ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Baza: футболистана Канчельскисна кхерам тесна Кадыровн юххерчу "авторитета"


 Канчельскис Андрей
Канчельскис Андрей

Оьрсийчоьнан мехкан тобанан а, ингалсан ""Манчестер Юнайтед" кулабан а хиллачу футболистана Канчельскис Андрейна ницкъ бийр бу аьлла кхерам тесна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан юххерачу криминалан авторитетан Дукузов Казбекан цIарах, хаам бо "Эхо Кавказа" сайта, Baza телеграм-каналана тIе а тевжаш. Оцу зорбан гIирсо балабо Канчельскиса Москварчу полице бинчу латкъаман цхьаболу чулацам.

Лахьан-беттан 22-хь экс-футболист хIумакхоллуш хилла кафехь. Цу чуеъна 4 стагах лаьтта тоба. Царах цхьамма, Канчельскисна улле охьа а хиъна, хаьттина, Узбекистанехь тренер болх бина-м вац хьо аьлла.

Шина шарахь Узбекистанерчу Наманган гIаларчу "Новбахор" футболан тобан тренер хиллачу Канчельскис иза тIечIагIдеж жоп делла. Канчельскис цигара дIавахнера шена 1,6 миллион доллар барамехь догIуш долу алапа схьацаделча, дов а даьлла (Канчельскиса лехам чубеллера дуьненаюкъарчу футболан ассоциаце (FIFA), оцу гIуллакхехь толам баьккхира цо. - Ред. билг.).

Цул тIаьхьа вевзаш воцчу оцу стага реза хила аьлла хилла Канчельскисга, 80 эзар доллар схьа а эцна, и гIуллакх дIадерзо, ца хилахь ша заьIапхо вийр ву аьлла, хиллачу футболистана а, тренерна а кхерам а тосуш.

Оцу стага иштта, "телефон тоха хIокхуьнга" аьлла, кехатан цуьрг кховдийна Канчельскисе, тIе язйина телефонан номер а йолуш, "Казбек Дукузов" аьлла цIе а йолуш.

Канчельскиса телефон ца тоьхна, амма цхьа хан яьлча, цуьнга телефон тоьхна цхьана стага, ша Дукузов ву аьлла. Цхьаьнакхетийта, бохуш хилла телефон тоьхнарг, тIакхха Канчельскис полици вахна.

"Новбахор" футболан клубан векалша дIахьедина шаьш оцу хиллачуьнан декъа дац аьлла клубо, Канчельскисна 1,6 млн доллар дIало аьлла FIFA-н сацамна шаьш Лозаннерчу спортан арбитражан суьде официалан латкъам бина хилар а хоуьйтуш.

Шен агIор Канчельскис Андрейс тIечIагIдина ша полице кехат яздина хилар, и информаци зорбан гIирсашка кхачарна ша цецваьлла хилар а хоуьйтуш. "Кхеташ дац муха болх беш ю вайн органаш. Тамашийна вовшахтохаралла ю иза", - дIахьедина хиллачу футболиста Sports.ru сайтана ша еллачу интервьюхь.

  • Канчельскис Андрей Европехь уггар бевзаш болчу Оьрсийчуьрчу футболитстех цхьаъ ву. СССР йоьхначул тIаьхьа (оцу хенахь Канчельскис ловзуш вара Донецкерчу "Шахтерехь". -Ред.билг.) футболист дIавахара Британе. Цигахь "Манчестер Юнайтед" клубехь иза левзира еъа сезонехь, тобанехь лидерех цхьаъ вара иза, шозза ингалсан Премьер-Лигехь толам а баьккхира цо шен накъосташца цхьана. ТIаьхьо Канчельскис левзира ингалсан "Эвертонехь" а, Италерчу "Фиорентинехь" а, шотладин "Рейнджерсехь" а. Шен Европерчу клубашкарчу карьерехь цо дакъалаьцна 300 сов матчехь, 80 сов буьрка кевнашна чу а тухуш. 2004-чу шарахь ловзархо цIавирзира Оьрсийчу.
  • Криминалан авторитета Дукузов Казбека, Туркойчоьнан къоман талламехь болчу хаамашца, вовшахтоьхна лаххара а 4 стаг вер, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан лппонет вер. Масийтта стаг вен а гIоьртина иза Истанбулехь. 2004-чу шарахь Дукузов бехке веш вара Москвахь Forbes журналан оьрсийн версин коьрта редактор Хлебников Пол вер хьокъехь толлучу бехктакхаман гIуллакхехула. Талламо ларара и зулам динарг ву Дукузов, амма бехккъасторхойн кхело бехках хьалхавитира иза, цул тIаьхьа Дукузов дIавахара Оьрсийчуьра. ТIаьхьо Лаккхарчу кхело юхабаьккхира иза цIанвеш бина кхелан сацам, иза лохуш хилар кхайкхийра Iедалша. 2015-чу шарахь зорбан гIирсаш хаам бира, Дукузов кхечу фамилица лечкъина ву Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь, ткъа 2016-чу шарахь аьхка иза Нохчийчу цIавахна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG