ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чергазий кIордийначух тера ду Туркойчоьнна


Истамулехь
Истамулехь

Кавказан тIом чекхбаьлла а, шаьш даймахках баьхна а 155 шо кхачар, кхин гIолехьа меттиг а ца карийна, Истамулан Бейоглу туьшан тийналлехь билгалдаьккхина чергазаша. Аьлча а, юьхьанца гIалин юккъерчу Истиклял урамехула – Оьрсийчоьнан векалтна хьалхахула - чекхбовла а магийна, тIаьхьо иза дар дихкира царна шахьаран урхалло.

15 шо дара чергазашна а, цаьрца цхьаьна дагалецаман бараме боьлхучу кхечу кавказщхоша а Истиклялехула чекхбовла магош хуьлу. Ткъа хIинца иза дехкар туркойн кавказхоша дузу шайн пачхьалкхо ша Оьрсийчоьнна екхаелла-елаелла юйла гайта гIертарца. Туркошна товр ю ала а доцу и дуьхьало чергазашна стенна йина Iедало? Оцу хаттарна экспертийн гIоьнца жоп каро гIоьртира "Кавказ.Реалиин" корреспондент.

Дог-ойланна а, низамна а юккъехь

Оьрсийчоьнах Туркойчоь ийзаяларца доьзна дац Истиклял урамехула кавказхойн манифестанташ чекх цабовлийтар, аьлла хета Хонкарарчу экономикан а, технологийн а университетан профессорна ИсмаьIал Тогрулна.

"Истиклялехь гуламаш хIитто доьхкуш доцу дикка зама ю. Чергазийн къоман бохам дагалоцуш дукха а барамаш хилла пачхьалкхехь, социалан машанаша а дукха дуьйцу оцу хьокъехь. Истамулан мэран дарж къовсуш волчу кандидато Йылдырым Беналис а бира чергазашка кадам. Сан ала цхьаъ ду – Оьрсийчоьно ца бина цхьа а тIеIаткъам, пачхьакхан чоьхьарчу проблемашца доьзна дихкина чергазашна барам Истиклялехь дIабахьа", - боху политолого.

Ца хета цунна мэрин сацам шахьаран куьйгалхо хуьйцуш дIахьочу барамца боьзна бу аьлла а.

"Тахана шахьаран мэран гIант деса ду, мэран гIуллакхаш кхочушдийриг бен а вац цу чохь. Цу тIе, оццул беза сацам мэро ша тIеоьцуш а ца хуьлу, цул а лакхахь тIеоьцу иза. Цхьана агIор, экаме тема ю Туркойчоьнна чергазийн кхоллам, Iедална а ду иза экаме хIума, "геноцид" – ша термин а ю дуккха а талламаш бича бен тIеэца йиш йоцучех", - элира ИсмаьIал Тогрула.

Жоьпалле эга ца хIуьттучух тера ду хьаькамаш, хьал талхарна кхоьру, боху политолого, динан талламчас Мухаметов Рината.

"Москвана, Хонкарна юкъахь лела хьошалла талха сахьт дац чергазий бахьанехь - ишта а дукха ю шина пачхьалкхан гергарлонца проблемаш. Со ца теша чергазашна барам дIабахьа дехкар [Истиклялехула чекх цабовлийтар] Истамулехь мэр хоржуш хиларца доьзна бохучух," – элира "Кавказ.Реалиига" Мухаметовс.

"Я чергазий, я Оьрсийчоьнца мерза юкъаметтигаш"

Чергазаша шаьш лайна къизалла дагалецар чIогIа ца тов Кремлна, иза ю Истамулера кавказхойн болам малбалийта гIерташ хьийзарг, билгалдоккху стратегин, дуьненаюкъарчу талламийн Центрерчу (CSIS, Вашингтон) социолого Соколов Дениса.

"Чергазийн ницкъ бац Туркойчоь я Истамул шайгахьа яккха. Царна харжа бен ца дуьсу, муьлха Iедал ша дардийр ду, дардича шайна кIезиг зен хир ду – Оьрсийчуьраниг я Туркойчуьраниг. Боламна дуьхьаллаьтта Оьрсийчоь, цуьнан шеко а яц. Стенна дихкина болам Истамулан коьртачу урамехула дIабахьийта? Иза Туркойчоьне Москох дехкийтина, аьлла цуьнга: я чергазий, я Оьрсийчоьнца мерза юкъаметтигаш", - тешна ву "Кавказ.Реалиица" къамел дина Соколов.

Оьрсийчоьно леррина тергалйо чергазийн диаспора, ша царех мигранташ бина "155 шо даьлча а гIерта иза шен олалла царна тIера цадалийта", тешна ву Соколов.

Цунна гарехь, Туркойчоьнан Iедалца шайн йолу зIенаш чIагIъяр бен ца дуьсу чергазашна, шайн лобби оьшу царна лаккхарчу хьукматашкахь, аьлла хета экспертна.

"Къилбаседа Кавказера схьабевлла нах, хьелаш ирделча, уьш тодан закъалте оьцу, я и хьелаш хуьйцуш юкъадоккху ахча санна лелабо. Уьш, ша аьлча, чергазий, чIагIлур бу, нагахь санна цара шайна лобби кхоллахь. Ишта бен бахалур бац цаьрга пачхьалкхашкахь шайна богIу политикан, экономикан аьттонаш. Оьрсийчоь гена ю шен бахархойн, ша бахьанехь мигрантийн къаьхьачу декъа бирзинчу нехан хьашташка хьожу пачхьалкх хила, цкъачунна цо ша-шен ларйо иштачу нахах", - элира Соколовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG