Оьрсийчоьно Украинехь нах бехачу меттигашкахь ден тохарш Британин тIеман министралло дуьстина оьрсийн эскархоша Нохчийчохь а, Шемахь а лелийначуьнца. Цунах лаьцна пост зорбане яьккхина Британин тIеман министраллан твиттерерчу официалан корпоративан каналехь.
"Мариуполехь нах бехачу меттигашкахь тохарш дар тера ду Оьрсийчоьно 1999-чу шарахь Нохчийчохь а, 2016-чу шарахь Шемахь а динчух. Иза а, 2022-чу шеран Чиллан-беттан 24-чохь, Оьрсийчоьно гIаланашна тIейеттар яц, йа кхерамаш туьйсур бац Украинан бахархошна аьлла, Оьрсийчоьнан тIеман министралло дина дIахьедар доллушехь", - аьлла ду хаамехь.
Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь дIахьедо, "тIехнийса тохарш" деш хиларх Украинан тIеман гIишлошна. Шайн хиллачу эшамех урхалло информаци шозза бен зорбане яьккхина яц: Зазадокху-беттан 2-чохь хаамбира 498 стаг валарх, Зазадокху-беттан 25-чохь – 1351 стаг.
- Дустуш аьлча: Шемахь деа шарахь хиллачу тIамехь официалехь велла 116 оьрсийн эскархо. Оьрсийчоьнана салтийн нанойн комитетан Союзан лараршца, 1999-чу шеран гурахь дуьйна Нохчийчохь велла 11 эзар гергга эскархо. Ткъа т1еман министраллан а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а зерашца, Нохчийчохь эшамийн терахь дуккха а лахара ду.
- Кавказ.Реалиин информацица, Украинерчу тIамехь вийна Нохчийчуьра 60 гергга эскархо. Официалехь шиннан кхалхар бен бакъдина дац. Украинана дуьхьал тIом бечу Нохчийчуьрчу эскархоша дIахьедина шайлахь дуккха а баларх а, чевнаш ярх а.
- Охан-беттан 18-гIа - тIом боьду 54-гIа де ду. Оьрсийчоьнан эскарша тIейетта украинхойн гIаланашна. Охан-беттан 18-чохь Iуьйранна ракетан тохарш дира Львовна а, Киевская, Днепропетровская кIошташна а. Меттигерчу украинхойн Iедалхоша дIахьедина Луганскан кIоштахь Оьрсийчоь тIелатарх, кхайкхамбина цигарчу бахархошка катоххий арадовла аьлла. Гоне берзийна украинхойн тIемалой дуьхьал хилла Мариуполь дIаяла, Зеленский Владимира аьлла, украинхойн тIемалой байарца дийцаршкахь тIадам буьллур бу аьлла.