ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бостонехь теракт дина Царнаев вен кхайкхош бина сацам хийцаза битина Американ Лакхарчу кхело


Царнаев ДжовхIар
Царнаев ДжовхIар

2013-чу шарахь Бостонерчу марафонехь теракт динчу Царнаев ДжовхIарна хьалхо вен кхайкхийна таIзар хийцаза дитина Американ Лакхарчу кхело федералан урхаллерчу ялх стага кхаанна дуьхьал даьккхинчу дехарца.

Суьдхочо Томас Кларенса дуккхахболчарна хетачуьнца билгалдаьккхина, нийсонца гIуллакх листа озабезам боцчу жюрис Царнаевн конституцин бакъо йохийна яц аьлла, яздо Кавказ.Реалиино, СNN канална тIетевжина.

Дукхаболчу кхелахоша дина хьесапаш довзуьйтуш, оцу юкъанна суьдхочунна Брейер Стивенна хетарехь, бехккъасторхоша Царнаевн гIуллакх листарна юкъара дIаяха езаш яцара кхо стаг верца йоьзна материалаш, хетарехь 2011-чу шарахь Бостонера теракт дарна коьрта бехке лоруш волчу ДжовхIаран воккхахаволчу вашас Царнаев Тамерлана, полисхошца хиллачу кхийсаршкахь вийна волу. Оцу материалаша, кIезигаха болчарна хетарехь, тIечIагIдо, Бостонехь теракт дечу заманчохь Джохаран 18 шо хилла, вашас тIеIаткъам беш хилла цунна, иза шен лаамехь лелла вац бохуш.

Цкъачунна хууш дац, таIзар кхочушдийр ду йа дац, хIунда аьчла, карарчу хенахь федерало лелочу гIуллакхашна вуьйш таIзар дарна кхайкхийна мораторий ю

  • 2013-чу шеран Охан-беттан 15-чохь Бостонерчу марафонехь динчу эккхийтарехь вийра кхо стаг, чевнаш йира 260 сов вахархочунна. Суьдхоша тIечIагIдира, Нохчийчуьра схьаваьллачу ЦарнаевгIеран шина вашас Тамерлана а, ДжовхIара а теракт дина хилар. Полицица хиллачу кхийсаршкахь вийра Царнаев Тамерлан. Колорадо штатерчу леррина ларъечу набахтехь латтош ву Царнаев ДжовхIар. Бехк цо тIелаьцна.
  • 2015-чу шарахь бехккъасторхоша иза вуьйш кхел кхайкхийра. Оцу юкъанна адвокаташа чIагIдора, теракт динчу Бостонехь шаьш Iалашвечун дов нийсонца хаьттина дац, бохуш. ЛадегIарщ кхечу гIала дехьадахар тIедожийнера адвкаташа. Иштта тIера ца бовлура уьш, гIуллакх листа а доладалале, мел лахара а ши бехккъасторхочо озамбезамаш лелийра бохуш.
  • 2020-чу шарахь Федералан апелляцин кхело юхабаьккхира Царнаев вуьйш бина хилла сацам. Апелляци юха листинчул тIаьхьа кхелахойн коллегин шеконаш кхоллаеллера, бехккъасторхоша озабезам бина хила тарло аьлла. Оцу юкъанна шеконе ца диллина Царнаевн бехк хилар. "Шен дисина доллу дахар набахтехь токхур ду цо. Вуьйр вуй иза боху цхьа хаттар бен дан а дац", - дIахьедира хIетахь суьдхочо.
  • 2021-чу шеран Мангал-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло кхайкхамбира Лакхарчу кхеле, хьалхо Царнаев вен бина сацам юха ма баккха, Американ президенто Джо Байдена кхеле хIиттийнарш бойъучу таIзарна реза воцуш, дIахьедарш динехь а аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG