Польшин Iедалхоша сацам бина, Беларусица дозанехь 2,5 метар лекха дуьхьало ян. Оршотан дийнахь бина цунах лаьцна хаам Польшин тIеман министро Блащак Мариуша. Ишта цо бахарехь, дозанхошна гIоьнна кхин тIе а эскархой узур болуш бу дозане.
ТIаьххьарчу кIиранашкахь чуоьху мухIажарш алсамбовларца доьзна Варшавехь йоху гIулчаш ю уьш. Бу уьш, Белорусин Польшица долу доза а хадош, Евросоюзехь тховкIело еха лаамца схьагIерта Иракъан а, Гергарчу Малхбален а, Азин а бахархой
Варшавина а, цуьнан Евросоюзехула болчу партнерашна а хетарехь, официалан Минск бехке ю, бакъо йоцуш мигранташ чуэхийтарна, Лукашенко Александран режим емал ечу шайн лулахошна хьовзам баккхархьама.
Хьалхо хаамашкахь дуьйцура, 900 гергга полшхойн эскархой хIинцале а дIахьовсийна дозанна гергарчу кIошташка бохуш.
Иштта Iалашо ю 50 ца кхоччуш Польшин бакъоларъяран органийн белхахой кхин а хьалха дукха чубаьржинчу мухIажаршца Iоттаеллачу Литвана гIо дан хьовсон.
Польшин дозанхойн хьукматан зерашца, 2020-чу шарахь дозанехь лаьцна 122 легалехь воцу мигрант, ткъа 2021-ра шо карадеачхьана бу уьш 800.
Литвахь и терахьаш кхин а лакхара ду.