СУГУЕВА Юлия
Луьйчу мур тIекхаьчча, массо а социалан машанашкахь, кар-кара а луш, бийца боху, Дагестане хIорда тIе лийча лела нах «хи буха а текхабеш, оцу тIехь Iедалера ахча доккху зуламхой».
Цара иза леладо бохуш дуьйцу, юха кхано, белларш лохучу хенахь махкарчу орцан министраллера бинчу балханна ахча даккхархьама.
Эладита тIех даьржина хиларна, Дагестанан орцанхоша официалехь дIа а тIехь хьедина, иза бакъ аьттехьа а дац, хе хьош болу пекъарш шайн ледарлонна бу леш, аьлла.
«Иштачу хаамаша нах Iадорал совнах, эрчадоккху юкъараллера хьал, лийча баьхкинчу нахана кхерамзалла латтош, уьш эшначохь къелхьарабохуш хьийзачу белхахойн репутаци хIаллакйо», - дIахьедина урхалло.
ХIара аьхке йолаелчхьана 20 сов стаг ваьхьина Таркхойн хIордо. Оцу бохамаша юха а айдина «хи-таллархой бу нах хIорда буха кхоьхьуш» боху эладита.
«Хи-таллархой-зуламхой» - иза Дагестанан «Лох-Несси» ю, дуккха а шераш ду и туьйра лела. ХIора а аьхка, нах хичу эха буьйлалушшехь, доладо иза дийца. Хийцалуш дерг «хи-таллархошна, цара нах байича луш долу ахча» бен а ца хуьлу дийцаршкахь – хьалха лахаро бара «мах», кхушара 300 эзар ло боху", - дуьйцу 60 шо долчу ХIинжа-ГIалин яхархочо Магомедова Светланас.
«Кавказ.Реалиица» къамелдинчу цхьаболчу дагестанхошна хила тарлуш хета ахча даккхархьама нах хибуха текхошберш, «тоьшалла» далош, дуьхьалдоху интернетехула даьлла лела сурт - хIорда чохь луьйчучу нахана тIехьа, хи-таллархочун духарахь, хичуьра хьала а айвелла Iен стаг. Иштта даржадо хи-таллархойн «карарабевллачийн» дийцарш а.
Бакъдерг а олу хи-таллархоша нах хIорда буха текхош хилар "хуучара" – шайний-шайний иза гина дац нах хIордачуьра хьалабохучу белхахошна ахча, олий.
Орцан министраллан векалша билгалдоху нахана хIорд кхераме хиларан бахьанаш – луьйчурш кхерамах лар ца балар, садаIа баьхкинчохь къаьркъа мийлар, шайца далийна бераш, терго а йоцуш, хийистехь тесна дитар.
«Мел баьхча а, кхерамзалле кхойкхуш, дIахьедарш даржадарх а, ца ларло, цундела хуьлу бохамаш. Уггаре а боккха кхерам берашна бу, мегаш дац уьш терго йоцуш дита, берда йистехь а тIехь хьош нисло бер, - боху орцан министраллан векало.
«Эладитанашкахь буьйцу «хи-таллархой – мулкалмовташ» шайна бевзаш бац, шаьш-шайггара лелаш оцу профессера нах шайна ца бевза, ткъа бакъболу хи-таллархой болуш бу – уьш тхьоьца балхахь а бу», - элира Дагестанан орцан министраллан векало.