ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берлинехь стаг верна кхел ярца доьзна Германино аравоккхуш ву Оьрсийчоьнан векалаллин ши дипломат


Нохчийн мухIажар Хангошвили Зелимха верна Берлинехь велла дIаваллалц набахтехь латто кхел йина Оьрсийчоьнан вахархочунна Красиков Вадимна
Нохчийн мухIажар Хангошвили Зелимха верна Берлинехь велла дIаваллалц набахтехь латто кхел йина Оьрсийчоьнан вахархочунна Красиков Вадимна

Германин Iедалша ца оьшу персонаш дIакхайкхийна Берлинерчу Оьрсийчоьнан векалаллин ши белхахо. И шиъ араваккхар бахьана ду нохчийн тIемалойн командир хилла Хангошвили Зелимха верца доьзна кхело бина сацам. Кхело сацам бина, и зулам дина аьлла, Оьрсийчоьнан Iедалша кост а дина.

"Пачхьалкхо кост а дина, адам дер ду кIоршаме Германин бакъо а, Германин Федеративан Республикан суверенитет а йохор", - дIахьедина Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Берлок Анналенас. Оьрсийчоьнан векал тIекхайкхинера министралле – дипломатин маттахь иза вуно реза ца хилар ду тIеоьцучу пачхьалхко, кхузехь Геманино, гойтуш долу.

Кхаарин дийнахь, ГIура-беттан 15-хь, Берлинерчу кхелехь велла дIаваллалц набахтехь латто кхел йина стаг верна Оьрсийчоьнан вахархочунна Красиков Вадимна. Оьрсийчоьно тIецадуьту ша оцу зуламна декъахилар.

Дипломаташ арабаьхначул тIаьхьа Москвано дIехьедина цу тайппа гIулчаш йохур ю шаьш аьлла, амма ца хаийтина билггал шаьш дийрадерг. Ишттачун куьзганан олу жоп луш Iедал ду – шайна диннарг дуьхьал деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG