ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажаройчоьне дIалуш ву Беларусехь 25 шарахь ваьхна стаг. ДецIахь иза вен тарло


Керла хан (Настоящее Время)

Кест-кеста хеза Беларусино мухIажирш махкара арабаьхна олий. 29 шарахь шен лаьтта тIехь ваьхна азербайджанхо Мамедгусейнов Сеймур, беларусхочун паспортах а ваьккхина, шен даймахка дIахьажош ю Минск. Дукха хан йоццуш, шаьш-шайна тIе куьйгаш а даьхьина, Гомелан кIоштахь велла махкара араваккхарна кхеравелла Оьрсийчохь орамаш болу ши стаг.

ГIажарочун Джамшидиянан дахар цкъачунна кхачадалаза ду – чекхдала тарло, нагахь санна Минско иза шен махкара аратасахь. Цунах хиндолчух кхоьру бакъоларъярхой – амма дац дан гIо.

Маршо Радион Беларусерчу декъо бехха балхийна гIажарочуьнгара бала.

Джамшидиян МехIрдад Беларусе веана 1993-чу шарахь. Бизнес лелийна цо цигахь хIинццалц. Зуда а ялийна меттигерчу къомах. Доьзал а хенцна цигахь. 2011-чу шарахь ваьлла керста дине.

Джамшидиянан "бехк"

2012-чу шарахь ТехIерано тIедожийна Беларусна МехIрдад шен каравала. Цуьнан нана а, ваша ИсмаьIал а вийна ГIажаройчохь. Иза вина бехке.

МехIрдада ша Беларусехь вара бохам хилча, боху. Тоьшалла даладо аэропортехь чу-аравалар билгалдеш паспорта тIе тоьхначу мухIаршца. Цу тIе, иза бехке ванне а вац боху Беларусе кехат даийтинчу МехIрдадан вашас а, вийначу вукху вешин йоIа а. Кехата тIехь цара яздо, "Баьццара революци" партин декъашхо вара кхелхина ваша, политикан бух болуш дина шайна и зулам.

ГIажаройчоьнна а, Беларусна а ца хилла динчу тоьшаллех тоам.

..Ткъа дин хийцарна ГIажаройчохь МехIрдадна дендолу таIзар-м ду шеко а йоцуш ирча. 2011-чу шарахь бусалба дин хийцар луьрачу бехктакхаме даьккхина ТехIерано.

Документаш

Юьхьанцарчу шерашкахь Беларусехь шен даймахкарчу паспортца ваьхна гIажаро – хенан йохалла регистрацеш а еш. Я цуьнан а, я цуьнан зудчун а Беларусехь долара хIусам яцарна, нахехь мехах баьхна, цундела чуязбала меттиг йоцуш бисина доьзал. 2016-чу шарахь кхачийна МехIрдадан ГIажарийчуьрчу паспортан хан. Ткъа воьдийла дацара цунна Минскерчу ГIажарийчоьнан векалте – цигахь керла проблемаш яра дуьхьалйовла кийчча лаьтташ. Беларусо а ца елла бухахьвиса бакъо.

Кехаташца ледара хьал хиларе терра, официалехь болх бан бакъо цкъа а ца хилла Джамшидиянан – хенера вийлина наха шайна дечу гIуллакхах лучу ахчанца.

Инфаркт

Джамшидиян массийттаза лаьцна. ГIажаройчоьне дIавала. Стохка аьхка лаьцна латтийра иза. Изоляторехь валлочу хенахь инфаркт хилира, элира Маршо Радиога цуьнан зудчо Еленас.

Деа дийнахь реанимацехь а кхаьбна, юхавалийра иза изоляторе. ХIетахь дуьйна валлаво цигахь, гойтуш вац я берашна а, я зудчунна а, цуьнагрчу хьолах лоций хоуьйту цаьрга адвокато.

Ши кIира хьалха мигрантех жоп лучу милицин декъо аьлла доьзале, МехIрдад кестта ГIажарийчу дIахьажош ву.

"Тхо гIорасиз ду"

Гажарийчоьно Интерполе велла хилла Джамшидиян. Беларусерчу адвокатийн аьтто баьлла иза зуламхойн тептаршкара дIаваккхийта. Амма ца хийцина шен сацам ГIажаройчоьно.

Стохка гурахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташоно дихкина Беларусна Джамшидиянна депорт ян, хаийтина цунна децIахь чалтачаш дуьхьалбовла тарлуш дуйла.

Amnesty International а ю Джамшидиянехьа

Эзар сов наха куьг яздина гIажаро махкахь витар доьхуш дипломатийн хьукмате а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а яздинчу кехата тIе. Джамшидиян вуьйр ву ТехIерано, ма хьарчаде цуьнан цIий шайна тIе, доьху шайн мехкан Iедале беларусаша.

Амма шийла ю дечу дехарех юьсу тIаьхьало. "Джамшидиян Мехрдад тхоьга Iалаш ца ванвели, иза араваккха сацамбина, тхан гIора ца тоьи…" – боху Беларусерчу бакъоларъярхоша шаьш деношкахь даржийначу дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG