ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевх лаьцна пост ярна бехкейина хилла Кубанан жигархочун аьтто ца баьлла сацам къовса


Полюдова Дарья

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхело хийцам боцуш битина Москван малхбузерчу гонан ШолгIачу кхелан "Аьрру дуьхьалонан" хьалханчана Полюдова Дарьян хьокъехь бина хилла сацам. "ВКонтактерчу" машанехь Нохчийн республика Ичкерин хьалханчех лаьцна хIоттийна пост бахьанехь бехкейира иза гуш-хезаш экстремизме кхайкхарна а, терроризм бакъярна а.

Цуьнан адвоката Соловьев Леонида Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, кхелан сацамна цхьамогIа бухболуш реза цахиларш ду шайн. Масала, 2019-чу шеран ГIуран-баттахь Москварчу ФСБ-н гIишлонна уллохь герз кхийсинчу "Лубянкера герзхочух" Манюров Евгенийх лаьцна Полюдовас аьллачу къамелаца доьзна ду оцу сацаман экстремистийн дакъа. Адвокато дIахьедора, цуьнан къамел нахалахь даржийна дацара, телефонан камеро дIаяздинехь а, иза цанхьа гIарадаьккхина дац бохуш.

"Комментарий хезнарг цхьа теш Малафеев бен вац. ТIеэцнчу вовзаран процедурин низамаш тидаме а ца оьцуш, экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахоша шена Полюдова тIехь йолу видео гайтича бен ца евзина цунна иза", - боху юриста.

Теракташ кечъеш хиллачу бIаьхон командирах Басаев Шемалах лаьцна аьлларг тIехь долу дIаяздарш лаьрра кхело терроризм бакъйар. Адвоката Соловьев Леонида бахарехь, цуьнан жоьпахочо дIакъоьвлинчу агIонера репост йина хиллера, иза тIечIагIдира тешаш а – VPN-х пайда а оьцуш, йина хиллера репост. Ша постана юккъехь, бехкейиначунна а, адвокатана а хетарехь, Басаев Шемалан терроризман гIуллакхаш бакъдар дац, иштта билгалдаьккхина дац репост Полюдован компьютер тIера йина хилар а.

Къамелдечо билгалдаьккхира, оцу сацамна рогIера латкъам Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьажорг хилар, иштта, тарло Лаккхачу кхелан президиумехь латкъамбар а.

2020-чу шеран Дечкен-баттахь дуьйна Москварчу СИЗО № 6 чохь латтош ю Полюдова Дарья. ХIинца эстремистийн цхьанакхетаралла кхолларца доьзна бехктакхаман гIуллакх ду цунна дуьхьала даьккхина.

  • 2014-чу шарахь махкахь "Кубанан федерализаци ярехьа марш" хIоттон гIертарна экстремизме кхайкхарна бехкебиначех дуьххьарниг яра Полюдова Дарья. 2017-чу шарахь маьрша яьлча цо "Аьрро дуьхьало" вовшахтуьйхира, цул хьалха масех аьрро боламийн жигархо яра иза – КПРФ-нна тIера "Рот-фронте" кхачалц.
  • Оьрсичоьно хаамбина Европан Кхеташоне шаьш организаци юккъера арадовлуш хиларх лаьцна, дийцина Зазадоккху-беттан 15-хь Кхеташонан Парламентан ассамблейн хилла вице-спикера Толстой Пётро. Оцу юккъера иза араяьлча Оьрсийчоьнан бахархойн аьтто хир бац Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле аьрзнаш дан, ткъа Москва декхаре хир яц вер кхачош сацамаш магош ца хилар тидаме эца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG