ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белла я байъина? Нохчийчу юхахьажийна цигахь хIалалкбинчу дагестанхойх долу дов


Нохчийчуьра Лакхара кхел
Нохчийчуьра Лакхара кхел

Ницкъаша шайн махка диверсеш ян кхача воллура аьлла, Нохчийчуьрчу полисхоша 2016 шарахь вийна бархI дагестанхо бехкевеш Соьлжа-ГIалахь кхайкхийна хилла сацам юхабаьккхина Сочерчу кхоалгIачу аппеляцин кхело. Адвоката Сабинин Андрейс тоьшаллаш далийна сацам тIеоьцуш Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело шегара дуккха а гIалаташ дийлийтина хилар, эшамхиллачара а, талламан тешаша а ден дареш экспертизашца догIуш дацар гойтуш. Дов юхатоллур ду Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело.

Бехкебийраш бу Дагестанерчу Хасу-Юьртара Госенов Госен, цхьана фамилейш йогIу шиъ – Камил а, Шемал а ДжамалутдиновгIар, Клычев Клыч, Магомедов Ислам, Махаев Пахрутдин, Узденов Гашим. Гергарчара чагIдарехь, и нах вовшашна евзаш хилла а йоцу ши тоба ю. Амма 2016 шеран ГIадужу-беттан 9-чу буса уьш байъинчул тIахьа дIахьедина, цара Нохчийчохь герзаца дуьхьало йира, аьлла.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин версица, Гезлой-Юьртаний, Энгал-Эвланий юккъехь ВАЗ-2107 а, ВАЗ-2114 машенаш, таллархьама, сацо гIиртина полисхой, амма боьлхучара маса тоьпаш етта йолийна, кхоьссина граната а. Виъ Iедалхо лазийна, ткъа тIелеттарш а, машенаш а хIаллакйина – ший а машен яьгна, ткъа ВАЗ-2107 лаьтташ карийна капот харцхьа а яьккхина. Декъий даьгна. Цундела ДНК-экспетиза эшна уьш довза.

Ницкъхоша чIагIдарехь, тIеман баьччин Демильханов Iелин тобанехь хилла байъинарш, бохкуш хилла Нохчийчохь диверсин-терроран тохарш дан. Федералан хаамийн гIирсаша, полицин официалерчу информацина тIе а тевжаш даржийра, байъинчарна юкъахь Демильханов а хилла, аьлла.

"Вийча" а леш воцу амир

Де тIехIоьттича, 2016 шеран ГIадужу-беттан 9-чохь, Кадыров Рамзана дехха дийцира леринчу операцех лаьцна: тIемалойн гIера масех батахь гIиртина диверсеш ян, Гезгмашин баттахь боьлхучу Пачхьалкхан Думин харжамийн дйинахь а тIехь, амма тIемалой махка бахка гIертийла хууш болчу ницкъхоша кIело кечйина, аьтто баьлла уьш хIаллакбан. Байъинчарна юкъахь ву федаралан лехамехь волу Демильханов а, элира политика.

"Шайн синош ца кхоош дуьхьал а бевлла [низаман урхллин белахаша], иттанаш маьрша нах бойъучуьра хьалхабаьхна, зуламхойн аьллар хиллехь, зенаш хир дара даккхий. Низаман урхаллашкарчу белхахоша гайтина шаьш турпалхой санна", – бохура Кадыровс, операцин декъшхошна совгIаташ лур дуйла а хоуьйтуш.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь, баларш довзийтар доцург, цхьа а бакъдерг карош дац нохчийн къоман маршонан дуьхьа летачу нахах лаьцна

Ала дашна, Гелдаганара волчу 38 шо кхаьчначу, "Нохчийчоьнан шерачу аренийн амир" волчу Демильханов Iела Шарпудиевичах лаьцна кIезиг ду яздина. Дукхахболу хаамаш бу ницкъхошкара – иза верах лаьцна. 2012 шарахь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дийцира, Соьлжа-ГIаларчу Октябрскан кIоштахь "Военторг" туькан чу боьлхуш, шайгарчу оьккху коьчалица ларамза лилхинчех цхьаъ ву иза, Демильханов, аьлла. Амма 2015 шарахь иза лаца гIоьртина Хасу-Юьртахь, ткъа цо ши полисхо лазийна, ша ведда, яздора.

Кадыровс 2016 шеран ГIадужу-баттахь "хIаллаквина" бохуш вийцина Демильханов хиллачух тера ду 2017 шеран Гезгмашин-баттахь Курск-мехкахь Оьрсийчоьнан-Украинан доза а хадийна, дIаваханарг.

"Оьрсийчоьнан лехамийн базанашкахула "тIемалой" аьлла лоьху и нохчий Ичкерин маршонан бIаьхой хилла. Инзаре хIума ду Оьрсийчохь шех "Нохчийчоьнан шера аренан амир" олуш волчу Демильхановн вада аьтто балар, амма иза иштта хилар таллалуш дац, хIунда аьлча, нохчаша маршонехьа дIахьош болу къийсам Оьрсийчохь даима а аьшнашка боккху, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь, баларш довзийтар доцург, цхьа а бакъдерг карош дац нохчийн къоман маршонан дуьхьа летачу нахах лаьцна. Цу тIе, 2016 шарахь Оьрсийчоьнан пропагандо вийналоруш вара Демильханов, амма хIинца иза дийна хилар а, цуьнан вада аьтто балар а бакъдина", – яздора Украинан журналиста Бутусов Юрийс.

Нах кхечу меттехь байъина?

"2016 шеран ГIадужу-беттан 8-чохь Гезлой-Юьртаний, Энгал-Эвланий юккъехула боьдучу новкъахь хилларг довзийтина бехк тIехьочу агIоно, тоьшаллаш ду эшамхиллачаьргара а, юьстахарчу тешашкара а, ницкъхошкара а, амма и дерриг а харцдо бехктакхаман гIуллакхан документашкарчу тоьшаллаша", – боху адвоката Сабинин Андрейс.

Масала, яьгначу машенашна гонах шозза хьовсуш карийна II маса тоьпара кхоьссина 5,45 миллиметр калибран 178 патарман ботт, кхечу пхеа герзаца кхоьссина карийна 57 патармин еса ботт. Иккхинчу тIематасадаларехь цкъаазза а ца евлла полисхойн Эльмурзаевн, Долгуевн, Джамалдаевн маса тоьпаш, боху экспертизо, ткъа оцу наха дареш дина, шаьш а диттира герз машенашна тIе, аьлла.

"Хууш дац оцу меттехь карийна патармийн баттарчий кхийсинчу ворхI маса тоьпах хилларг. Цхьана а экспертизо ца хоуьйту уьш хьена хилла, талламан документашкахь хьахош а яц уьш. Хууш дац уьш хьангахь хилла а. Ткъа цара хоуьйту кхин а ворхI стаг цигахь хиллийла. Эшамхиллачара а, тешаша а аьшпаш буьттуш нисло, "тIематасадаларехь" кхин а 7 стаг хилла, цара 132 патарма кхоьссина", – чIагIдо юриста.

Тешаша шайга динчу хеттаршна жоьпаш луш, дийцина, хьалха яьлла йоьдург ВАЗ-2107 машен а яра, герз доккхачу декъанна цунна а диттира, аьлла. Амма шолгIачу машенца карийна 7,62 а, 9 а миллиметр калибран герзо даккхина II3 Iуьрг, ткъа хьалхарчунна ца даьккхина 23 Iуьрг бен. Полисхоша дареш делла, шаьш оцу калибран герзаш диттина а дац, аьлла. Цара шаьш маса тоьпаш лаьтта а бийшина диттира. шайна дуьхьал герз кхетарна кхоьруш, боху, амма экспертизо гойту маса тоьпаш 0,8- 1,5 метр лакхара йиттинийла, Iуьргш ду машенийн тхевнаш тIехь а.

"Кхузахь хаало бехкебечийн машенашна герзаш шозза диттина хилар. Дуьххьара – кхечу меттехь (буьйцучу аренца боьдучу некъа тIехь яц ВАЗ- 2114 машенна диттина бохучу 7,62 а, 9 мм а калибран герзан патармийн баттарчий) ", – билгалдоккху Сабинина.

БархIаннехь ялх маса топ яра боху – герз доцуш хилла нисло цхьаберш, амма ницкъхошна тIелатарна цхьабосса бехкебина массо а

Полисхойн УАЗ машенан аьтту агIор дагардина герзо даьккхина 8 Iуьрг, 27-35 градус юьстахара даьхна уьш, цунна тIе герз диттина 1,6 метр хиллал лакхара охьа. Амма оццул лакхара герз доьттийла дац Оьрсийчохь ечу машенаш чуьра.

Хеттарш ду бехкебечара РГД-5 граната кхоьссира бохучуьнга а. Эшам хиллачу полисхочо Сальмурзаевс тоьшалла дина и иккхира шений ВАЗ-2107 машенний юккъехь масех метр а йолуш, аьлла, амма машена тIехь яц гранатин гаьргийн цхьана кепара лар. Корта а лазош, некхах гериг а кхеташ эшам хиллачу полисхочун Малаевн духар цхьа а зен хилла дац – дац иза я датIийна а, я граната иккхича цхьа ахимин лар тIехь йолуш а. Ткъа талламан версица, граната иккхича дIакхоьссина, юьхь-марш хьалха а йолуш, тиларчуьра ваьлла иза.

Бехкебечийн жоьпалла дац билгалдьккхина, хIоранна шен-шена тIедаьхьна. БархIаннехь ялх маса топ яра боху – герз доцуш хилла нисло цхьаберш, амма ницкъхошна тIелатарна цхьабосса бехкебина массо а.

Iожаллин эскадронаш

Экспертизан сацамо бахарехь, бехкебийраш байъина меттиг Гезлой-Юьртаний, Энгал-Эвланий юкъарчу аренан новкъаца яц (официалан версица ца догIу иза. – Ред.) – стенгахь ю тIаккха? Гергарчара чIагIдарехь, уьш бовдийна хиламал масех де хьалха, кхечу меттехь байъина хила тарло, тIематасадалар оьккху кеп хIоттийна.

2016 шеран Гезгмашин-беттан 28-чохь Каспийске цемент эца вахханчуьра лачкъийна Магомедов Ислам, Махаев Пахрудин, Узданов Гашим, ДжамалутдиновгIарех цхьаъ – Шемал а. Уьш тишачу "Газелца" хилла. Сагатделлачу гергарчара ХIинжа-ГIалин Советан кIоштан полице хаам а бина доьзалхой баран хьокъехь. Церан смартфонаш зийча, хиина уьш Гезгмашин-беттан 28-чохь ХIинжа-ГIалахь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин экстремизманна дуьхьалоечу центрна гена боццуш буйла.

ГIаджу-беттан 4-чохь Хасу-Юьртарчу машенаш тоечу станцехь лачкъийна Клычев Клыч, Госенов Госен, ДжамалутдиновгIар – Камил а, Шемал а. Станцин белхахоша дийцарехь, еъначу Iаьржачу Toyota Land Cruiser 100 машенахь дIавигина виъ жимстаг.

Байначу нехан гергарнаш иттаннашкахь гулбелла ХIинжа-ГIаларчу центре шолгIачу дийнахь, жоп дехна Iедале. Уьш дIасалахка гIоьртина полици, амма цаьрца къамел дан араваьлла Дагестанан вице-премьер Джафаров Рамазан. Полицино даредина, кегийнах шегахь бац аьлла, гергарчара аьрзнаш чуделла Талламан комитете. Официалехь тIемаасадалар хила де дуьсуш, ГIадужу-беттан 7-чохь бехктакхаман гIуллакх диллина ворхI стаг лачкъорца доьзна.

Гуьмсан кIоштан аренца лаьттачу некъа тIехь инцидент эккха кIира дуьсуш бакъонашларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьно арахьарчу агентийн реестре язйина "Мемориал", амма иза цуьнца реза яц. Инарла Прокуратура Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехула д]Iакъовлийта гIерта и цхьаьнакхетаралла. – Ред.) яздира: Гезгмашин-баттахь цхьа ирча нах лечкъор нисделла Дагестанехь а, Нохчийчохь а. Гергарчийн шеко яц уьш ницкъаллин структураша бигина хиларх. Оцу нахах лаххара а кхоъ вийна хила тарло, тIаьхьо уьш тIемалой бара, цара дуьхьало йира алархьама.

Нах лечкъийнарш туьтмIаьжигашкахь, герзашца хилла, Iедалан ницкъхой санна хьийзина шаш кегийнах лоьцуш

Оцу заманахь Нохчийчохь шайх "Iожаллин эскадронаш" олу ницкъхойн тобанаш марсаевллера, цара вовшашца уьйр йолу кегийнах лоьцура, цхьа хан яьлча, уьш байъина, олура, герзаца духьалоярна.

Кхузахь а иштта нисделла – бархIаннах пхиъ Дагестанерчу экстремизмана дуьхьалоечу центрехь дIаязвина вара "динан-экстремизман "ваххабизмера" боламхой санна, аьлла, яхначу хенаца а далош, кехаташ кечдина Iедалхоша.

Москва а, Страсбурге а кхаьчна

" Нах лечкъийнарш Iедалан агенташ бу, уьш, тIематасадаларан кеп а хIоттийна, байъина лерринчу операцехь, чIагIдо гергарчара. Нах бовдийначийн а, церан машенийн а битамаш шина кеп-кепарчу эпизодашкахь тера ю маьI-маьIIерчу тешаша бахарехь. Нах лечкъийнарш туьтмIаьжигашкахь, герзашца хилла, Iедалан ницкъхой санна хьийзина шаш кегийнах лоьцуш", – боху Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьажийначу орзо.

2017 шо юккъе даллалц гергарчарна ца магийна бехктакхаман гуллакхан документаш довзийта, ткъа тIаьхьа а ца гайтина царех доккхах дакъа - талламчина дуьхьал кхеле аьрзнаш дан дезна нехан.

2020 шеран Зазадоккху-беттан 10-чохь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело дIакъевлина Госенова Госен, Камил а, Шемал а ДжамалутдиновгIар, Клычев Клыч, Магомедов Ислам, Махаев Пахрутдин, Узданов Гашим низамаш лардечу хьукматхошна тIелатарх, цара герзаш лелорах долу дов – уьш баларца доьзна. 2020 шеран Товбецан-беттан 14-чохь Сочерчу кхоалгIачу аппеляцин кхело сацам хийцам боцуш битина, амма ГIадужу-баттахь пачхьалкхерчу Лакхарчу кхело юхабаьккхина аппеляцин сацам, ткъа гIуллакх хьажийна юхаталла. Деношкахь кхоалгIа аппеляцин кхел къерахилла адвокатийн дарешца, юхабаьккхина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан сацам, дов Соьлжа-ГIала юхахьажийна.

Оццу юкъанна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело тIеэцна листа, дагестанхой бовдор Оьрсийчоьно эвсаралла йоцуш теллина хилар билгал а доккхуш.

Оьрсийчуьрчу адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдоккху, тIемалой бу аьлла лецнарш дукха хьолехь кхелашка аьрзнаш деш хилар – таллам дIахьош шайгара етташ харц тоьшаллаш даьхна, олу цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG