ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бен дац, хьанна лийча а". Бевзаш болчу илланчийн концерташ дIайоху Кавказехь


Иллиалархо Марвин Миша
Иллиалархо Марвин Миша

Къилбаседа-ХIирийчохь йукъараллин цхьанакхетараллаша Iаткъам а бина, украинхойн иллиалархочун Марвин Мишан концерт дIайаьккхина – жигархошна ца тайна, Оьрсийчоьно болийначу тIеман хьокъехь цуьнан йолу ойланаш. ТIаьхьо Пятигорскехь мэро "хьехначул тIаьхьа" Instasamka рэп-лакхархочун концерт дIайаьккхира. Сочехь а ца хилийтира цуьнан концерт, иштта Краснодарехь а дIайаккха мега иза. Муьлхачу бух тIехь беш бу ишта сацамаш, теллина Кавказ.Реалиин журналисто.

"Инстаграм-сонталла"

Зазадоккху-беттан 25-хь хила йезаш йолу 33 шо долчу Марвин Машан концерт ма хилийта аьлла Къилбаседа ХIирийчоьнан премьер-министре Джанаев Борисе дехар дина "йукъараллин цхьанатохараллин векалша", дуьйцу пачхьалкхан ТАСС агенталлин хаамехь.

"ЧП Осетия" телеграм-каналехь арахецна "йукъараллин "Единение" тобано" куьг йаздина Джанаевга хьажийна кехат. Регионерчу зорбанашкахь цунах лаьцна дуьйцуш дац, инстаграмерчу агIонехь – 25 пост йу цо лелочуьца йоьзна йоцучу теманашца.

"Республикан урхалле дIахьедарал сов, Къилбаседа ХIирийчоьнан Талламан комитете а, прокуратуре а девлла тхо, - дийцира Кавказ.Реалиин сайте цхьанакхетараллин хьалханчас Амбалова Светланас. – Вайн пачхьалкхана, цуьнан политикина а критика йеш волу стаг вайгахь тIелаца а, ахча даккхийта а ца деза".

Цо тIетоьхна, илли олуш волчу стеган "бакъо йу Украинехьа хила а, Оьрсийчоьнна дуьхьал хила а, амма оха аьтто лур бац [цунна] шина гIанта тIехь хиина Iан, иштта пурба лур дац мостагIашкахьа ваьллачунна тхуна а, тхан берашна а тIехь ахча даккха".

Иштта вон кегийрхой бац вайн, пачхьалкх йу иза уьш кхиорехула къа ца хьоьгург

Марвин Мишан баккъала йолу цIе Решетняк Михаил йу. Украинан вахархо ву иза, амма 2013-чу шарахь дуьйна илли аларан болх Оьрсийчохь дIахьош вара иза, Black Star лейблаца лелаш. ТIом болабелча Марвин шен даймахка дIавахара, амма масех бутт баьлча йухавирзира, шен концерташ а йолийра.

ХIирийн "йукъараллин тобано" кхайкхам бича, Mercada Group-на долахь йолчу "Торне" ресторанан афишера дIайелира концертан анонс. Кавказ.Реалиин редакцино телефон йеттарх, социалан машанашкахь кехаташ йаздарх, жоп ца делира цара.

Ша Марвина а ца йира шен концерт сацорна комментари, тIаккха цуьнан шен цIе Настя йу аьлла йолу цуьнан пиар-менеджер дуьхьал хилира Кавказ.Реалиин корреспондентаца кхъамелдан, шена хеттарш гиначул тIаьхьа.

Амма иллиалархочун агIонехь хаам бо, цо Москвахь гIуран-баттахь ша цхьаъ волуш концерт дIайаьхьна аьлла. ТIейогIу концерт Оьрсийчоьнан арахьа хир йу аьлла дIакхайкхийна – чиллан-беттан 14-хь хила йезаш йу иза.

"РогIера инстаграм-сонталла йу вайна гуш йерг, аса цунах аишта олу, - дийцина шена хетарг Кавказ.Реалиин редакцига Къилбаседа ХIирийчуьрчу журналиста Тотров Руслана. – Цигахь Марвино тIамах тIом алар, йа цо украинхойн эскарна гIо дар а дац коьрта бахьана, хIирийн инстаграм-пайдаэцархошна бен дац хьанна лийча а. ХIинца Марвин каравеана царна, тIейогIучу хенахь – кхин а цхьа эвхьаза лела зударий, йуха – "сирачу бесан 50 амат" кино.

Тотровс бахарехь, наха шайн синхаам Машанехь охьабуьйцу, тIаккха цунах рогIера зен хуьлу.

"Нийса дуй Украинина тIехIоьттина аьлла, йа тIамах тIом аларна концерташ сецор? Суна ца хета. Оцу концертана билеташ оьцуш, ахча дохка лууш нах балахь, бахийтахь уьш цига. Суна хетарехь, и йерриг концерташ сецор – иза, цхьаболчу наха ма-аллара, ма-йарра хайп йу", - тешна ву Тотров.

"Скрепийн йукъаралла"

Ши де даьлча Ставрополан махкахь дIайаьккхира Пятигорскехь зазадоккху-беттан 15-хь хила йезаш йолу Тюменехь йина йолчу реп-лакхархочун Instasamka-н концерт – иза 22 шо долчу Зотеева Дарьяс шен тиллина псевдоним йу.

Зотеева Дарья, 2020-чу шарера сурт
Зотеева Дарья, 2020-чу шарера сурт

Цул хьалха Пятигорскан мэро Ворошилов Дмитрийс шен телеграм-каналехь йаздира, концерт кечйеш болчу нахана "хьехна" ша иза ца хIоттор, хIунда аьлча, цо бахарехь, "гIалин а, мехкан а бахархойн негативе реакци кхоьллина цо". Цул сов, иллиалархочун цIе а йоккхуш билгалдаьккхина мэро, "хьекъалца вихкина волчу стага бен хоржура йац оцу кепара псевдоним".

Концерт хIотто йезаш хиллачу ДК "София" долахоша Кавказ.Реалиин редакцина ца дийцира концерт дIайаккхаран бахьанаш.

"Цхьанна хIуманна комментари йан ца лаьа суна, - элира корреспонденте цигарчу директоро. ДIайаьккхина-кх. Йиш йалахь, бахьанаш ца дуьйцу вай. Билеташ дIадоьхкина, ахча массарна а дIалур ду оха".

Хьалхо Зотеевин концерт дIайаккхар тIедожийнера Iедалехьа волчу Нохчийчуьрчу жигархочо Гучигов Сайпуддис. Социалан машанашкахь корреспондентана жоп ца делира цо. И стаг векала волчу "Империн тIаьхьало" аьлла цхьанатохаралло а тидам боцуш дитира редакцин хеттарш.

"Союзан координацин Кхеташоно къобалйо тхан накъостан, "Тхан цIа Соьлжа-ГIала" цхьанатохараллин куьйгалхочун С. Гучиговн инициатива, иза йу "Империн тIаьхьало" олучу Кхеташонна йукъайогIуш", - дIахьедира цхьанакхетараллин координацин кхеташонан хьалханчас Решетников Леонида.

"Дуьхьал йолу йукъаралла" бахьана а дина концерташ сецор дукха хенахь дуьйна доладелла. Масала, дайначу шарахь Киркоров Филиппан концерт ца мегийра, хIунда аьлча, илли алархо бехкевира, цо сцени тIехь шайтIийн базар хIоттайо бохуш: цо эвхьазчу кепехь жаIар лелайо, керстийн дин сийсаздеш, иштта кхин а", - дийцина Кавказ.Реалиин редакцига шен цIе ма йаккха аьллчу Ставрополерчу жигархочо.

Iедална шаьш муьтIахь хилар гайта лууш хьакъдоцу нах бу шаьш "рогIерчу ламасташна" хадеш хилар гайта гIерташ

Цо бахарехь, концерташ сецоран коьрта бахьана ду Ставрополехь жигара "скрепийн йукъаралла" кхоллайелла хилар.

"Церан гергахь Малхбузе – зулам ду, ламасташка йухадерзар доьху цара. Уьш хIинца цхьамма а ца хьебо, ур-атталла ийзало царах. Суна хетарехь, концерт кечйеш волучунна тIеIаткъам бина, хетарехь, казакийн агIоно, уьш а бу православин а, паччахьаллин а хадархой хила лууш лелаш. И "къоман резабацарш" хьалха а хуьлура, амма тидам ца бора царна, амма дайначу шарахь дуьйна кхин а ницкъ кхаьчна цаьрга, хIунда аьлча, и берриг "йукъаралхой" СВО-н (иштта олу оьрсийн Iедало Украинерчу тIамах. – Ред. билг.) жигара агIончаш бу, оьрсийн дуьне шех олучуьнан. ХIинца цаьрга ладоьгIу, юридикан бухца дIайаха йиш йоцурш а дIайоху", - дерзадо къамелдечо.

Шайх тера воцучунна дуьхьал хьагI-гамо лелор гучудолу нахехь, Оьрсийчохь и хIума кхуьуш догIуш ду, боху Ставрополерчу рогионалан "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Зубенко Виталийс.

"Цхьаволучунна гейш ца беза, вукхарна – экстраваганте лела илланчаш, царна хетарехь, цара "нийса ца локху". Iедална и меттигаш керйо, тIаккха "адамашна лерина" дехкарш до. Оцу хенахь адамаша шайн белхазаллица, лакхарчу мехашца а доьзна долу резабацарш, эмоцеш арахоьцу", - тешна ву Зубенко.

Политикна хетарехь, Instasamkа илланчас лоькхуш йолу ахчанийн культах, сакъерарх, хьолан дахарх лаьцна эшарш наханна тайна, хIунда аьлча, пачхьалкхо дешар, Iилма, культура кхиош цахиларна, тIаккха кегийрхоша оцу бахьанашца гучуйаьлла йаьсса меттигаш дIайузу.

"Вуьшта аьлча, вон кегийрхой бац вайн, пачхьалкх йу иза уьш кхиорехула къа ца хьоьгург", - аьлла хета къамелдечунна. Цуьнан дешнашца, оцу кепара концерташ сецор кхин а дIадахлур ду.

"Iедална шаьш муьтIахь хилар гайта лууш хьакъдоцу нах бу шаьш "рогIерчу ламасташна" хадеш хилар гайта гIерташ. Шайн эпатаже леларца Iедале кхача гIерта уьш, шайна тIе тидам а бахийтина. Iедална уллерчу боламашкахь дакъалацарца социалан лифт хилийта гIерта уьш. И ца хилча, церан кхин хьуьнарш дан а дац, кхоччуш инженераш, хьехархой, юристаш санна кхиамаш ца дахало цаьрга", - ойла йо Зубенкос.

Краснодарехь зазадоккху-беттан 16-хь хир йу аьлла йолу Зотеевин концерт дIайаккха аьлларг вара мозгIар Игнатов Александр. "Ша-шега безам бахна", "эвхьазалла" йаржош блогер йу аьлла бехкебаьккхина цо.

Цуьнан кхайкхамна тIе тидам бахийтина Краснодаран мэро Наумов Евгенийс. Аппаратан кхеташонехь цо тIедиллина, "пхьармотт а, кегийрхой эвхьаза бахар а" дуй талла аьлла, дуьйцу "Коммерсанта".

Концерт хIоттийна хила йезаш йолу "Кроп Арена" дуьхьал хилира Кавказ.Реалиина комментари йала, и барам кечбийраш шаьш бац аьлла тIе а тухуш. Instasamka-н пиар-директоро Столяров Михаила а жоп ца делира шега комментари йехча.

Хьалхо, "Коммерсанто" бахарехь, Зотеевас видеокхайкхамехь дош делира, йерриг концерташ пхьармотт ца буьйцуш дIахьура йу аьлла. Оьрсийчоьнан къилбехь (Краснодарехь, Сочехь сецийнарш йоцурш) Волгоградехь а хир йу аьлла дIакхайкхийна концерт. Амма чиллан-беттан 1-хь Зотеевин концерт Курскехь сацийра.

…кхинаш а

Instasamka-н концерташ сецо гIиртира хьалха а. Ши шо хьалха, цо Воллгоградехь илли олучу хенахь, пачхьалкхан думан депутата Латратова Янас латкъам бира рэп-алархочунна Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, амма хьукматна бахьанаш ца керийра и ца маго.

Instasamka-н концерт ма магийта аьлла инициатива гайтина волчу жигархочо Гучиговс 2022-чу шеран аьхка дIахьедира, Нохчийчохь "Эвхьазаллина дуьхьал йолу комитет" кхолла планаш хиларх, цо "луьстур ду, муьлхачу артистийн бакъо йу Къалбаседа Кавказехь концерташ йан". Цо бахарехь, ца магийначу нехан тептарехь хила беза Панин Алексей, Моргенштерн, Киркоров Филипп, Бузова Ольга, Моисеев Борис, Шура, Шнуров Сергей, Зверев Сергей, Джигурда, Солнцев Гоген, иштта "цхьатерра гендер йолчу наханна йукъахь безамна пропаганда йеш йолу телеканалаш а".

Амма оцу "комитетах" лаьцна зорбанашкахь хIетахь дуьйна ца хезира.

Амма 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь Гучиговс кхачам а боцуш доьхура Ставрополехь Агутин Леонидан а, Кока Клавин а концерташ ма хилийта бохуш. "Украинера лерринчу операцина критика йарна" бехкевора цо Агутин, тIаккха Кока Клава – "эвхьаза леларна" Владивостокерчу килсана хьалха. Ставрополера кегийрхой "эвхьазабаха" кхерам бу цо бохура.

Дечкен-беттан 31-хь Кубанерчу казакийн эскаран шен цIе ца йаьккхина волчу векало дийхира, Краснодарехь Ревва Александран концерт ма хилийта аьлла – иллиалархорчун тIамна дуьхьал хьежамаш хиларна.

2018-чу шарахь ХIинжа-ГIалахь Крид Егоран концерт ца хилийтира, цуьнан зурма "ламасташца йогIуш йац" аьлла хеттера цхьаболчу меттигерчу бахархошна. Иллиалархочунна кхерамаш туьйсура. Оцу бахьанца машанашкахь жима дов хилира концерт дIайаккхар "кхераме чов йац" аьлла волчу Нурмагомедов Хьабибана а, Кридна тIехIоьттина волчу реперна Тиматина а йуккъехь.

ТIаьххьаре а UFC-н экс-толамчас Крид а, Тимати а сийсазвира, цара шайн "дешнашна жоп лур ду" элира. Довхой машаре балийра хIетахь Нохчийчоьнан куьйгалхолчо Кадыров Рамзана, бохура, ший а шен "ваша" машаре веана, "девнан жIомгIа" латте а дерзош".

Оцу скандална тIехула шен Дагестанера концерт сацийра Элджейс, цуьнан зурма а лерира республикехь "ламасташца ца йогIуш". ТIаккха регионехь концерт хIотто дуьхьал хилира Михайлов Стас а – "тешаме доцучу хьолаца" доьзна.

  • Оьрсийчоь буьззинчу барамехь Украине чугIоьртиначул тIаьхьа, диллина тIамна дуьхьал болчу иллиалархойн концерташ ца маго йолийра йерриг пачхьалкхехула. И тIенисделира, масала, Макаревич Андрейна, Шевчук Юрийна, Монеточкина, "Би-2" тобанна, Миладзе Валерий а декхаре хилира шен концерташ сецо – Дубайрчу концертехь "Слава Украине" аьллачу лозунгана "Героем слава" аьлла цо жоп даларна.
  • Амма диллина тIом къобалбеш волчу оьрсийн иллиалархочун Газманов Олегана кху шеран дечкен-баттахь оьрсийн бюджетера 17 миллион сом делира патриотийн проект кхочушйан. Цуьнан концерташка Оьрсийчоьнан къилбехь нуьцкъаха дIагулбо дешархой а, студенташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG