Баймурадова Iайшатан гIуллакхах лаьцна керланиг, нохчийн эскархо кхеле хIоттор, Дагестанера моллас шен зуда йер. Цунах а, и доцчух а лаьцна шуна дуьйцур ду Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Баймурадова йийнарш къаьстина
ГIадужу-баттахь Ереванерчу цхьана хIусамехь йелла карийна, доьзалехь латточу ницкъах йедда хилла Нохчийчуьра Баймурадова Iайшат йерна бехке бо Оьрсийчуьра бахархой – Иминова Карина а, Байсаров Сайд-Хьамзат а. Дийцарехь, иза ву совдегаран Байсаров Русланан вешин кIант.
Хьалхо бинчу хаамашца, "цкъачунна билгалвалазчу стеган цIарах" лелаш хилла уьш. ЙоI йийначул тIаьхьа бакъонашларйархоша а йохура цу шиннан цIераш, зуламна бехке хила тарло бохуш. Ткъа хIинца Эрмалойчоьнан Талламан комитето а цхьаьна билгалдаьккхина и шиъ, йоI йерна бехке ду аьлла хеташ.
Талламхоша иштта дуьйцу, Иминова а, Байсаров а дечкен-баттахь Интерполехула лаца кхайкхийра, амма пачхьалкхан Iедалхоша уьш зуламна бехке хила тарлуш хиларх дIахьедар формалехь дина дацара аьлла. Дечкен-баттахь гIуллакх толлуш гIо дахьара аьлла Оьрсийчоьне дахьийтинчу кехатна Эрмалойчоьнан Iедалхошна жоп ца деара.
Талламан версица, 23 шо долу Баймурадова Iайшат йийна цхьана хIуманца са дукъийна. Иштта цуьнан дегIа тIехь ира хIума йиттина, чу хIоьттина цIий а ду, йуьхьа тIехь цхьацца чевнаш йина таммагIаш ду, цара дегIан дагар хьаладаьккхинчух тера ду боху.
ГIадужу-беттан 15-чохь йайра Баймурадова, шена йевзачу Иминова Кариница цхьанакхета йахначул тIаьхьа. Цу шиннан доттагIалла тасаделлера инстаграмехула.
Бакъонашларйархоша дийцарехь, Каринас шех лаьцна ма-дарра дийцина ца хилла Iайшате, иза Нохчийчохь хилла а йу, махкара цхьацца бахьанашца дIабахначу нахаца цхьанайеттайелла иза, хила тарлуш йу иза, кадыровхошца йоьзна а.
Йийначу Баймурадован дакъа хааделира Ереванехь цхьана петар чохь гIадужу-беттан I9-чохь. ТIаьхьо видеокамераш листича, полицина къаьстира йоI йуьйчу цу буса петар чуьра арадаьлларг ши адам хилар – Иминова а, Нохчийчуьра вахархо Байсаров а. Иза ву хьалхо терроризмана ахчанца гIо латтийна аьлла кхел йина а. Амма 2019-чу шарахь бехказа ваьккхира Байсаров. И ший а Эрмалойчуьра дIадахара Баймурадова йийначул тIаьхьа.
Нохчийн эскархо, совдегар кхеле хIоттор
Машен оьцучу хенахь нуьцкъала ахча даккхарна бехкевина Украинерчу тIамехь дакъалаьцначу Магомадов Сайд-Мохьмадца цхьана кхеле хIоттийна Нохчийчуьра совдегар. И гIуллакх луьстур долуш ду Астраханан кIоштара гарнизонан кхело. Цунах лаьцна тхан редакцина къаьстина Къилбан гонашкарчу кхелан апелляци тIера. Ша лаьцна витар къовса гIоьртинера совдегар.
Шелара бехкевечу бизнесхочуьнца цхьана зуламхойн тобана йукъахь хилла ву эскархо, аьлла ду кехаташ тIехь.
Хетарехь, вуьйцург Магомадов волчух тера ду, иза стохка лахьан-баттахь лецира. Цу шиннан дов Знаменскан тIеман гарнизонан кхело хоттур долуш ду, Шелара бехкевийриг - могIарера стаг велахь а. Шинна а тIе жоьпалла дожийна, цара ахчанаш дахарна. Совдегаран цIе йоккхуш йац бинчу сацамехь.
Украинехь тIом бина волчу Магомадов Сайд-Мохьмадна кхел йеш йу зуламхойн тобана йукъахь ницкъ а беш, баккхийчу барамашкахь ахчанаш дахарна. Дуьйцург ду машен оьцуш харцо лелор. Эскархо къар ца ло, ша боггIу мах берриг а дIабелла бохуш. Магомадов – Грозненскан кIоштара Галне цIе йолчу эвлара вахархо ву. Иштта къаьстина: 2020-чу шарахь дуьйна контракт йина иза тIеман гIуллакх деш хилар, пачхьалкхан совгIат цунна делла хилар а.
Оцу йукъанна, эскарехь гIуллакх динчул тIаьхьа, ше цIа а вирзина, Ростов кӀоштахь деца-ненаца веха нохчийн Дай юьртара схьаваьлла 24 шо долу Эллаев Зубайра а ву бехке веш. Дийцарехь, вовшахтоьхначу зуламан тобана йукъахь нехан хIусам чу а иккхина, тIехь ницкъ а беш, къола дина хилла цо.
Шен зуда йийна Дагестанера молла лаьцна
Шен хIусамненах шеконаш хилла, иза йийна ша аьлла, даредина Дагестанера Казбековн кIоштара вахархо Мирзаханов Магомедали лаьцна. Йийнарг цуьнан шолгIа хIусамнана хилла, бусалба динехь там-мах а бина. Цунах лаьцна хаамбина мехкан кхелахойн зорбанхоша. Ткъа Оьрсийчоьнан низамаша цхьаннал сов зударий балор магош дац.
Талламан хаамашца, дечкен-беттан 13-чохь дина и зулам. Шен хьалха маре йахначохь динчу берашца а, шена динчу, ах шо долчу бераца а иза йехачу хIусаме а веана, дов даьллачу заманчохь са дукъийна, йийна цо иза. Ткъа эвлайистехь лаьттах йоьллина хилла цул тIаьхьа.
Ницкъахошца уьйраш йолчу Mash Gor телеграм-канало чIагIдарехь, бехкевийриг молла ву. Ша зулам динчул тIаьхьа лечкъина Iийна иза ХIинжа-ГIалахь. Йийначу зудчун 35 шо дара, пхи бер дисина цуьнан.
ТIаьххьарчу хенахь шолгIа хилла зулам ду хIара Дагестанехь зуда а йуьйш. Дукха хан йоццуш лецира меттигера кхин цхьа вахархо – Яралиев Ражидин. Иза бехкево, шен хIусамнана Магомедова Мальвина къизаллица йерна.
Оцу йукъанна, хаам хилира БатIлухь Ахьмад цӀарца вевзаш волу динан гӀуллакхдархо Магомадов Ахьмад (Абдулгафуров) маьршаваккхарх лаьцна. Иза дIахоьцург йукъахIоьттина, боху, депутатийн тоба, и депутаташ муьлш бу хоуьйтуш дац.
БатIлухь Ахьмад лаьцнера лахьан-баттахь Москвара аэропортехь. Цул тIаьхьа ХӀинжа-ГӀала а вигина, хеттарш динера цуьнга. Цуьнан адвокато чӀагӀдора, гӀийбат дарна дуьххьара стаг бехкевина гIуллакх ду и аьлла. Ахьмад лаьцна ши кӀира даьлча, цуьнан адвокаташа дIахьедира, наркологан чоьтехь хилла иза аьлла, цуьнан гIуллакха йуккъера кехат муфтиято харцонца кечдина хилла аьлла.
Ахьмадна тIаьхьабовларан бахьана ду, 2024-чу шеран зазадокху-баттахь телеграм-канале цо хIоттийна пост. Цу тIехь иза лийнера муфтийна Абдулаев Ахьмадна.
Зударий кочаихна спортхо ГIалгIайчохь вазвар
Ийначу кепехь латарийн спортхочух, боксхочух Емельяненко Александрах ГIалгIайчоьнан хьакъволу физкультурин белхахо хилла "регионан физкульутра а, спорт а кхиорна, ишта спортхой кечбеш дакъалацарна" а. И деза совгIат луш куьйгйаздина мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iалис.
"Оха мах хадабо хьан къинхьегаман а, спорт кхиорехь ахь лоцучу декъан а. Хьан къахеьгар бахьана долуш дуккха а кегийрхойн дог-ойла кхоллало физкультурица уьйр латто а, лаккхарчу кхиамашка кхача а", - аьлла ГӀалгӀайчоьнан вице-премьеро Евлоев Мохьмада, совгӀат дӀалучу хенахь.
20I5-чу шарахь гезгмашин-баттахь Емельяненкона 4 шой ах шой набахтехь йаккха хан туьйхира, чохь гIуллакх дан йеанчу зудчуьнца эвхьаза вийла гIертарна. Цул тӀаьхьа цхьа шо ах шо даьлча, йисинчу ханна белхаш а бойтуш, маьршаваьккхира спортхо.
Хаамашкахь йаздарехь, цул тIаьхьа йуха а административан жоьпалле озийра Емельяненко, иштта къаьркъа мелла а волуш, некъан бохамехь нисваларна а, Анапехь меллачул тIаьхьа харцахьа леларна а.
Дагадоуьйту, кест-кеста маларх кхетий, харцахьа леларца гIараваьллачу Оьрсийчоьнан ММА-н латархочо Емельяненко Александра дош делира 2020-чу шарахь Нохчийчохь шарахь маларх ца кхета. Нагахь санна, шен дош ца лардахь, Кадыров Рамзана шена совгIатна йеллачу "Мерседесах" вер ву ша аьлла, чIагIо йира. Цу кепара барт бинера цо Нохчийчоьнан вице-премьерца Висмурадов Абузайдаца. Бакъду, дукха хан йалале Емельяненко хаавелира къаьркъа мелла, шен дош лардан ницкъ ца кхаьчначух тера дара цуьнан.
Алаудиновга бераша бина кхайкхам
Украинера тӀеман ветеран хилла "Немцо" ник лелош волу Алексей хилира Владимирерчу лоьмар 22 йолчу школехь. Цигахь цо барам дIабаьхьна хилла, дешархошка Американ байракхна тIе когаш хьоькхуьйтуш, цхьанакхетар дерзош "Ахмат" спецназан командире Алаудинов Аптига кхайкхам байтира: "Оьрсийчоьнан мостагIашна а, доллу зуламечу ницкъашна а тIехь" толам баккха аьлла.
Школан социалан машанашкахь оцу барамах лаьцна хьахийна дац, эскархочуьнца хиллачу цхьанакхетарера йоллу материал Алаудиновс ша зорбане йаьккхина.
ЧIагIдарехь, тIамехь дакъалаьцначо дийцина берашна шен "Ахмат" спецназца хиллачу йукъаметтигех а, шен "тӀеман зеделлачух" а дуьйцуш. Суьрташ тӀехь ткъех дешархо ву эскархочуьнца цхьаьна оцу тIеман декъан байракх лаьцна, лаьтташ. Цхьанакхетарехь даьхначу кхечу суьрташ тIехь дешархой чекхбуьйлу Американ Цхьанатоьхначу Штатийн байракхна а, ВСУ-н тIеман барзакъна а, украинхойн байракхна а тIехула.
Алаудинов Аптис даим а берех пайдаоьцу тIамна а, шен тIеман декъана а, шена а пропаганда йеш, массарна а гуш-хезаш шен дуьйлучу девнашна йуккъехула.
Лахьан-беттан йуьххьехь СПЧ-н декъашхо Ахмедова Маринас ша эргIад йахар дIахаийтира, цхьана ролик тIехь, хетарехь, оьрсех йолчу йоIа "бусалба динан маьIна" долу байт йешарна. Адамийн бакъонаш Iалашйан Нохчийчохь векал винчу Солтаев Мансура гIо даьккхира хIетахь Алаудиновгахьа, Ахмедован дешнашкахь эскарна "дискредитаци" йар хааделлера цунна.