ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ломан графити" а йитина, алпинист хила гIоьртича?..


ГIалгIайн махкахь кху деношкахь дIайирзина Оьрсийчоьнан алпинистийн чемпионат.

КIиранах сов лаьттинчу къийсадаларшкахь дакъалоцучу спортхошна кечбинера 30 сов некъ. Хьалхара меттиг Томскерчу альпинисташ яьккхина. ШолгIа меттиг-Красноярско, кхоалгIаниг - Свердловск кIоштна кхаьчна.

Лаьмнашкахь, ког баькх-баьккхинчохь бахархоша шайх лаьцна йозанаш дуьту

Хиламо гайтина, Къилбаседа Кавказера къаьмнаш лаьнашна гергахь делахь а, къийса а луш, тархаш яхар царалахь даьржина дацар.

…Кхин цхьа хIума а тергаллделла чемпионат дIаяхьначу Iедалхошна: лаьмнашкахь, ког баькх-баьккхинчохь бахархоша шайх лаьцна йозанаш дуьтуш хилар.

Барамаш оцу сакхтан баккхий бу, цундела чемпионат а ерзале, цуьнца къийсам болабо шаьш аьлла, даржийна хьукматхоша. ГIалгIайчоьнан туризман комитето бечу хаамца, дукха йозанаш ду (цIераш, фамилеш, дайн цIераш) куьгбехкенаш каро аьтто луш.Лаьмнийн чхарнашца, тархашца йозанаш дитинарш схьа а язйина, уьш полицига дIа а белла, телехьожийлашкахь гIарабохур бу, боху Iедалхоша.

«Хьалха басарш хьоькхура, уьш атта дIа а дахалора, ткъа хIинца иштта атта дац», арздира журналисташка «ломан графити» ца тайначу ГIалгIайчоьнан туризман комитетан куьйгалхочо Хамхоев Беслана. Дукхачу хьолехь аьрхачу наха тархашна тIе аэрозольца яздо, дIа а ца дайало басар, боху цо.

Нохчийчохь цхьа шо хьалха асфальт йиллина Къоьзан-Iоме боьдучу новкъа. Машенаш бердах ца эхийта, оцу некъан йохалла бетонан блокаш хIиттийна. ХIинца царна тIе йозанаш дахка долийна. Хьо машенца воьдуш, «Марем», «Сайхан», «Хаважи», «Чечня», «Кавказ» йозанашна тIехлелха.

Болотбиев Iадлан туризман фирман куьйгалхо ву. Махка богIучу туристаша и тайпа зуламаш деш ца хааделла шена, элира цо.

Вайн махка кхочучу хьешашна некъийн йистошца дехкина дастаме йозанаш го

Болотбиев: «Вайн махка кхочучу хьешашна некъийн йистошца дехкина дастаме йозанаш го. Товш дац уьш дитар. Iедало хьалххе дуьхьалойина хиллехь, дитина хир дара наха шайгара и сакхт. Захалонийн я хаамийн куьпах тера ю некъайистош».

Нохчийчохь сов даьржина дац тIулгийн тархашна тIехь туристаша а, меттигерачу бахархоша а йозанаш дуьтуш. Цуьнан бахьана, Органан Iалам лардечу хьукматан куьйгалхочо Джабраилов Сайд-Эминан хетарехь, дозу нохчийн лаьмнаш атта тIекхачалуш дацарца. ХIетте а, наггахь нисло цхьа а маьIна а доцуш, цхьаболчу наха гIуллакх доццург яздеш, элира цо.

Джабраилов: «Вайн цIахь наггахь бен хуьлуш дац и саннарг. ЧIинхахь ши бIов ю. Цу тIе цхьаммо йоза динера. Тхан белхахочо дIадаьккхира иза. «Чечана» аьлла йоза дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG