ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берийн бошмашкарчу алапийн рейтингехь тIаьххьарчу меттехь йу ГIалгIайчоь


Берийн беш, гайтаман сурт
Берийн беш, гайтаман сурт

Пачхьалкхан чоьтехь йолчу ГIалгIайчуьрчу берийн бошмашкахь белхахошна йуккъерчу барамехь 23,7 эзар сом алапа кхочу – Оьрсийчохь оцу тайпа хьукматашкахь уггар лахара ду и алапа, дуьйцу Росстатан керлачу зерашкахь.

Оцу рейтингехь Дагестано чакхенгара шолгIа меттиг йаьккхина – цигахь берийн бошмашкарчу белхахоша йуккъерчу барамехь 24 эзар сом доккху баттахь. ТIаккха Нохчийчоь йу рогIера (24,1 эзар), Кхарачойн-Чергазийчоь (24,7 эзар), ГIебарта-Балкхаройчоь (25,3 эзар). ГIалмакххойчохь, Волгоградан махкахь и барам 27.9 эзар а, 29.8 а эзар а соьмаш бу, Ставрополан махкахь – 29 эзар сом баттахь.

Берийн бошмашкарчу педагогаша уггар дукха ахча доккху Чукоткехь (105,1 эзар сом), Ямалехь (88,8 эзар сом), Магаданан махкахь (86,3 эзар сом), дуьйцу "Кавказ.Пост" зорбано.

*оьрсийн официалерчу статистико Оьрсийчоьно аннексии йина йолчу ГIирмера хаамаш а гойту.

  • ТIом болабелчхьана бахархоша доккхучу ахчан барам уггар чIогIа эшначу регионех хьалхара йу ГIалгIайчоь – и меттиг Камчаткица йекъна цо. ТIедолу ахча уггар чIогIа эшначу регионех йу Кхарачойн-Чергазийчоь, Дагестан, Адыгея, ГIалмакххойчоь.
  • Алапашна йукъахь йоккха башхалла йолчу оьрсийн регионийн рейтинган чакхенехь нисйелла ГIалмакххойчоь, ГIалгIайчоь. Баттахь 100 эзар соьмал дукха ахча доккхуш болу белхахой а, 20 эзарал кIезга алапа долу белхахой а тидаме оьцуш хIоттийна йу рейтинг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG