ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боснин а, Герцеговинан а дозанехь нохчийн мухIажаршца харцонаш лелор бакъ ца дина Хорватин МВД-хь


Боснина а, Герцеговинина а, Хорватина а юккъерчу дозанехь лаьтта нохчийн мухIажарш
Боснина а, Герцеговинина а, Хорватина а юккъерчу дозанехь лаьтта нохчийн мухIажарш

Боснин а, Герцеговинан а дозанехь политикан тховкIело йеха кехаташ чудала масех дийнахь тароне хьоьжучу нохчийн иттаннашкахь нохчийн тергойина Хорватин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Кху шарахь Оьрсийчуьра мухIажарш алсамбовлар бакъдина Загребехь, амма тIе ца дитина оцу бахьанаца цхьахйолу КПП пункт дIакъовла мега бохург.

"Орсийчоьнан бахархойн къаьстинчу цхьана декъана, йа къаьстинчу конфессешна бен тховкIело луш йац бохург а оха бакъ ца до", - дIахьедина Хорватин МВД-н министралло Свобода Радион хаттарна жоп луш.

Урхалло иштта тIе ца дуьту, дозанехула дехьабовлар дозанхошна юкъахь "цакхетамаш" хиларца доьзна ду бохург а, цунах лаьцна хьалхо дIахьединера Боснин а, Герцеговинан а кхерамзаллин министро Цикотич Селмос.

Цунна тIетухуш Загребехь билгалдаьккхина, Евробертан сацамца а догIуш, мухIажарша доза хадочу заманчохь, Гуьржийчоьнан а, Украинан а оккупаци йинчу мехкашкахь, аьлча а, Къилба ХIирийчоь аьлла, дIакхайкхийначохь а, Абхазихь а, "ДНР-хь" а, "ЛНР-хь" а, иштта 2022-чу шарахь Оьрсийчоьнан армино дIалецначу кхечу регионашкахь а делла Оьрсийчоьнан паспорташ схьаоьцур дац.

Боснин а, Герцеговинан а Хорватица долчу дозанехь, хьалхо Маршо Радионо хаамбарца, лаьтташ ву 60 гергга берашца нохчийн мухIажар. ТIаьхьо Свобода Радион Балканан сервисо йаздира КПП-н пунктехь 30 стаг ву аьлла, билгалдаьккхира, шаьш мухIажарша дийцарехь, кхин а бIе гергга махкахой бу дозана гергарчу Велика-Кладуша гIалахь. Цаьргахь масаьргахь а Оьрсийчоьнан паспорташ ду.

Хууш ду, Хорватица дозанехь бисинчу нохчийн мухIажаршлахь, гуьйренан мобилизацин гурашкахь Украинана дуьхьал тIом бан тIекхайкхинарш а буйла.

  • Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино хьалхо хаамбира, Боснихь а, Герцеговинехь а нохчийн мухIажаршца дискриминаци лелош хиларх. Оцу пачхьалкхера араболу масех доьзал Iоттабеллера проблемех, царна Туркойчухула Оьрсийчу депортаци йан тарло, чIагIдо бакъонашларйархоша.
  • Лахьан-беттан юьххьехь дийца даьккхира Хорватихь иттаннашкахь нохчий лецна аьлла. "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь ма-дийццара, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина, кхерамаш тийсина, сийсазбина аьлла. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш бора, миграцин набахтен белхахоша шайца хIуьттаренаш лелорах а, иштта лоьраш шайна тIе ца битарх а.
  • Австрерчу депортацин набахтехь Нохчийчуьра ши вахархо ву латтош, военкоматера тIекхойкхуш кехат кхаьчначул тIаьхьа веддера и шиъ. Хорвати юхахьажон кечвеш ву и шиъ, цигара Оьрсийчоьне дIавала. Царна тIехь кхел хIинцале а йина ю, вердиктах хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG