ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь Оьрсийчоьнан векаллалина хьалха велла карийна оьрсийн дипломат


Оьрсийчоьнан Берлинера векалалла
Оьрсийчоьнан Берлинера векалалла

Берлинехь хууш доцчу бахьанашца велла карийна Оьрсийчоьнан векалаллин шолгIа секретарь. Оцунах лаьцна пIераскан дийнахь хаам бина немцойн Spiegel зорбан гIирсо. Цуьнан публикацехь дуьйцуш ма хиллара, полицина 35 шо долчу стеган дакъа карийна ГIадужу-беттан 19-хь Iуьйранна Оьрсийчоьнан дипломатин миссина хьалха тротуарана тIехь. Цунна реанимаци ян аьтто ца баьлла.

Хетарехь, дипломат корах чувоьжна хила мега лакхарчу тIегIантIерча.

Spiegel-а бинчу хаамца, дакъа хIинцале а дIаделла Оьрсийчоьне. Журналисташа деллачу хаттарна жоп луш, Оьрсийчоьнан векалалехь дIахьедина "бохаман хиллачух" лаьцна, комментари еш яц "нахалахь леларан къепеца" доьзнарг бахьана долуш аьлла.

Веллачуьнан дипломатийн статус хиларна, Германин прокуратурин аьтто ца баьлла стаг валар хьокехь таллам бан. Иза этIо бакъо ца елла Оьрсийчоьнан агIоно.

Spiegel-а яздарехь, иштта дипломатийн официалан тептарца а догIуш, веллачунна аккредитаци йина хилла Берлинерчу векалаллехь 2019-шу шрахь аьхка. Германин Федеративан Республикан кхерамазаллин сервисашна хетарехь, иза ФСБ-н белхахо хила хилла мегаш ву, дипломат ву бохуш цигахь болх беш волу. Иза зIе латтош хилла ФСБ-н лаккхарчу даржехь волчу инарлица.

The Insider-а а, Bellingcat-а а (арахьарчу агентийн зорбан гIирсийн реестрна юкъатоьхна бу и зорбан гIирсаш Оьрсийчохь) схьадаьстина долчу хьасташна тIе а тевжаш, чIагIдо шайна хиина хиларх лаьцна велларг мила ву. ЧIагIдарехь, иза ву терроризмца къийсам латторехула а, конституцин кеп ларъярехула а йолчу Урхаллин (ФСБ-н ШолгIа сервис аларца евзаш йолчу) хьаькаман когаметтан Жало Алексейн кIан Жало Кирилл.

Spiegel-ан а, The Insider-ан а, Bellingcat-ан а, CNN-ан а журналисташа цхьана бинчу талламан жамIашца а догIуш, ФСБ-н ШолгIачу сервисан белхахой декъехь бара стохка "Новичок" дIаьвшаца оппозицин политикана Навальный Алексейна тIелатар дарна. Оьрсийчоьнан Iедалша иза харцдо.

Малхбузерчу лерринчу сервисаша юзу ФСБ-н ШолгIа сервис 2019-чу шарахь Марсхьокху-баттахь (август) Берлинерчу Тиргартен паркехь нохчийн хилла тIемалойн командир Хангошвили Зелимха верца. Хьалха Венехь ТIеман министраллехь Оьрсийчоьнан даима а йолчу векалаллехь кхоалгIа секретарь болх бина волчу Жало Кириллана аккредитаци йинера Оьрсийоьнан Германин Федеративан Республикехь йолчу векалаллехь Хангошвили веле 2 бутт хьалха. Вуьшта Жало дехьаваккхар ларамаза нисделла хила а тарло, бохуш билгалдоккху The Insider-а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG