ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехк шайн бу? ГIалгIайчоьнан бахархойх кхоалгIа дакъа ду болх боцуш


Бахархошна рицкъ кIезиг кхочу а, белхазалла лакхара йолу а регион ю ГIалгIайчоь – 30% гергга бу цигахь ахча даккха меттигаш лоьху нах. Кхушара шаьш белхазалла лахйина, белхаш латточу совдегаршна субсидеш ло, дIахьедина республикан Iедало. Иза доцуш, ерриг а Оьрсийчохь ахчанаш ду луш хала бохкучу доьзалшна – коммуналан декхарш тIерадахийта ло иза. Амма кхузарчу бахархошка и ахча а дац дIакхочуш.

Орден а ю-кх орден

Дзахкиев Макшарипа, дуккха а берийн дас – пачхьалкхан президента ша елла цунна "Ден-Ненан сий - 2016" орден – видео дIаязйина, Iедало бан кхачийна аьттонаш шега дIакхачош бац, аьлла.

Дзахкиевс бахарехь, къинхьегаман министралло юкъаяьккхина рицкъан минимум тоьаш боцчу доьзалшна гIоден программа. Шаьш-шайна болх бечу совдегаршна а, къен бохкучу нахе шайгга шайна белхан меттиг дIахIоттаяйта а ло ахча.

"Цигахь соьга элира, шаьш социалан контракт а хIоттадой, 250 эзар сом ло ша цхьамма къахьоьгучу совдегарна, 100 эзар сом – шаьш-шайна болх нисбинчунна. Амма со белхаш лучу хьукмате кехаташ дIадала вахча, соьга айса-сайна болх бинарг санна дIаязло, элира. Амма со совдегар-индивидуал ву, ас 45 эзар сом ял охьаюьллу пачхьалкханна шарахь!" – Дуьйцу Дзахкиевс.

Со Москвахь пикет хIотто дагахь вара, амма кхара суна Инаркъехь латта делира

Дзахкиевна хетарехь, иза ша шенна болх нисбинарг санна дIаязвина Iедло дала кхачийна ахча лахдархьама. 2016-чу шарахь дуьйна ву иза хьаькамашца къовсамашкахь, гIерта цаьрга дукха бераш долчу доьзалшна бан богIу аьттонаш байта.

"Со кхачаза меттиг ца йисина – прокуратура, омбудсмен…Массанхьахула чекхваьлла, кехаташ кхехьийтина массо а инстанцешка, президентан администрацин биста кхаччалц. Со стохка Москвахь, президентан администрацин цIенна хьалха, пикет хIотто дагахь вара, амма кхара суна Инаркъехь латта делира, иза ас аьхкина, хIинца Iаьн ялта дIаден дагахь ву", - боху Дзахкиевс.

2021 шеран 16-чу дийнахь бахархошна социалан гIо латточу МаьлгIабекан кIоштан хьукматан клиентийн декъо хаам баийтина Дзахкиевга, цуьнца лелла контракт ша дIахадийна аьлла. Декъан куьйгалхочо Саутиев ИбрахIима буха куьг яздинчу кехато бахарехь, 2021-чу шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь Дзахкиевца социалан адаптаци ярна тIехьажийна долу контракт хIоттийна, цо Iедало шега делла латта лелор долуш, цундела иза декхаре ву профессионалан кепехь ял лучийн могIара хIотта, аьлла. Документца а догIуш, Дзахкиев сихха йолан урхалле дIа ца язлахь, цуьнца хIоттийна долу контракт хадор ду социалан белхахоша.

Кавказ.Реалиин корреспондентца хиллачу къамелехь Саутиев ИбрахIима Дзахкиев вира доллучунн а бехке.

"Цуьнца социалан контракт хIоттийна, амма цо чу ца делла оьшу документаш. Иза цо дина хиллехь, оха цхьа а проблема а йоцуш, дIалур дара цунна догIу ахча", - элира хьукматан куьйгалхочо.

Амма иза реза вац иштачу сацамна. Цо бахарехь, иза вахана ял дIаоьцучу урхалле, цигахь цуьнга аьлла, цунна тоьаш ю ша-шена къахьоьгучу совдегаран статус, кхин документаш вовшахдетта хьашт дац.

Дзахкиев хIинца кечлуш ву Пятигорске а вахана, цигахь президентан Къилбаседа Кавказерчу векалтан хIусамна хьалха пикете хIотта, оцу хьокъехь Пятигорскан мэре хаам а бахьийтина цо.

"Пикете валарца ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа Кавказан а куьйгаллашна дIагайта лаьа суна къинхьегаман министралло дукха бераш долчу доьзалшна дискриминаци еш юйла. Тхайниг санна болчу доьзалшца социалан контракташ хIитто ца лаьа министраллина, иза доцуш, оцу министраллехь коррупци лелийла а лаьа суна хаийта", - боху Дзахкиевс.

"Бехк вовшашна тIе а тоьттуш"

"Хьалха коммуналан хьашташна а, хIусам лелон а ахча даларан кеп атта яра, яйъинчу тоьках кехат дIагойтура, 50% дIалора, хIинца халчу хьоле яьккхина и кеп. ХIинца хьо кхаа баттанна ахча дIадала декхарево, Iедало льготаш юхало хIора баттахь. ДIа ца луш хан юкъайоьллехь, автомат кепехь соцу ахча дIаэцар. Оцу хийцамо дукха декхарш хьарчадо тIе", - дуьйцу Кавказ.Реалиига ГIалгIайчоьнан вахархочо Евлоев Мохьмада.

ХIинца хьо кхаа баттанна ахча дIадала декхарево, Iедало льготаш юхало хIора баттахь

Цо дийцарехь, 2020-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь болийна и хийцамаш, лелинарг ду бюджетна экономи яр. Евлоев Мохьмад – репрессеш лайначу вахархочун кIант ву. Низамо иштачу категорина 50% лахйо Iедална луш йолу ял, амма масех бутт бу иза шена юхадогIу ахча дIадоьхуш лела. МаьлгIабекерчу социалан урхаллин хьукматехь цуьнга эриг цхьаъ ду: финансийн министралло схьа ца даийтина ахча. Амма иза муьлххачу а хьукмате вахча, жоп луш, бехке шаьш дац, кхин хьукматаш ю, олу: къинхьегаман министралло энергетикийн министралла йо бехке, ткъа финансийн министралло – къинхьегаман министралле.

"Со цхьаьнхьа а ца вахана арз эцна, эконимикаца доьзна ду олу Iедало социалан гIоьнан хьокъехь арахецна сацам. Суна я ноьмар а ца ло, оцу сацаман хьокъехь кхин цхьа а информаци а ца ло. Оцу сацамо баха а боху, декхар хьуна тIехь кхиинехь, компенсаци сацош ю, амма дац ахча хьалххе дIадала деза аьлла", - дуьйцу Евлоев Мохьмада.

Цунна хетарехь, и керланиг юкъадаьккхина бахархошна Iай тIехьарча коммуналан ахча 5-6 эзар соьме хьаладоьдуш хиларна, ткъа алапаш дац махкахь 15-20 эзар сом бен. Мохьмада бахарехь, цуьнан юьртахь дуккха а бу и саннарш, цундела даима а нехан рагI лаьтта МаьлгIабекарчу социалан гIоьнан хьукматехь.

ГIоьнан урхаллехь жоп ца делира Кавказ.Реалиино комментари яр доьхуш хьажийначу кехатна дуьхьал.

***

Яхначу аьхка Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дехар хьажийна ГIалгIайчохь халчу хьелашкахь, къоьллехь бехачу нохчийн мухIажарша. 2015-чу шарахь шайн лаамехь беха меттиг хийца дезначу нехан хьашташ тегонехь латтор шена тIера даьккхина пачхьалкхо.

Оцу юкъанна ГIалгIайчоь 2020-чу шеран хьалхарчу декъан жамIашца кхаьчна Оьрсийчоьнан бюджетера алсам ахча оьцучу 10 регионан декъа. Махко йина харжаш меттахиттийна бюджетере 87%.

Коьрта теманаш

XS
SM
MD
LG