Бесланера номер 1 йолу школа дIалаьцначаьрца хилла ву аьлла, таIзар дина Кулаев Нурпаша латкъамбан Iалашо йолуш ву шен сацамна. Дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхан цхьаццайолу материалаш дIаехна цо. Адвоката Плиев Альберта кхачам боллуш шен гIуллакх дIа ца даьхьна аьлла цо. Mash Gor телеграм-канало бина цунах лаьцна хаам.
Къилбаседа ХIирийчуьрчу омбудсмено Цгоев Тамерлана тIечIагIдина, Кулаевгара ши арз шега кхаьчна хилар.
"Бакъонаш Iалашъян векал винчун компетенцица царна жоьпаш лур ду дIахIоттийначу кепехь", - аьлла хьаькамо.
Ямалерчу Харпехь велла дIаваллалц шена тоьхна хан тохкуш ву Кулаев Нурпаша.
Гезгмашин-беттан 3-чохь йолийра школин штурм. 334 стаг велира (бер – 186). Иштта хилира Бесланерчу бохамах "Оьрсийчоьнан исторехь уггаре дукха цIий Iанийна терроран талор".
Официалан информацица, массо а тIемало вийра школи чохь, цхьа Кулаев Нурпаша воцург – цунна оьмар чекхъяллалц набахтехь Iан кхачийра.
Тахана а хиллачух дац бакъдерг дIахьедина. Iедалан шен верси, бесланхойн шайн верси ю хиллачун. Спортзалехь бомбанаш лелхийта буьйлабелира террорхой, цара школах лахьо хIума а дуьтур дацара, цундела йолийра эскарша штурм, боху Кремлан версино. Ткъа кхечара дийцарехь, тIемалой а, бераш а чохь долчу спортзална тIе гранаташ кхуьйсу герз детта долийна эскарша. И шолгIа верси бакъйо, Пачхьалкхан Думин депутат Савельев Юрий коьртехь а воллуш, хилларг ма-дарра теллинчу комиссино шен документашкахь.
Политикан доккхачу маьIне дирзира Бесланехь хилларг – цунах бахьана а дина, 8 шарна юкъахбехира губернаторийн харжамаш, хийцира депутат Думе кхочу некъаш, шагдира Оьрсийчуьра дукха низамаш.
Европан кхело 2017-чу шарахь Оьрсийчоь декхарейина Бесланехь деллачу берийн гергарчарна 3 миллион евро дала. Пачхьалкх лара ца елла нехан синош Iалашдан шен тIехь лаьттачу декхарца, ца гIоьртина ша школина йина штурм адамаш кIезиг хIаллакдийр долуш дIаяхьа, аьлла Страсбурго шен сацамехь.