ТIекхочийла долу линкаш

ТIом цкъа а ца хилла декъашца беш ...


Путин а, Нохчийчохь байинчу Псковерчу десантникийн гергарнаш а, 2013-чу шеран, зазадоккху беттан 1-гIа де

2000-чу шеран зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь нохчийн тIемалошна а, Оьрсийчохь тоьллачу Псковера десантникашна а юкъахь хиллачу тIематасадаларехь вийра 84 десантник. Байинчех 13 эпсар вара. Нохчийчохь хиллачу шина тIамах уггар дийцаре даьккхина тIематасадалар хилла дIахIоьттина Улус-Кертехь хилларг. Масех шо хьалха цигахь хиллачу тIематасадаларх дуьйцучу а яьржира Оьрсийчоь мел ю. Цу киночохь далошца терахьашца, 2 эсов нохчийн тIемлойх десантникаша бIеннаш байира. Оццул дукха байина нохчийн тIемалой а болуш, цигахь нохчочун цхьа а дакъ ца карийра тIематасадалар чекхдаьллча цига кхаьчча оьрсийн эскархошна. Кхечу кепара туду цигахь хилларг нохчийн тIемалоша. Цара дийцарехь, хиллачу тIамехь дакъалаьцначех 100 бен нохчо вацара, ткъа церан, шайлахь дарраш хиллехь а, каелира 84 тоьллачу десантникийн дивизера бIахо вен.

Тидарш тайп-тайпа делахь а, тахана десантникашна лерина шатайпа хIоллам хIоттийна Нохчийчохь: уьш байинчу гу тIехь масех метр лекха йоккха жIара. Иза дIахIотточу барамана цига веанера Кадыров Рамзан, кхайкхнера байинчу десантникийн гергарнаш а, Псковера губернатор а.

Нохчашлахь и жIар хIоттор реза боцуш тIеоьцийла хуушшехь, хIунда хIоттабо и жIар, аьлла хаттар кхоллало хьеннан а. Нохчийн дог-ойла а евзаш, Нохчийчохь кхин цхьаъ жIар хIотторх хаьттира ас Оьрсийчоьнан гоьваьллачу журналисте Шевченко Максиме. Максим Оьрсийчоьнан бахархойн юкъаралла кхиорехула а, адамийн бакъонашкахула президентан гонера кхеташонан декъашхо а ву.

ЖIар хIоттор питан даржо санна хетий хьуна , ма-дарра аьлча бусалбачу регионехь хIоттош ма-буй иза, динан низамашца ехаш пачхьалкх а ма яций Оьрсийчоь.

"Суна и питана ду аьлла ца хета, хIунда аьлча, беллачу салташна хIоттийна хIоллам питана хуьлийла дац. Масала, питане дац немцойн салтийн кешнашна хIиттийна жIарш Псковерчу а, Ленинградерчу а кIошташкахь. Цигахь немцошца бина барт а болуш, хIиттийна уьш. Беллачех вон хIума ца олу, цундела кхелхинчу салтийн, я цигахь тIом бинчеран шайн кхоллам бу.

Ткъа вайх, дийна долчух аьлча, Нохчийчохь бусалбачу дино буьзинчу барамехь дIагайтина ша цигахь коьрта дин дуйла. Цунах кхета цигахь хаза хиларал сов инзаре исбаьхьачу маьждигех бIаьрг тоьхча. Суна хазаллица цаьрга кхочуш цхьанна а со хиллачу дуккхачу бусалбачу пачхьалкхехь маьждиг ца гина. Цундела, суна хIуьттаре ю аьлла ца хета и. Со шек ву нохчаша и бахьанехь вас йийр ю аьлла, байинчу а, кхелхинчу нехан кешнаш бахьанехь. Ткъа дийначаьрца къамелаш дан деза юкъарчу дахаран гIуллакхех, и тайпа къамелаш динца доьзна символашна гонах ца деш. Массаьрга шаьш лело дин леладайта, беллачул тIехь царна Дала кхел йийр ю, къастор ду харц, бакъ мила ву. Цхьаболчарна, партин декъехь хиларна ян тарло; вуккхарна, цо дина диканна а, вонна а ян мега. Цундела суна ца хета вайн цу тIе тидам бахийта беза аьлла. Суна ца хета таханлерчу Нохчийчуьрчу бахархойн доккхачу декъано иза халахетарца тIеоьцур ду аьлла."

Нохчийчохь тIаьхаьрчу 25 шарахь хиллачу шина тIамехь Оьрсийчуьрчу эскарша байина инзаре дукха маьрша нах. Таханна а доьза байина эзаршкахь нохчий бу цIерчара лоьхуш а, уьш цIа бахкаре сатуьйсуш а. Оьрсийчоьнан эскарша лелийна къизаллаш, цара зачистакаш боху барамаш дIабахьар а ша санна дика дагадогIу масех шо даьлча а нохчийн къоманна. Амма бакъ ву Шевченко: таханлерачу Нохчийчоьно, массарна девзачу бахьанашца, халахетарца тIеоьцур дац Нохчийчохь байинчу десантникийн хьурматанна жIара хIоттор, амма бакъ ду кхана хин долчух ала хIуттур вац цхьа а.

Нохчийн ламасташкахь а дац байинчу нехан декъий а, церан кешнаш а, хIолламаш а сийсаздар: ца бо нохчаша беллачаьрца тIом. Амма иза олийла дац Оьрсийчоьнан куьйгаллех: таханна а нохчийн президент хиллачу Масхадов Асланан а, кхечу тIамехь байинчу нохчийн къоман тIемалойн а декъий гергачарна цара дIа ца ло хьакъдолчу кепехь дуьнене уьш дерзадайтархьама. Цу аккхачу ламастана муьтахь долчу Оьрсийчоьнан Iедало омра дина кхелхина Улус-Кертахь байина Псковера десантникаш а, ткъа царна а, кхечу Оьрсийчоьнан эскарийн дакъошна а дуьхьал летта эгначу, нохчийн тIемлойн декъешна дуьхьал тIом беш ю таханлера Оьрсийчоь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG