Берлинан Лакхарчу кхело велла дIаваллалц, хенал хьалха мукъавала йиш йоцчу хан кхайкхийна нохчийн тIеман баьчча Хангошвили верна бехкевечу Оьрсийчоьнан вахархочунна Красиков (Соколов) Вадимна, хаам бо Spiegel-о.
"Оцу бехктакхаман гIуллакхо беза Iаткъам бийр бу Оьрсийчоьнан-Германин юкъаметтигашна", аьлла хета хаамийн хьостанна.
2020 шеран ГIадужу-баттахь долийра Хангошвили верах долу дов листа, къастийнера кхелехь лаккхарчу тергамца ларъеш йоллу чоьнаш. 50 гергга теш левира прокуратуро таллам дIахьочу хенахь. Германино Оьрсийчоь бехкейира тоамехь гергарло цалелорна, махкахваьккхира Оьрсийчоьнан ши дипломат.
Нохчийчохь тIеман тобан коьртехь баьчча Iийна а, Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин антитерроран департаментан белхахо лаьттина а волу, Паьнгазан чIожара схьаваьлла Хангошвили Зеламха вийра Берлинехь 20I9 шеран Марсхьокху-беттан 23-чохь. Дийна делкъехь, мьаждига воьдуш, нехан бIаьргашна хьалха тапча йиттира цунна. ТIелеттарг вара Соколов Вадимна яздина пспорт долу Оьрсийчоьнан вахархо, иза лецира оццу сахьтехь. ТIаьхьо гучуделира цуьнгара паспорт харц хилар, ца яьккхира цо шен бакъйолу цIе.
The Insider и Bellingcat хьостанашкарчу талламхоша къастийра цуьнан хла тарлуш йолу бакъ цIе. Цара бахарехь, иза Красиков Вадим Николаевич ву, Европе ваха аравалале Iама лелла иза ФСБ-н лерринчу "Вымпел" ницкъийн базе. Красиков-Соколов, таламхошна хетарехь, хила тарло лаххара а кхин цхьана стаг вуьйш, Москвахь 20I3 шарахь динчу зуламан декъахь. Германерчу талламчаша бахарехь, Оьрсичйчоьнан къайлахчу сервисашна карийначух тера ду зуламан декъашхо, цара иза озийна хила тарло керлачу зуламийн декъа. Ткъаиза дан атта хилийта, кхоьллина цунна керла цIе – Соколов Вадим.
Талламхой тешна бу, лаххара а ФСБ-н тIегIанахь Хангошвили вен къастийна хиларх, изза боху Германерчу прокуратурин бехктIебахьаран доументаша а. Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира 20I9 шеран Гуран-баттахь "цIий Iенийна бандит" ву Хангошвили Зеламха, "цо вовшахтоьхна Москварчу метрохь дина эккхийтар", элира, амма официалехь талламо цкъа а хазийна верси яц иза.
Германин Федералан прокуратуро 2020 шеран Мангал-баттахь официалехь бехк тIебаьхьира Хангошвили верна Оьрсийчоьнан вахархочунна С. Вадимна (иза ву К. Вадим а), цунна бехке до низамехь а доцуш герз лелор а.