ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Далла тIе боьду некъ лохуш


Атта дац кавказхочунна дин хийца

Далла тIебоьду некъ бац я шера а, я маьрша а. "Шен дин " цхьаволучо шерашкахь лоху, хийлазза галволу, дехха толлу бакъдерг.

Некъ шагбеш, гергаозаво дахарх тилларг тайп-тайпанарчу маззапаша, секташа, "хIума хуучара".

Цхьаннах а цатешнарг кхочу килсе я маьждиге. Ткъа тахханалц цхьа дин лелийнарг волу кхечу дине, "доккха бахьана" дуьхьал а нислой. Бакъду, маьрша вац иза шена ма-луъу лела – гонахарчу наха бехк буьллу динера дине волучунна.

ХIирийн юьртарчу Камилин 36 шо ду. Шераш дукха дацахь а, вуно дукха лайна цо баланаш. Масех шо хьалха, карахь 3 бер а долуш, жоьра йисина иза. Юккъерчу бераца, йоьIаца, рак карийра лоьрашна. ГIортор лаха араелира Камила.

"ЧIогIа суьпа стаг яра сан ненанана, - дуьйцу зудчо, - Жима йолуш со а лелара цуьнца килсе. Цигахь йиш олучийн могIаршка а елира. ЦIийнда велча, алссам эха юьйлира со килсе, ас хоьттура, стенна боьссина суна тIе хIара бала, жоп ца карадора".

Цул тIаьхьа Камила исламах дерг хетта елира гергарчу нахе – уьш бусалба динехь бу. ТIаьххьара а хезира цунна ша хаза хьаьгнарг, цо ислам тIеийцира. Диъ шо хьалха.

"Кхечу динехь болучаьрца къамелаш деш суна тара даима а. ДагадогIу ненананас Библера дийцинарш, суна хIинца и бакъдерг Къур'анехь карийна", - боху Камилас.

Камилин нана а ю вуно суьпа стаг – иза керста ю. Ехха хьийзира иза шен йоIа динчух ца кхеташ.

"Со маьждиге лела йоьллачу деношкахь тиллира ас кортали, дуьйцу Камилас, - юьртахь гома хьийса буьйлабелира, къехкара сох нах. Цкъа, маьждигна хьалха дара иза, соьга хаьттира цхьана стага, бусалба зудчо къовла ма-безза стенна ца къовлу ас корта. "Лулахой ишта а ма бу хьох кхаьрдаш, ткъа къовлаелча, къинош ахь айхьа кIезиг хьерчор-кха хьайна тIе! ". Ма бакъ лоь иза, элира соьга даго".

Камила дохко ца яьлла ша керста дин бусалба динах хийцарна. Дела цхьаъ бен вац, боху цо. Юьхьанца, бусалба дине тоба диннашехь, килсе а лелара ша, мозгIарш а кхетара шех, дуьйцу цо.

Василий мозгIар ву. Иза килсехь волу дуккха хан ю. Ткъа вина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу бусалба доьзалехь.

"Ша кхоллабаларца бусалба бара тхан доьзал, бакъду, тхо суьпа ду ала а дацара", - боху Василийс.

90-чу шерашкахь дин лело маьрша дара. Василий дине веара. Ца дуьйцу цо дерриг а ма-дарра – иза цуьнан лаам бу. Делахь а, иштаниг ша цхьаъ хилла ца Iа, дуьйцу цо.

"2000-гIа шераш дуьйладалалц йолчу ханна вуно дукха нах оьхура килсе динехь чIагIбала, дукхахберш динах боьлла бацара, амма лехамашкахь бара, хIораммо а хоржура шена оьшург", - элира Василийс.

МозгIаро бахарехь, килсе бусалбанаш а кхочу. "Цхьаволчо деза хи доьху, вукхо цомгушчунна чIурам хIоттабо. Динера дине буьйлу нах ишта дукха бац, амма секташка дIабоьлху нах бу-кх тIех дукха" – халахетарца дуьйцу мозгIаро.

Нийса дуй-те Кадыровс гIалгIай бехказабийла декхаребар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG