ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бучехь нах байарна бехке бу кадыровхой - Reuters


Бучехь вийначун дакъа схьааьхкина вежараллин коша чуьра, Охан-бутт 2022 шо
Бучехь вийначун дакъа схьааьхкина вежараллин коша чуьра, Охан-бутт 2022 шо

Бучехь дуккха а нах байар шуьйра теллинчу хаамийн Reuters агенталло тIечIагIдина, Оьрсийчоьнан муьлха дакъош хилла оцу гIали чохь оккупаци йинчу хенахь, яздо Свобода Радионо.

Доккхачу декъанна, меттигерчу бахархошка бинчу хаттамца а, керийначу кехаташца а, Росгвардин "Витязь" дакъа а, парашютан-десантан Псковера 76-гIа дивизи а, Нохчийчуьра эскархой а бу бехке Киевн кIоштарчу тIеман зуламашна.

Оьрсийчоьнан бIахоша штаб йинчу, цунна уллохь тIаьхьо бархI дакъа карийра, Яблунскан урамерчу гIишло чохь Украинан Къоман гвардина Коршунов Константинан цIарах кехат гучуделира. Reuters-н журналисташа къастийна, номер 3179 йолчу Росгвардин "Витязь" декъана чуйогIучу тобанехь тIеман гIуллакх деш иза хиларх.

Бучехь вехачу цхьаннан цIа чохь Логвиненко Александре яздина кехат карийнера. Агенталлан талламца а догIуш, иза Псковра десантхо хилла. Оьрсийн эскархоша дIалаьцначу луларчу хIусамехь баллонца пена тIехь яздина хилла "Wolf_68". Социалан машанехь оцу цIарца волу, десантан-штурман дивизин декъехь штурм ечу авиаполкехь гIуллакх деш хилла Крючков Кирилл схьакарийна журналисташна.

Меттигерчу бахархойн дийцарш доцург, Нохчийчуьура эскархой цигахь хиларх тоьшаллаш до, социалан машанашкахь даржийначу суьрташа а, видеоша. Reuters гIирсо тIечIагIдина, Бучехь а, цуьнан гонах а Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца доьзна мел кIезиг а кхо дакъа хилла хиларх

  • Охан-беттан юьххьехь, Бучера Оьрсийчоьнан эскарш арадевллачул тIаьхьа, украинхойн Iедалхоша а, журналисташа а хааме даьккхира, гIалин урамашкахь дуккха а байинчу нехан декъий хиларх, иштта иттаннашкахь нах дIабоьхкина вежараллин кошах а. Иштта карийнера куьйгаш дихкина байина нах а. Бучехь Оьрсийчоьнан эскарш долчу хенахь байина бу бахархой. Украинан а, Малхбузен пачхьалкхаша а Оьрсийчоьнан эскархой бехкебира тIеман зуламашна, Бучехь хиллачун мах хадабо "геноцид" дашца.
  • Киевна гергарчу Бучехь байинчу нехан суьрташ а, видеоматериалаш а "Киевн рожо малхбузерчу зорбанашна лерина хIоттийна сурт ду" элира Оьрсийчоьнан тIеман министралло. "Провокаци" яра аьлла, дIахьедо Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а.
  • Охан-беттан 28-чохь Украинан прокуратурано меттигерчу бахархошна ницкъбинчу а, къоланаш лелийначу а итт Оьрсийчоьнан эскархочун цIераш ехира, шаьш бинчу талламашца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG