ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

DW: Украинерчу тешана вевзина Хангошвили верна бехкевийриг


ГIадужу-беттан 26-чохь Берлинехь йоьдучу кхелехь Украинерчу тешана вевзина, нохчийн гIаттамхойн хилла тIеман буьйранча, Гуьржийчуьра вахархо Хангошвили Зелимха верна бехкевийриг, шен бажа хилла К. Вадим Николаевич санна. Цхьа а тоьшаллаш ца далош, цо дIахьедина, полковникан даржехь а волуш, иза къайлахчу сервисийн белхахо хиларх, хаамбина DW газетан корреспонденто кхелан гIишлочуьра.

Хаамийн гIирсо яздарехь, Товбеца-бутт бовш тешо - 55 шо долчу, Александр цIе йолчу Харьковерчу бизнесхочо мукIарло динера Берлинерчу кхелехь, Хангошвили вер луьстучу гIуллакхан хьокъехь. ХIетахь шеконаш ю шен элира цо, шена хьалха верг билггал шен гергара стаг хиларх. ТаIзаре хIоттийнарг вуй хьан гергара аьлла, шега хаттар дича, дуьххьал дIа жоп дала ца хIоьттинера иза, шен стунйишин цIийнда спортхочун кепехь вара аьлла. Шозза бен вовшийн гар а ца нисделлера цу шиннан, иза а, цо дийцарехь, итт шо хьалха.

Цул тIаьхьа кхо кIира даьллачу заманчохь Александра дIахьедира Der Spiegel журнале, ша кхелехь харцдерг дийцинера - шен кхерамзаллина саготта хиларна аьлла. Иштта цо дийцинера, шен гергара стаг билггал шен вовзарх а, вукхо шаьшиннан къамелехь президент Путин Владимир уллора вевзаш ву шена бохуш, къедораш ярх а.

2019 шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра, Гуьржийчуьра схьаваьлла нохчо Хангошвили Зелимха. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яцара, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза. Цуьнан бехк толлуш йолийна кхел ю йоьдуш карарчу хенахь.

Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIо дина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.

"Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, элира президента Путин Владимира, Хангошвили верца боьзначу хаамна комментари еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG