ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевх лаьцна пост язъярна чуйоьллинчу жигархочо мацалла лаьцна


Полюдова Дарья
Полюдова Дарья

Терроризм а, экстремизм а бакъйина аьлла, колонехь даккха 6 шо хан а тоьхна, чуйоьллинчу Краснодаран махкарчу жигархочо Полюдова Дарьяс мацалла лаьцна, № 6 йолчу талламан изоляторехь латторан шен хьелаш вуно вон хилар бахьана долуш.

Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиига тутмакхан нанас Полюдова Татьянас, кхун, Гезгмашин-беттан 13-чохь шен йоIаца телефонехула къамел динчул тIаьхьа.

"Даша, шен амалца собаре йоI ю, сатухалуш ю, ткъа кхузехь белхар саца ца луш яра. Мацалла лаьцна ша, боху кхубеттан 10-хь дуьйна. Камери чохь массо а хIума лачкъийна шен боху. Наркоманкашна юкъахаийна, буьйсанна мохьбетташ хабарш дуьйцу, мохь хьоькху. Дашас шайга гIовгIа ма яхьара аьлча, царах цхьамма урс хьаккхаза йитина иза. Оцу зудчо я урс, я тукар гойту цунна,кхерамаш туьйсу. Бедарш юьтту хIур (порошок) а цхьаьна, ерриг хIуманаш лечкъа йо" - – яздина Дарьин фейсбукан агIонехь цуьнан нанас.

Кавказ.Реалиига йистхуьулш Полюдова Татьянас дийцина, № 6 йолчу талламан изоляторехь шен йоI 2020-чу шеран Дечкан-баттахь дуьйна латтош хиларх лаьцна. Оцу хена чохь камери чуьрчу лулахочо питана тийсарна цо цкъа мацавлла хьийгира.

"ХIетахь талламан изоляторан куьйгалло ладуьйгIира цо бохучуьнга. Мацалла лацар а бен кхин кеп яц ларъяла, боху Дашас", - билгалдаьккхира тутмакхан нанас.

Карарчу хенахь Полюдова Дарья изоляторехь латтош ю. Иза ладоьгIуш ю, ша чуйоллар хьокъехь бина латкъам листа апелляцин инстанцин кхеташо хиларе.

  • Москван шолгIачу малхбалерчу суьдо бехке лерина "Аьррохьара дуьхьало яр" тобан хьалханча Полюдова Дарья, гуш-хецаш экстремизм лелоре кхайкхамаш барна а, терроризм бакъярна а, Нохчийн респубикан Ичкерин лидерех лаьцна "ВКонтакте пост хIотторна.
  • Терроризм бакъяр лерира кхело Полюдовас тIемалойн командирах Басаев Шемилах лаьцна дина йозанаш.
  • Экстремизмах лаьцна дакъа доьзна ду 2019-чу шарахь ГIуран-баттахь Москвахь ФСБ-н гIишлонна уллехь герз кхоьссинчу Манюров Евгенийс аьллачуьнца.
  • 2014-чу шарахь аьхка Полюдова бехке йинера кхело сепаратизме кхайкхамаш бина аьлла. "Марш за федерализацию Кубани" ян еза боху марш ян дагахь хиллера юкъараллин жигархо.
  • 2017 шу шарахь маьршаяьлчул тIаьхьа Полюдовас кхоьллира "Левое сопротивление" (Аьррохьара дуьхьало яр) тоба. Цул хьалха иза жигархо яра КПРФ партина тIера "Рот-фронтана" тIекхаччалц йолчу масех аьррохьарчу цхьамоггIа боламийн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG