ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бехке яц? Аун Сан Су Чжина тIехьерчийна а, цунна тIекхоьллина а долу къинош


Махкахь карчам хиллачул тIаьхьа Аун Сан Су Чжи-н агIончийн в Мьянмин Мандалай гIалахь хилла демонстраци. ГIуран-беттан 15-гIа, 2021 шо
Махкахь карчам хиллачул тIаьхьа Аун Сан Су Чжи-н агIончийн в Мьянмин Мандалай гIалахь хилла демонстраци. ГIуран-беттан 15-гIа, 2021 шо

2021 шеран Чиллан-беттан 1-чу дийнахь тIеман карчамца даржах йохийна йолу Нобелан машаран совгIатан лауреат, Мьянмехь лидер Iийна 76 шо кхаьчна Аун Сан Су Чжи 4 шарна набахте хьажийна тахана мехкан коьртачу шахьарахь Нейпьидо гIалахь къевлинчу хьелашкахь йирзинчу кхело. Шен лехамашкахь ехачу Малхбузено, хуьлуш ма-хиллар, тIех тидаме ца оьцуш чекхбалийтина и хилам – иза дозу, дагтIера Аун Сан Су Чжи йожар доцуш, Мьянмерчу тIеман хунте безам бацарца а.

Аун Сан Су Чжи хIинца бехкейийриг ду COVID-I9 пандемин хьелашкахь санитаран дехкарш лар цадар а, "магош боцу зIенан гIирс" цо лелор а (цуьнан цIийнах хьовсуш карийна радио-кепехь хаамаш дIасало гIирс).

Аун Сан Су Чжи Мьянман коьртехь йолуш даьккхина сурт
Аун Сан Су Чжи Мьянман коьртехь йолуш даьккхина сурт

Ши шо гергга ду иза лаьцна, шен цIера араяла ца магош кхобу, яц цуьнан дуьнеца зIе, ткъа тIеман кхелаша юха-юха а етта хенаш, 2–3–4 шераш – таIзарш, сов луьра дацахь а, IаьIаш ду.

Су Чжи ю 12 бехктакхаман гIуллакхна кIел, маршонах иза хедочу хенийн хьесап дича, I00 шаре кхаччалц хьалаюза мега етта хенаш. ТIекхоьхьу зудчунна кеп-кепара къинош, уьш цхьа инзаре а хеза дукха хьолехь: "магош боцу зIенан гIирс" лелор, "кхерам а, сингаттам а наханна тIетасар", "къайлаха палтийсарца зуламаш дар".

Цунна 2021 шеран Дечкен-беттан 6-чохь, 4 шо хан а кхайкхош (и хан тIахьо, лахйина, 2 шаре охьаялийра), къевлинчу хьелашкахь йинчу кхело цунна бехкедира "нах къепедацаршка озор" а, хIинца а санна, эпидемиологин хьелаш талхор а. Нах къепедацаршка озор" – иза цо Мьянмехь тIеман карчам иккхича, хунта къобал цаяр доьхуш, шен "Демократехьа йолу къоман лига" партин цIарах арахьарчу мехкийн векалшка кехаташ дIасахьийсийна хилар ду хIинцалерчу Iедална гергахь. Иштта делахь а, цкъачунна Су Чжи шен цIахь кхобу, тIе ха а хIоттийна.

Тамаше ду Аун Сан Су Чжи оцу таIзаршка яхар тIаьххьарчу хенахь дуьненан юкъаралло тидамза дуьтуш хилар – дагалаца деза масех шо хьалха Мьянмехь лаьтта Iазап массара а далхош лелор, зуда-политик даима а дуьненан тидамехь яьхна хилар. Нобелан лауреата рохинджа къома тIехь геноцид латтор бакъдеш дуккха а тоьшаллаш гучудовлар ду цуьнан бахьана.

Рохинджаш бу Мьянмица доза долчу бусалба Бангладеше дехьа бовла гIерташ. 10Гезг2017
Рохинджаш бу Мьянмица доза долчу бусалба Бангладеше дехьа бовла гIерташ. 10Гезг2017

Аун Сан Су Чжи, Бирмин компарти кхоьллинчу къоман турпалан Аун Санан йоI, политикан тутмакх лаьттина, 1991 шеран Нобелан машаран премин лауреат, Iедалехь хиллачу партин лидер, Мьянмехь (Бирма хилларг) политикан баьчча лаьттира инарлас Мин Аун Хлайна карчам эккхийтталц йолчу хена чохь – 2016-2021 шерашкахь.

Шенна къастийна статус яра цуьнан – пачхьалкхан хьлхара хьехамча, аьлча а, премьер-министран дарж (арахьара гражданалла долуш иза яьхна хиларца доьзна бакъо яцара цуьнан президентан харжамашкахь кандидат хила. Аун Сан Су Чжи, ша марехь хилла ингалсан Тибет-таллархо, буддизман историк Эйрим Михаэльс а санна, Британин яхархо яра хьалха.

Аун Сан Су Чжи хьалха а йолуш, 2011 шарахь демокртин хийцамаш буьйлабаллалц Мьянма инарлин куьйга кIел яра. Оцу маьIнехь шатайпа пачхьалкх ю Мьянма, иза кхоллаялар а дозу цигахь иттанаш шерашкахь Iедалехь Iийначу эскархошца, цара мукъабаьккхира Британех бозуш хилла мохк. Инарлаш шаьш лору Мьянмин маршонан, низмаллин охIланаш, цаьргахьа ю пачхьалкхехь 2008 шарахь юкъаяьккхина конституци а.

Аун Сан Су Чжи "уллера доттагI" ю Малхбалерчу дуккха а лидерийн, цара иза лору низамехь тIаьххьара хаьржина Мьянмин куьйгалхо. Цара дуккхаза а баьхна иза лаьцначуьра мукъаяккха еза, амма яц иза хIинца царна турпалхо, дац иза хьалхалера хIайкал адамийн бакъонш тергалъечу хьукматашна а.

Рохинжда къам хIаллакдечу муьрехь Аун Сан Су Чжи йист ца хуьлуш Iаро йожийна цуьнан еза цIе, дуьнентIерачу демократин жигархоша Осло петициа а тIехь хьажийра, доьхура цуьнгара Нобелан лауреатан цIе дIаяккхар. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин лерринчу комиссино шен дIахьедаршкахь билгалдаьккхира, 2017–2020 шерашкахь лидер лаьттина Аун Сан Су Чжи коьртехь йолчу Iедало къобал а деш, эскарша хьийзабо Аракан штатехь рохинджеш, къайлакхоьхьу геноцидах йолу информаци, аьлла. Бохура, Аун Сан Су Чжис "шегарчу даржах, шен авторитетах пайда а оьцуш, цхьа а гIулч ца яьккхина Араканера бахархой гIелонех хьалхабаха".

Ткъа ша Аун Сан Су Чжи юьстахйолура шен къамелашкахь, дуьненаюкъарчу цхьанакхетаршкахь рохинджа хьахочу теманах. Цкъа эккхийтира цо, ша журналисташа хеттарш деш ца йитича: "Схьагайта суна адамийн бакъонаш хьоьшуш йоцу цхьа пачхьалкх!"

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хилла Обама Барка а, Аун Сан Су Чжи а. Янгон, 19Лахь2012
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хилла Обама Барка а, Аун Сан Су Чжи а. Янгон, 19Лахь2012

Хаа пайден информаци ю хIара: стохка Британехь, Американ Цхьаьнтоьхначу Штаташкахь беха иттаннаш рохинджа-мухIажарш кхеле бевлира Facebook корпарацера 150 миллион ахча доьхуш. Цара бехкейира машанийн долахо цо Аун Сан Су Чжи коьртехь лаьттинчу Iедало а, цул тIаьхьа эскархойн хунто а рохинджа къомах мел дуьйцу вониг дIасадаржорна. Facebook шен "аудитори кхиош хьийза, цо цундела шен машанехула дIасаяржаечу дезинформацино, экстремизмо бала бохь дуьненна", бохура арздинчара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG