ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британи реза яц Кадыровца даим дуьйцучуьнца


Къилбаседа Кавказ
Къилбаседа Кавказ

Британин арахьарчу гIуллакхийн министералла дуьхьал ю шен махкахой Къилбаседа Кавказерчу дукха меттигашка бахарна. Къилбаседа Кавказера экстремисташ а, тIемалой а лору цу министералло кхераме.

Къилбаседа Кавказера цхьайолу меттигаш тIех сов кхераме лору Британино туристашна, ткъа вуьш и кхерам жимма лахох болуш санна. Кхераман тIегIа гойтуш, цо министералло арахецна шатайпа карта. Кхерамах боьзна бу меттигийн бос цу картехь: цIен – тIехсов кхераме (ма гIо); можа – кхераме (ца ваьлла бен ма гIо), баьццара (ваха мега, амма вахале хьалха хатта). ТIехсов кхераме лору Британино Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь, Дагестан а, Ставрополан цхьайолу малхбалера меттигаш а. Цу карте хьажа аьтто бу цу министераллан сайтехь: https://www.gov.uk

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG