ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бучехь тIеман зуламаш деш дакъа лаьцна хила тарло Къилбаседа Кавказера бахархоша


Бучехь байъинчу нехан вежараллин кешнашкара декъешна уьш бовзархьама эксгумаци еш ю, 2022-чу шеран Охан-бутт
Бучехь байъинчу нехан вежараллин кешнашкара декъешна уьш бовзархьама эксгумаци еш ю, 2022-чу шеран Охан-бутт

Украинан тIеман министраллин коьртачу талламо зорбане даьккхина , юкъарчу 35-чу эскаран къаьстинчу 64-чу бригадехь лаьттачийн цIераш тIехь йолу документ. Хараборовскан махках дислокации йолу и тоба, украинхойн агIоно бахарехь, Украинан Буча гIалахь дукха нах байъарна бехке ю.

Кехата тIехь 1648 цIе ю, царах 51 стаг, паспорт схьаделлаxe меттигашца дуmстича, - Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан Къилбера а регионашкара схьаваьлла ву.

Уьш бу Дагестанера 31 стаг, кхоккха стаг Нохчийчуьра, Къилбаседа ХIирийчуьра (царах шиъ, "Фортангано" бахарехь – гIалгIайн къомах ву), ГIебарта Балкхарайчуьра, Краснодаран махкара а, Волгоградан кIоштара, Ростован махкара ши стаг а, цхьацца – Кхарачойн-Чергазийчуьра а, Ставрополан а, Астраханан а кIошташкара а.

ГIарадаьккхинчу кехатехь гойту 64-чу бригадехь лаьттачийн терахь. Хууш дац, царах баккъала Бучехь хилларш муьлш бу. Царах цхьаммо тIеман зуламаш деш дакъа лаьцна бохучунна тоьшаллаш а дац.

64-гIа бригада – иза маьрша нах байъарна бехке хила мегачех цхьаъ хилла ца Iа. Радио Свободан хаамашца, оккупацин юьххьехь а, иза чекхйолуш а Бучехь хилла, масала, Нохчийчохь зачисткаш ярца "гIаръевлла" Кемеровера ОМОН, "кадыровхой", Владивостокера хIордан гIашсалтий.

  • Охан-беттан 2-хь дуьйна хаамаш кхача дуьйладелира баттахь сов оьрсийн эскарша дIалаьцна хилла йолу Буча гIалахь бIеннашкахь маьршачу нехан декъий керийна бохуш. Суьрташ, видеош тIехь цхьахдолу урамаш ма-дарра аьлча декъех доьттина ду. Украинан Iедалхоша маьрша нах байъарна оьрсийн эскарш бехкедо – иза доккха тIеман зулам ду. Оьрсийчоьнан тIеман министралло маьрша нах байъарна бехкаш тIе ца лоцу, даьхна суьрташ, видеош питана а, "Киеван режимо малхбузерчу зорбанашна лерина хIоттийна кеп а" ю аьлла.
  • Бозуш боцучу талламхоша а, украинхойн Iедалхша а Оьрсийчоь бехкейо Украинан кхечу гIаланашкахь тIеман зуламаш дарна – нах бехачу меттигашкахь кассетийн тIеман гIирс лелор а, маьршачу инфраструктурина, нах бехачу кварталашна тохарш дарна а, маьрша нах байъарна а, зударий хьийзорна а.
  • Буча, Ирпень, Гостомель гIаланашкахь маьрша нах байъарна бехке ю аьлла украинхойн Iедалхоша 141-гIа Кадыров Ахьмадан цIарах йолу, иштта "Север" цIарца евзаш йолу лерина полк. Кадыровхойн оцу тIамера роль – видеош яхарал совнаха, меттигера нах кхерамехь латтор ю аьлла гиначара деллачу тоьшаллийн дуьххьара официалехь тIечIагIдар ду иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG