ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь Хангошвили верна бехкевечуьнан бажас дийцина цо ФСБ-хь болх барх лаьцна


Хангошвили верна бехке веш волу Оьрсийчоьнан вахархо Берлине веана Соколов Вадим цIарца
Хангошвили верна бехке веш волу Оьрсийчоьнан вахархо Берлине веана Соколов Вадим цIарца

Германехь нохчийн тIемалойн хьалханча Хангошвили Зелимха верна бехке веш волу Оьрсийчоьнан вахархо болх беш хилла Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашкахь, ткъа 2016-чу шарахь цунна подполковник эскархочун цIе елла хилла. Цунах лаьцна Spiegel а, The Insider* а зорбан гIирсашка дийцина бехктакхаман гIуллакхехь дакъалоцуш волчу тешо, яздо Свобода Радионо. Журналисташа вуьйцу иза куьгбехкечуьнан бажа санна, вуьшта аьлча, цуьнан зудчуьнан йишин майра санна.

Хангошвили герз тоьхна вийра Берлинехь 2019-чу шарахь Марсхьокху-беттан 15-хь. ТIелатар дина дукха хан ялале лецира куьгбехкениг. Цуьнан цIе хьулйина ю немцойн Iедалша. Амма журналисташа-талламхоша дийцарехь, цуьнан бакъйолу цIе ю Красиков Вадим. Германе иза кхаьчна харц кехаташца. ЧIагIдарехь, Оьрсийчохь иза хьалха гIуллакх деш хилла ФСБ-н лерринчу "Вымпел" тобанехь.

Spiegel-ан а, The Insider-ан а журналисташца къамел динарг ву, суьдехь Красиков вовза кхайкхина украинахо Водорез Александр. Кхелан кхеташо дIайоьдуш цо дIахьедина, билггал иза ву ала хала ду шена аьлла.

ХIинца Водореза дуьйцу, шена вевзира бехкевийриг, амма иза бIобулуш ца элира ша, шена кхерам хиларна аьлла. Цо дийцарехь, Красиков цунна вевзаш ву 2010-чу шарахь дуьйна. Водореза чIагIдарехь, Красиков майра ву цуьнан зудчун йишин, ткъа иза масийттаза Украине 2014-гIа шаре кхаччалц.

2016-чу шарахь, чIагIдарехь, цунна подполковник эскархочун цIе елла. Красиковна, цо Водорезе дийцарехь, цунна гина хиллера Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир тирехь тапча кхуьссуш а, ткъа ша иза ФСБ-н лерринчу "Вымпел" тобанна гергахь гIуллакх деш вара.

Шен белхах лаьцна кхин билггала хIума ца дийцина хилла Красиковс. "Барт бийр бу вайшимма, - аьлла цо шен Украинерчу гаргарчу стаге, - Ахь соьга хаттарш ца дон сан балхах лаьцна, хIунда аьлча бакъдерг ас эр дац, ткъа харцдерг дийца суна ца лаьа".

  • 2019 шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь Берлинна юккъехь герз тоьхна вийра Хангошвили. Полисхоша лецира зулам дина хила тарлуш йолчу шеконашца Оьрсийчоьнан вахархо. Цуьнан цIе немцойн Iедалхоша йоккхуш яц, делахь а, журналистийн хаамашца, Красиков Вадим ву иза. цуьнан бехк толлуш йолийна кхел ю йоьдуш карарчу хенахь.
  • Bellingcat-о а, The Insider-о а, Spiegel-о а бахарехь, Красиковна Хангошвили вуьйш гIо дина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан ФСБ-н "Вымпел" декъехь болх бинчу Демьянченко Романа.
  • "Бандитийн къестамашкахь" нисделла цуьнан валар, элира президента Путин Владимира, Хангошвили верца боьзначу хаамна комментари еш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG