ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн тобанхойн декъашхо ву бохучун гIуллакх кхеле кхачийна


Нохчийчоь, 2000 шо

Герзашца лелийначу бунтехь дакъа а лаьцна, ницкъахошна тIелатарш а дина аьлла, бехкевинчу Раззаков Хафизан гIуллакхехула талламаш бар дерзийна Къилбаседа Кавказан федералан гонашкахула йолчу Талламан комитетан Коьртачу урхалло.

Талламан версица, 2000-чу шарахь Басаевс а, Хаттаба а буьйралла дечу тобанан декъехь хилла ву Раззаков, Зазадокху-беттан 29-чохь Веданан-кIоштарчу Джани-Веданахь бунт айъина, Пермерчу ОМОН-н белхахошна а, Нохчийчуьрчу тIеман комендатурин эскархошна а тIелетта иза.

Оцу хенахь вийна 43 ницкъаллин структурийн белхахо, лазийра бIе сов.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето бечу хаамца, тIелатар динчул тIаьхьа 100 гергга волчу тобанан декъашхочо лачкъийнера эскархойн – Калашниковн 36 автомат а, 13 йоккха топ а, кхоъ снайперан топ а, АГС гранатамет а, церан патармаш а. Цул совнах, дуьхь-дуьхьал тасабеллачу заманчохь йохийна, хIаллакйинера Пермерчу ГУВД-н тIеман техника а, церан кхинболу гIирс а.

  • Мангал-баттахь талламхоша кхеле дIахьажийра Пермерчу ОМОН-н белхахошна 2000-чу шарахь Нохчийчохь тIелатарх ши гIуллакх – Атуов Рашид а, Понарьин Максим а вара тIе бIаьрг хIоьттинарг. Ставрополера схьаваьллачу Понарьин Максимана 2007-чу шарахь велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхнера, 2004-чу шарахь Москварчу метрохь терроран тохарш дина аьлла. 20I7-чу шеран Чиллан-беттан 20-чохь Понарьинна изза таIзар кхайкхийра Псковрчу десантхошна тIелетта аьлла, бехкевина. Псковрчу десантхошна 20I2-чу шарахь тIелатарна бехкевинчу Нохчийчуьра вахархочунна Атуов Рашидана набахтехь даккха 13 шо тоьхнера.
  • Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина хилла, амма амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG