Соьлжа-ГIалахь дIахьочу турнирехь летта, Кадыровн йишин кIанта морожни йен бизнес эцна, ГIалгIайчуьра йедда йоI - цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахоьцучу подкастехь.
Соьлжа-ГIаларчу турнирехь летар
Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу регионийн кегийрхошлахь Соьлж-ГӀалахь дIайаьхьначу маьршачу кепехь латаран турнирехь дуккха а нах йукъа а гIуртуш, летарш нисделла хилла. Матчехь эшначу нохчийн спортхочо Алхоев Турпала тӀелатар дира шен дуьхьалончана - Къилбаседа ХӀирийчуьрчу Ваниев Давидна. Цул тӀаьхьа Алхоевн агIор хилла хьовсархой йукъагӀоьртина хиллера. Спортан латаран Федерацино дӀахьедина, хьеший тIеэцначу агIоно цу кепара питанаш лелор товш дацара аьлла.
Хиллачух лаьцна видео тӀехь гуш ду: Алхоевс латарш дирзинчул тIаьхьа Ваниев дӀатотту, вукхо куьйгийн эшарехь гойту, ша "аравала" кийча ву аьлла, цул тӀаьхьа нохчийн спортхо тIелета толам баьккхинчунна. Цунна орцахвелира масех хьовсархо: цхьаберш тӀелетира хIирийн латархочунна, вуьйш Алхоев дӀаваккха гӀоьртира.
Царна тIехь терго латто хьакъ йолчу комиссино хьесап дийр ду аьлла, дIахьедина пачхьалкхан ТАСС агенталле Оьрсийчоьрнан спортан латархойн федерацин президенто Мамиашвили Михаила. ЦIахь дIахьочу матчехь оцу тайпа ша гайтар цхьана а кепара гIиллакх-оьздангаллица догIуш дац аьлла, билгалдаьккхина цо.
21 шаре гергга хенаш йолчу кегийрхошлахь къийсадаларш дIахьош дара Соьлжа-ГIалахь кху беттан 9-чу дийнахь дIадолийна 12-чу дийне кхаччалц. Финале бовллалц дашо мидалш йехира кеп-кепарчу йозаллехь Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчоуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а спортхоша. Нохчийчоьнан векалш бацара толамаш баьхначарлахь.
Дагадоуьйту, шо хьалха Оренбурган кӀоштахь хиллачу латаран Ерриг а Оьрсийчоьнан къовсамехь Дагестанерчу тренеро хьоштагI чохь йиттинера къоначу спортхочунна, цхьаммо видео тIе дIайаздина а хиллера и сурт. Социалан машанашкахь цунах лаьцна гIарадаьллачул тIаьхьа мехкан спортан министралло дIахьедира, полицино гIуллакх талла долийна аьлла. ТIаьхьо бехкевина тренер дIаваьккхира, кхин цкъа а болх бан бакъо а ца йуьтуш.
Кадыровн йишин кIентан керла бизнес
Оцу йукъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин кIант Закриев Якъуб морожни йечу бизнес йукъа вахна. Кадыровн гергарчу стага куьйгалла дечу "Логика молока" компанно, и йу хьуна тоххара хилла "Данон Россия", эцна Новосибирскера "Полярис" фабрика. Тхан редакцино динчу зерашца, мехкан урхалхочун гонашкарчу наха куьйгалла а деш, фирмин долара 13-гIа завод хуьлу иза.
"Полярис" завод Оьрсийчохь морожни еш йолчу заводех уггаре а йаккхийчу иттаннах цхьаъ йу, стохка 19 эзар тонн продукци арахецна цо. Spark системин зерашца, «Новосибхолод» индустрин юридикех дIайазвинчу стага хаам бира 2024-чу шарахь диъ миллиард ах миллиард гергга ахча даккхарх а, цунах 88 миллион цӀена пайда хиларх а лаьцна. 2023 шеран товбеца-баттахь заводан цӀена активийн мах бара 356 миллион сом. Кадыровн вешин кӀантана хIун мехах йоьхкина и, хууш дац.
"Логика Молока" компанино эцначех 13-гIа индустри хилла Новосибирскера заводах. Йуьхьанца хиллачу активашна йукъахь йара, Украинехь тӀом баккхар бахьана долуш Оьрсийчуьра дӀайаьхьна Danone компанин объекташ. Царна юкъахь йара гергарчу хьесапехь цхьа миллиард евро мах болу 12 завод, уьш йоьхкира инзаре йоккхачу дисконтаца. Номиналехь эцнарг йара ГIезалойчуьра компани, амма дукха хан йалале цо и бизнес дӀайелира Кадыровн нахана.
Закриев Якъуб - Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин Зулайн кIант ву. 2013-чу шерашкахра схьа дуйна пачхьалкхан даржашкахь вара иза, Соьлжа-ГIалин мэр а лаьттира иза. Бизнес лело волавелира Кадыровн йишин кIант Украинехь тIом болийначул тIаьхьа.
ГIалгIайчуьра йедда йоI
Москвахь полисхоша лаьцна доьзалехь бечу ницкъах йедда хилла ГӀалгӀайчура Манькиева Iайнаъ. 21 шо ду цу йоьIан, цул совнах бIаьрса ледара долуш а йу иза, "Марем" кризисан тобанан бакъонашларйархоша бахарехь, жима бер долуш санна, йетташ, баланехь латтош хилла йу и йоI.
Манькиева лаьцна хилар гIараделира кху-беттан 14-чу суьйранна, гергарчара полице хаам бина хиллера, цу йоӀа къола дина аьлла. Цу кепара бух боцу бехкаш дахкар бахьана долуш лоьцура Къилбаседа Кавказера уьдуш долу зудабераш. Масала, SK SOS кризисан тобано бинчу хаамца, нуьцкъала гергарчара цIа йигинчул тIаьхьа йийна хиллачу Сулейманова Седина а дехкира изза бехкаш.
"Марем" тобано чIагIдо, Манькиевас хIуммаъ а цIера лачкъайойла дац: иза йеддера 2025-чу шеран охан-баттахь, цуьнгахь шеца ур-атталла паспорт а дацара, бохуш, дуьйцу цара. Цул совнах, бакъонашларйархоша билгалдоккху, иза цIера йедда бархI бутт баьллачул тIаьхьа хааделла гергарчарна, цо къола дина хилар. "И бакъ хуьлийла дац", - дIахьедина кризисан тобанехь болх бечара.
Нагахь санна Москварчу полицино Манькиева даймахка йухаерзайахь, иза "гуттаренна а дIайарна" кхоьру бакъонашларъярхой. Цара йаздо, йоьӀан денцӀахь хилла дахар «бакъдолу ирча хьал дара». Гергарчара даим а сийсазйеш, йетташ, бала хьегийтар бахьана долуш Iайнаъ вон цомгаш химлла хиллера, бархI баттахь чуьра ара ца йолуш Iийна а хиллера.
"Марема" иштта билгалдоккху, Манькиеван гергарнаш ГӀалгӀайчохь Ӏаткъамечу батIалхьажойх хилар, ткъа цара зударшца Iаламат чIогIа шогалла лелайо.
"БатIалхьажоша зудабераш сунтдо",- билгалдаьккхина кризисан тобано. Цара чIагIдо, йеддачун дас иштта къизаллаш лелош хилар цуьнан вукху йижаршца а цхьаьна. "Марем" кризисан тобано зорбанехь йаржийна, ша цIера дIайахначул тIаьхьа Манькиевас дIайазйина хилла видео.
Эрмалойчохь йийна, хьалхо доьзалехь бечу ницкъах махкара йедда хилла нохчийн йоI Баймурадова Iайшат хIинца а дIайоьллина йоций гучуделира кху кIиранах.
ГIуран-баттахь Эрмалойчоьнан Ӏедалша Баймурадован гергарчаьрга хаам бахьийтина хиллера, цуьнан дакъа дӀадолла аьлла, амма цаьргара жоп кхаьчна дац, боху хIинца а.
"SK SOS" кризисан тобанан куьйгалхочо Истеев Давида бахарехь, хьаькамаш цхьана хIуманах ийзалуш бу Iайшатан дакъа доттагIашка а, бакъонашларйархоша дIа ца луш, иза дIайоллийта. Цо бахарехь, нагахь санна гергарчара дакъа дӀа ца эцахь, низамо тӀедуьллу иза Эрмалойчохь "вала да воцу дакъа" санна дӀайоллар.
Арашуковна кхин а хан тоьхна
Оренбурган кӀоштарчу уггаре а лакхарчу кхерамазаллин таӀзаран колонехь кхаьънаш эцарна кхин а 10 шо хан туьйхи сенатор хиллачу Арашуков Рауфна. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратуро. Талламчаша а, кхело а бинчу хаамца, 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь цо 6 миллион сом кхаъ лур бу аьлла хилла набахтин белхахочунна, дисциплинаран жоьпалле ша ца озавайта а, хIора баттахь шен доьзалца цхьанакхета пурба лург а, доза доцуш оьшург гергарчаьрга шена чу кховдайойтург а, ишта ша билггалваьккхина волу тутмакх ша волчу камери чу сехьавоккхург а. Арашуковн адвокатан оцу ахчанах ах бен дIакхачо аьтто ца баьлла. ТаIзар латточу федералан хьукматан белхахочо д1ахаийтина хилла кхаьънаш эца гӀортарх лаьцна.
Арашуковна 120 миллион соьмана гӀуда тоьхна кхело. Оцу гIуллакхна бехевина йукъаозийна цуьнан хилла адвокат а.
Бехкзуламан гӀуллакх доладале жимма хьалха Арашуковс инстаграмехь гечдар дийхира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане "шен массо а гӀалаташна", шена а, шен доьзална а "таханлерчу хьолехь" гӀо дар дийхира цо ишта.
2022-чу шарахь Кхарачой-Чергазийчуьрчу экс-сенаторна а, цуьнан дена Арашуков Раулна а велла дӀаваллалц набахтехь йаккха хенаш туьйхира. И шиъ бехкевира нах байъарна а, зуламхойн тоба вовшахтохарна а, газ лачкъорна а. Шиммо а тIе ца дуьту дохку бехкаш.