ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Марнанас а, ялх несо а" юкъаметтигаш къастийра Соьлж-ГIаларчу сцени тIехь


Нохчийчоь -- "Марнана а, ялх нус а" спектакл гойтуш даьккхина сурт. 15. ГIур. 2017
Нохчийчоь -- "Марнана а, ялх нус а" спектакл гойтуш даьккхина сурт. 15. ГIур. 2017

"Ялх нуссий, марнаний" спектаклан премьера хилира шоьта-дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Вевзачу режиссера Хакишев Руслана хIоттийна ю иза. Охьахаа меттиг боцуш, юьзна зал йолуш, дIадаьхьира дуьххьарлера гайтар.

Узбекийн яздархочуьнан Сайд Ахьмадан дийцар тIера спектаклан коьрта сюжет ю, марненан а, цуьнца цхьаьна кертахь ехачу ялх несан а юкъаметтигех. Буьрса амал йолчу марнанас шен куьйга кIел латтабо несарий, ур-аттала шайн-шайн чубирзича а, телехьожийлехь муьлхачу канале хьажа мегар ду бохуш хьехамаш а беш. Керла ялийначу несана ца дезало иштта Iуналла, цуьнгара болало и несарийн гIаттам.

Шен амалехь йолу марнаний, несарий, царна юкъахь лаьтта кIентий. И тема язйинарг узбек валахь а, нохчашна а герга ю иза. Эххар а, марнана къера хуьлу, ша лелош дерг нийса доцийла а кхетий. Амма тIаьххьара дош олу, ша иштта луьра кхерч латтийтархьама яра олий.

Ала догIу, спектакль нахана гайтале цхьа де хьалха цуьнга хьаьжна республикин культурин министерствора экспертийн кхеташо. Цуьнан сацамца цхьацца кийсакаш дIаяьхна я хийцина.​

Режиссеро Хакишев Руслана дийцарехь, дукхачу декъана спектаклера мукъамашна хаттарш дара: "Ша-тайпа хIоттийна ю иза. Узбекаш балахь а, вай а ма дай уьш санна бусалба нах, культура а йолуш. Хьуна хьайна гира-кх иза тIе муха оьцу наха".

Цхьана кийсакехь нус дIаяхийта аьлча, цхьана турпалхочо элира: "ДIа муха йохуьйту, дIабахийтинарш а юхабалош хилча?". Иза а аша шаьш юкъаялийна реплика ярий, аьлла деллачу хаттарна иштта жоп делира режиссера Хакишевс: "Ю, цу хенахь иштта ма дацарий. ХIинца иштта ду. Хьо нийса кхетта".

Журналистийн вастехь хилла волчу актера Исраилов Хож-Баудис иштта туьду спектаклан чулацам. Ша вистхуьлуш цо иштта элира: "Социалан агIор маьIна долуш ю и спектакль. Марнана, несарий, цхьа доьзал хилар ду цигахь коьртехь дуьйцург. Да-нана шен доьзал кхето-кхион гIерта. Шаьш кегий болуш, цу хIуманан тIалам ца бо цара, амма баккхий хилча, кхета боьлча хала хуьлу. Иштта цуьнах лаьцна ю и спектакль".

Спектакл дIайирзинчул тIаьхьа сурт доккхуш Iедал ду иза хIоттош дакъалаьцначеран.
Спектакл дIайирзинчул тIаьхьа сурт доккхуш Iедал ду иза хIоттош дакъалаьцначеран.

Хьажархоша и спектакль дика тIеэцаран билгало яра мел долу билет доьхкина хилар. Комеди иза ялахь а, цо айъинарг балане хIума ду.

Хьовсархой.
Хьовсархой.

Иштта ойла ю Юсупов Руслан цIе йолчу хьажархочуьнан: "Бала-м бу иза, доьзалш, нуссий, марнаний, церан юкъаметтигий. Цхьана агIор, и доьзалш ларбан гIерта марнана. Вежарий массо а уллехь хилча дика ма ду. ЧIагIо хуьлу. Барт бохор бац. Цхьаьна, вовшашна накъосталла а деш, Iийча, хаза ду-кх. Нанас, бакъду, наггахь дIахеца деза бераш, чIегIардиго санна. СхьабогIур бу. Цигахь а бен хир бу, кхузахь а хир бу".

"Марнаний, ялх нуссий" спектакль дуьххьара хIоттийна яц нохчийн театрехь. Советан заманахь а, деххачу шерашкахь коьрта спектакль санна лаьттина иза. ХIетахь цуьнан цIе яра "Несарийн гIаттам". Тахана и цIе, нохчийн кхетамца йогIуш йоцу дела, хийца дезна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG