Кадыкоевс зорбане даьккхина "12 эзар муджахIид" аудиофайл. 2017-чу шарахь Охан-беттан 18-чохь Калининградан кIоштарчу Гусевскан кхело и композици яржор дихкина ду.

Ставрополан кIоштарчу ФСБ-н урхаллина гучудаьлла дуьйцу илли интернетехь мониторинг дIахьочу заманчохь. Бехк тIелаьцна Кадыкоевс. Экстремистийн материалаш яржорах йолчу артиклехь гIуда кхачадора цунна цхьа эзар соьматIера кхаа эзаре гергга, йа 15 дей-буьйсий чохь даккхар. Лермонтов гIаларчу федералан кхелахочо Курдубанов Юрийс ши эзар сом гIуда хьарчийна ГIебарта-Балкхаройчоьнан вахархочух.

  • Кху беттан 28-чохь "Одноклассники" социалан машанахь нохчийн бардан Муцураев Тимуран "ДжихIадан доьхкина тIемаш" илли зорбане даккхарна бехкевира Гуьмса гIалин кхело Нохчийчуьра вахархо Дускуев Ахьмад. Йихкинчу контентах Дускуевна аккаунтехь тергойинера Нохчийчуьрчу ФСБ-н белхахочо. Федералан суьдхочо Дускуев Ахьмадна лаххара таIзар дира - эзар сом гIуда а тухуш.
  • Бард Муцураев Тимур гоьвелира Нохчийчохь къаьсттина тIемаш болчу шерашкахь. Оьрсийн маттахь дIаолура цо шен тIамах лаьцна, тIаьхьо джихIаде кхойкху иллеш. Ша Муцураев а ву федералан эскаршна дуьхьал тIемаш бина, цул тIаьхьа Азербайджане дIавахара иза, ткъа 2008-чу шарахь даймахка юхавеара. Карарчу хенахь бизнес лелош ву иза, иллеш алар дитина цо.
  • Кест-кеста кхелаш йо Оьрсийчохь социалан машанашкахь Муцураевн иллешка ладугIучарна, ишта Нохчийчохь а цхьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG