ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Беран хенахь дIайигинера иза Шема: терроризмана бехке йечу ГIалгIайчуьра йахархочух дийцар


Шеман къилбера Аль-ХIол куьпара лоьрашна тIекхача рогIехь альтташ йу Оьрсийчуьра йахархо шен бераца, 2019 шеран лахьан-беттан 14-гIа. Гайтаман сурт
Шеман къилбера Аль-ХIол куьпара лоьрашна тIекхача рогIехь альтташ йу Оьрсийчуьра йахархо шен бераца, 2019 шеран лахьан-беттан 14-гIа. Гайтаман сурт

Террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца йоьзна йу аьлла бехкейина 22 шо долу ГIалгIайчуьра йахархо Гатагажева Лайлаъ. Талламан версица, шен 15 шо долчу хенахь дуьйна Шемара тIемалошна йуург кечйеш хилла цо, дарба деш хилла, ахча а латтийна. Оцу йукъанна Гатагажеван адвокато дIахьедина, Оьрсийчуьра бер долчу хенахь дIайигина йу иза, ткъа Шемахь лоллехь йаллийна аьлла. Бехке йечун гергарчуьнца зIе таса аьтто хилира Кавказ.Реалиин корреспондентан, цо дийцира цунах лаьцна ма-дарра.

Гатагажева Лайлаан нана шен вешица а, цуьнан доьзалца а, шен деа бераца а ГIалгIайчуьра Шема дIайахара 2014-чу шарахь. Лайлаан ненананас Садакиева Лизхана дийцарехь, уьш массо а Iадийнера цо динчо.

"Тхоьга цара аьлла хIума дацара. Цхьана хазачу дийнахь шайга телефон дIайеттарх жоп ца лора цара. Сан хIусамда катоьхна ГIалгIайчуьра Майкопе вахара, цу хенахь цигахь бехаш бара уьш. Церан лулахоша аьллера, сийсара буса уьш дIабахна, шайн бераш а дуьгуш аьлла. ТIаьхьо тхоьца зIене бевлира уьш, хаийтира Шема дин Iамо дIадахна шаьш аьлла", - дагалоьцу Лизхана.

Лайлаан 13 шо долчу хенахь, нуьцкъаша маре йелира иза. Шен 14 шо долуш дуьххьара бер дира цо, 15 шо кхаьчча - шолгIа

Йуьхьанца зуда царех тешнера. Цул тIаьхьа хIусамех хийса а, хеттарш дан а буьйлабелира ницкъахой. Цхьана дийнахь полисхойн декъе тIекхайкхира иза, йеха маж йолчу стеган сурт гайтинера: "ТIеман гIирсах воьттина вара иза. Миллион нахана йукъахь суна девзар дара цуьнан бIаьргаш – сан кIант вара иза. Чуьра са дIадаьлла, полицин декъехь охьайуьйжира со", - дагалоьцу къамел дечо.

Лайлаан 13 шо кхаьчча, бертаза маре йелира иза, кхин дIа а дуьйцу Лизхана: " Шен 14 шо долуш дуьххьара бер дира цо, 15 шо кхаьчча - шолгIа. ГIад дайначу хьелашкахь бехаш хиллера уьш: къоьллехь, цхьана а тайпа оьшу хьелаш а доцуш. Шен цIийнда башха гуш а ца хиллера цунна – иза тIом беш вара".

Гатагажеван хIусамда вийра 2017-чу шарахь, цул тIаьхьа меттахь йисинера цуьнан марнана. Ши бер карахь а долуш хиллачу Лайлаан дийзира и лело а, боху Лизхана. Цо дийцарехь, "жоьжахатихь санна" йехаш хилла Гатагажева Лайлахь: мацаллина буц къехкош, бершаца цхьаьна цуьнан мутт моьлуш хиллера цо. ЙоьIан ненанас чIагIдо, шен йоьIан йоьIан тIейуха хIума а йацара, йа лоьрашкара гIо а ца хуьлура, "четарийн гIала" а, къоьлла а, бакъоцахилар а бен дацара цуьнан бохуш.

Оццу шарахь 16 шо долу Лайлахь "кхин дан амал ца хилла" луларчу Иракъан Iедалхойн карайахара, цаьргара гIо деха, боху Лизхана: "Цхьана дийнахь телефон йийки – Лайлаъ йара иза. Иракъера набахтехь йу ша элира цо. Йуха а вон хиллера суна".

Гатагажевас дийцинера, кIелйисинчу шен марнанна 15 шо хан тоьхнера – тIаьхьо лаьцначохь кхелхира иза. Ткъа 18 шаре йалазчу Лайлаана набахтехь даккха пхи шой, ахшой тоьхнера. Бераш а хиллера цуьнца чохь дахкош, дуьйцу Лизхана: "Набахтехь ирча хьал хиллера, шело, мацалла, ницкъбар – йалх шарахь гергга бетона тIехь буьйшуш-гIовттуш Iийнера уьш".

2019-чу шарахь аьтто хилира Лизханан шена йоьIан йоьIан бераш Шемара а, Иракъера а даймахка далочу берийн тептарна йукъа а дахийтина, уьш цIа берзо. Йоккхаха йолчу йоьIан хIетахь диъ шо дара, кху шарахь иза хьалхарчу классе деша йахна. Лизханца ду хIинца бераш.

Сан кIант дохко ца ваьлла, амма бисинарш чIогIа дагахьбалламехь бу

Ненаненан дешнашца, Шемахь тохарш дечу хенахь йелла Гатагажева Лайлаан жимахйолу йиша. ИссолгIа бутт болуш доьзалхочух а хиллера иза. Лайлаан ненаваша а нисвеллера тохарш дечохь, иза а кхелхина, цуьнан йишин аьтто белира шен берашца цигара арайала, карарчу заманчохь Туркойчохь йу иза. Лизхана бахарехь, уьш чIогIа дохкобевлла шаьш динчунна, амма Оьрсийчу бахка йиш йац церан – царна "йаккхий" хенаш йеттар йу.

" Сан кIант дохко ца ваьллера, амма бисинарш чIогIа дагахьбалламехь бу. Аса бехира цуьнга: "Хьуо-м ваханера хьо, зударий стенна бигира ахьа?". Дукха хIума лайра оха оцу тIехула, амма дерриг а дицдийр дара аса, Лайлаъ шен берех дIатоха аьтто хиллехь. Со пенсхо йу, хIара дерриг а Iоттаделлачул тIаьхьа шозза инфаркт хилла суна, шозза инсульт а. Суна цхьаъ хилахь, мила ву цаьрга хьажа?", - дерзийра къамел дечо.

Пхи шо Иракъера набахтехь даьккхинчул тIаьхьа Лайлаъ маьрша ца йоккхура, низамехь оцу тайпа тутмакхаш арахоьцу Оьрсийчоьно официалехь кехат дахьийтинчул тIаьхьа. Шен бевзачеран хьехаршца, Лизхана масех кехат дахьийтира Оьрсийчоьнан Iедалхошка, иштта къайлахчу сервисийн куьйгалхочуьнга Бортников Александре а.

2020-чу шеран стигалкъекъа-баттахь хиира Гатагажева лехамашка йеллийла, ткъа 2022-чу шеран оханан-баттахь – цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх делларх а. Кху шеран аьхка БагIдадо Оьрсийчоьне схьайелира иза.

Нагахь санна, Гатагажева Лайлаан бехк хилар тIечIагIдахь, 20 шаре гергга чохь йаккха хан кхачайо цунна.

ГIаттамхочун хIусамнана

Терроризман артиклехула Оьрсийчохь 2019-чу шарахь Гатагажевана дуьхьал гIуллакх айдина хиллера, хIетахь БагIдадера набахтехь йара иза, билгалдоккху редакцица хиллачу къамелехь цуьнан адвокато Лабазанова Раминас.

Набахтехь инзаре ирча хьелаш дара: шело, мацалла, ницкъбар – берашца цхьаьна бетона тIехь буьйшуш хиллера уьш

Терроризмана бехкейинчу Лайлаа хан текхна Иракъехь, цигахь гIуллакх дуьхьал даккха тоаме ду, иза тIемалочун хIусамнана хиллехь, билгалдоккху юристо: "Кхелан сацамна тIехь йаздина дац, цо цхьанхьа дакъалаьцна, йа цхьанна ахча латтийна аьлла. ТIемалочун зуда хилла-кх иза, ма-дарра аьлча, лоллехь латтийна, цуьнан шен нанас а, ненавашас дIа а йелла. Чуьра арайолуш а ца хилла иза, чуьра гIуллакхаш деш, цхьа а бакъо йоцуш латтийна".

ГIуллакх толлур ду ГIалгIайчохь, амма ша Гетагажева Къилбаседа ХIирийчуьра СИЗО-хь латтош йу, билгалдоккху Лабазановас. Бехкаш дехкина цунна къайлаваьхьначу тешана тIетевжина: Лайлаа даIишхошна гIо дора, царна ахчанаш латтадора баьхна цо. ГIуллакхан материлашкахь тоьшаллин база йац, чIагIдо адвокато.

Низамашца а догIуш, цхьана зуламна тIехула шозза таIзар дойла йац адамна – Иракъехь цо йаьккхина хан дIалара йезара цара, къар ца ло адвокат. Цуьнан гIуллакх дIакъовлар доьху адвокато, амма прокуратура тIетуьйжу Иракъехь цо хан чекхйаьккхина аьлла, тоьшаллаш цахиларна.

"[Хьукматехь] боху, 2019-чу шарахь Иракъан Iедалхошкара цунна таIзар дарх кехат дийхира шаьш, и ду хьуна диъ шо хьалха, - тIетуху Лабазановас. – Ткъа оха цу хаттаран цхьана кIиранчохь йист йаьккхира – векалтехула цуьнан сацам бийхира оха, Iарбойн а, оьрсийн а меттанашкахь цара схьа а кхачийра".

Шайггара вовшахтоьхна ду гIуллакх аьлла хета адвокатна. Цуьнан ойланца, Оьрсийчоьнан Iедалхошна хиъна Лайлаъ хиларх, Иракъо кхинболу тутмакхаш пачхьалкхе схьахьовсийначу хенахь.

"Уьш схьабалийча, цаьрца болх бо къайлахчу сервисаша. Массарна а кхерамаш туьйсу цара, шайца йукъахь болх бе бохуш, тIедожадо", - боху Лабазановас. – Схьахетарехь, царех йолу цхьа миска кхерайеллачух тера ду, цо харцонца мукIарло дина [Гатагажевана], тIаккха гIуллакх долийначух тера ду".

ХIинца Гатагажеве боху ГIалгIайчуьра ФСБ-но, кхечу нахана а бехкаш дахка, доцург алий, боху юристо. Шаьш Iазапаш хьоьгуьйтур ду а бохуш, шаьш гойту суьрташ тIера нах "бевза" ала бохуш, кхерамаш тийсина ницкъахоша. Адвокато официалехь дIахьедина цунна Iаткъамбарх.

Русафа а, " даIишхойн зударий" а

Кавказ.Реалиица къамел динчара тоххара а дийцира, Шемахь а, Иракъехь мухIажарийн каппашкахь латточу "даIишхойн хIусамнанойн" чолхечу хьолах лаьцна. Бехчалгех динчу четарш чохь Iаш хиллера уьш хьаштагI а, тIехь цIано йан а аьтто боцуш, кIиранашкахь цIена хи ца кхочура царна, йа лоьраш бацара, дийцира мухIажарийн гергарчара хIетахь.

Дукха хьолахь кхочу цига, Шеман дозана тIехь тIемаш бан йукъаийзийначу хIусамдайшца болу зударий, дийцира оьрсийн Би-би-си сервисо. "Хьалифатера" дахарх дуьйцуш, йа Iехабой буьгу цига хIусамнаной. Дукха хьолахь тIамехь дакъа ца лоцу зударша церан, чуьра ара а ца бовлу уьш, бедарш йуьттуш, бисинчу йукъараллин декъашхошна кхача а кечбеш Iа уьш.

Иракъера "Русафа" набахтехь 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь латтош 400 зуда йара тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара, Оьрсийчуьра а, Йуккъерчу Азин мехкашкара а, Беларусера а, Украинера а, иштта Франицра а, Туркойчуьра а, Швецира а, Германира а. цхьана.

Иракъера набахтера зуда, архивера сурт
Иракъера набахтера зуда, архивера сурт

Камераш чохь шайн наношца хуьлу бераш, билгалдаьккхира редакцица хиллачу къамелехь Нохчийчура цхьана чохь латточу йоьIан дас.

"Цхьана набахтера вукху набахте сан йоI дIайуьгучу хенахь, бераш цхьана хIусамехь хиллера. Уьш хьийзош хиллера цу чуьра белхахоша а, меттигерчу Iарбойн бераша а", - дийцира цо.

Цуьнан аьтто хилира Оьрсийчоьнан пачхьалкхан гIоьнца шен йоьIан бераш цIа дало, амма Иракъан набахтехь хан йаккхар тIаьхьало йоцуш ца дирзира царна: бераш оьгIазе ду, вон доьшу, царна психологин реабилитаци оьшу, билгалдаьккхира цо.

2023-чу шеран бIаьста "Русафехь" латтош хиллачара мацалла кхайкхийра. Акцин декъашхоша дIахьедира, бух боцуш шаьш терроризмана бехкедар, гIуллакх формалехь листарх, адвокаташ а, гочдархой а шайна цабаларх. Цул совнах, цара билгалдоккхура "ца лалун хьелашкахь" шаьш латтош хилар: молханаш а, лоьрийн гIо а кхачош цахиларх, амма церан коьрта Iалашо йара – даймахка йухадерзар.

И тIедожор кхочушдойла йац элира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман политологин Iилманийн докторо Миронова Верас.

"Царна массарна а официалехь таIзар дина, царна йиттина хенаш йу. "Тхо цIа дахийта" бохуш, хIинца зударша тIедожоро, Иракъан кхелан системина бен-башха ца хета. И хила йиш йоцург ду оцу бюрократин пачхьалкхехь, терроризмана бехкевинарг йуккъехула маьршаваккхар", - боху Мироновас.

Царна гечдийр дара аьлла, дегайовхо йац

2017-чу шарера схьа дуьйна бакъоларйархоша терго латтош йу БагIдадера "Русафа" набахтехь латточу зударийн хьолана тIехь, билгалдоккху Оьрсийчуьра Amnesty International организацин директоро Звягина Натальяс. Царех дукхахберш йаккхий хенаш йиттина бу, белла дIабовллалц чохь бита таIзар динарш а бу.

– Иракъехь белла дIабовллалц хенаш йиттинчеран дегайовхо йу Оьрсийчохь таIзар 25 шо а тухуш, хуьйцур ду аьлла, - боху Звягинас, - Оьрсийчохь белла дIабовллалц чохь йаккха хан зударшна ца туху.

Дуьххьара берашца болу зударий Иракъехь арахь латтош бара

Чохь бахкочара бIаьста мацалла кхайкхор шайн "тароне ца хьожуш йолийна кхераме акци" йу элира Звягинас. Цуьнгарчу хаамашца, кхин дIоггара хийцамаш церан дахарехь ца бира цо – тутмакхаш Оьрсийчу дIабала тарло, нагахь санна, цара уьш схьабехахь, ткъа Iедалхой и дан лерина бац.

"Даймахка йухабалор маршабахар дац царна, - кхин дIа дуьйцу цо. – Царна гечдийр ду, йа уьш маьрша буьтур бу аьлла хIокху хIоьттинчу хьолехь дегайовхо йац".

ГIалгIайчуьра Талламан комитетан урхалле Кавказ.Реалиин корреспонденто телефон йеттарх, цхьаммо а жоп ца делира.

  • Оьрсийчоьнан бахархойн бераш тIемаш лаьттачу меттигашкара цIа далош болх 2018-чу шарахь болийра. Оцу заманчохь Шемара а, Иракъера а даймахка далийра 382 бер (Иракъера – 124, Шемара - 258), уьш берриш а гергарчийн доьзалашкахь бу, Оьрсийчоьнан 20 регионехь бехаш бу, хаамбира "Интерфакс" пачхьалкхан агенталло.
  • Эзарнашкахь Оьрсийчоьнан бахархой буьсу Шемахь а, Иракъехь а. Дукхаха берш экстремистийн "Исламан пачхьалкх" тобанхойн хIусамнаной а, церан дуккхаъ долу бераш а ду уьш. Доккхаха долу дакъа – Къилбаседа Кавказан регионашкара ду – 2013-чу а, 2015-чу а шерашкахь шайн хIусамдайша тIаьххье дIабаханера уьш цига. Кавказ.Реалиино дийцира церан кхолламех лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG