ТIекхочийла долу линкаш

Гоьваьлла нохчо вина 109 шо хьалха

Нохчаша шаьш шайн тоьллачу махкахойл а тоьлла лору нохчо. Баланех, халонех, сингаттамех ваьккхина ваьхна стаг.

Европехь а, Iамеркахь а шех хьекъале нах бешаш а, баккхийчу политикаша лоруш а дахарх чекхваьлларг.

Авторханов Iабдурахьман. Вина 1908- чу шарахь. Вина де ду кху муьрехь – ткъа билггал иза муьлха де ду цунна шена а ца хаьара, бацара и дуьненчу ваьллачу заманахь иштачун бала я Лаха-Неврехь а, я ерриг а Нохчийчохь а. Шина-кхаа денца билгалдоккху и терахь, иза гуьйренан кху юкъанна ду.

Йоза хуучун хьеннан а таро ю интернетехула Авторхановх лаьцна деша а, цуьнан книгаш каро а. Маршо Радионо довзуьйту иза винчу денна лерина цуьнан аз.

И аз декна 50-60 шерашкахь. Оцу хенахь Авторханов Iабдурахьман вара Мюнхенехь (Германи) Iамеркан тIеман академин профессор. Цигахь цо хьоьхура Оьрсийчоьнан, Советийн Коммунистийн партин истори, куйьгалла дора политикан Iилманийн кафедран, вара академин кхеташонан куьйгалхо.

Маршо Радио кхоьллинчийн декъахь а волуш, радиочухула кест-кеста эфираш йора Авторхановс.

Иштачех шиъ йовзуьйту оха иза а, цо кхузахь бина болх а дагалоцуш.

Авторханов Iабдурахьман, Маршо Радио. 1962-гIа шо. Сталинан Iедало ахархой «кулакийн» могIара а бохкий, муха хIаллакбора, дуьйцу цо эфирехь.

Авторханов: «1929-чу шеран ГIуран-беттан 27-чу дийнахь Сталина шеггара, Партин Юкъарчу комитетан сацам а боццушехь, партин гулам ца бийцича а, дIакхайкхийна юьртан бахамхой бохор.

Оцу дийнахь марксистийн-аграрийн конференцехь ша динчу къамелехь Сталина дIахьедира, партино юьртана гонаха йолу шен политика хорцуш ю, иза юьртахой воввшахтуху коллективизаци дIаяхьа йолош а ю, оцу бахьанийца царалара хьолахой бохон а йоллу, аьлла.

Дахаре диллича иза дара – къехой а, юккъера хьал долу нах а ницкъаша колхозашна чубухку, ткъа кулачество шайх олу бахархой – церан зударий, бераш, къаной тIехь гIело а еш, бахамах а баьхна, Сибрехарчу луьрачу хьаннашка дIалохку бохург.

ХIетахьлерчу Советийн официалан статистикаца и тайпа хьолахой-кулакаш 5 процент хиларе терра, лаххара а 7 миллион яртийн бахархой, сиха яцахь а, тешна а тIекхочуш йолчу Iожаллина буха буьгу бохург дара иза.

Амма оцу тIехь соцуш а дацара и гIуллакх. Кестта хIаллакбечийн категоре бехира мелла а таро йолу ахархой а, ткъа цул тIаьхьа - шайх подкулачникаш олу бахархой а. Ишттанаш а бара лаххара а 13 миллион нах.

Иштта, ткъеха миллион гергга юьртан бахархой бара юьззина коллективизаци чекхйоккхуш репрессешна кΙел хьош».

Маршо Радион архивера ду Авторханов Iадбурахьманан хIара аз а. 1960 шерийн юьхь. Хрушев даржера ваьлча, цуьнан Брежневс дIалоцур ю, боху эфиран авторо.

Авторханов: «Шен коммунистийн партин историно гойту цхьа а паччахь хийцаран кепаш кхузахь йоцийла а, уьш хуьлийла доцийла а. Бакъду, яздина а доцуш, цхьа низам ду. Иза иштта ду: Советан пачхьалкхан компартин лидер лешшехь, цуьнан меттиг шашаха дIалоцу оцу ханна партин Юкъарчу комитетан аппаратехь куьйгалла дечо.

Хрущевл тIаьхьа цуьнан меттиг дIалоцур бу оцу ханна партин Юкъарчу комитетан шолгIачу секретаран гIентахь Iачо – ткъа шолгIа секретарь ву карарчу хенахь Брежнев».

XS
SM
MD
LG