ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказера туризм – "дIаса а ма вала, ца волуш а ма Iе"


ГIалгIайчоь, ЖIайрах
ГIалгIайчоь, ЖIайрах
Михальченко Лидия

Лестаррий-те тIех дукха ханаш лаьттачу Кавказе, цуьнан жил-Iаламах марзо эца, махкара боцу хьеший?

Кавказо сатуьйсу шен лаьмнашка таппашкахь туристаш хьалхаре. Къаьсттина Iамеркан а, Европан а валюта лундерш. Амма дуккха а собар а, шортта хан а, Iедалхошца лебан ира мотт болу талмач а хила веза шеца кхуза ван леринчун.

Туристна ша лоьху аьхна жил-Iалам, яхначу заманех бисина битамаш карабо лаьмнашкахь. Амма оццу лаьмнашкахь лаьтта шераш хьалха йоггIарх, гуьржашца доза ларден эскарийн таппаш а – сема дIалоьцу цара "дозан низам" талхораш. Дукха ю туристашна хьовса баха йихкина хаза меттигаш: ХIирийчуьра чахчареш, ГIалгIайчуьра шира пхьенаш, бIаьвнаш. Шлагбаумаш лаьтта царна тIебоьлхучу некъаш тIехь. Оьрсийчуьра бахархой тIебуьту цхьайолчу меттигашна, амма ФСБ-но охку кхечу пачхьалкхера богIучийн кехаташ, визанаш.

Кавказе ван новкъавалале, ши бутт, бутт хьалха, паспортийн, визийн, кхин а цхьацца документийн сканаш кхехьийта еза генарчу туристо Оьрсийчу, яккха еза ФСБ-нера бакъо. Цу тIе, массо а кехат а хила деза оьрсийн матте даьккхина, лелаш бац ингалс мотт.

Ахь массо а дехкарш, магош мел дерг тидаме эцча а нисъяла тарло цхьа духьало, сюрпризаш хуьлуш лаьтта, боху туризман "Кавказ Эксплорер" фирмин "Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан" декъан куьйгалхочо Севриновский Владимира.

ХIирийчуьрчу лаьмнашкахь
ХIирийчуьрчу лаьмнашкахь

"Цкъа ГIалгIайчуьрчу Армхи немцойн ши журналист эцна воьдура со. Цхьаьнгахь дозанхоша ларъечу меттигашка ваха бакъо ю, вукхуьнгахь яц, иза, дехкар лардеш, машенчохь саца ойла йолуш ву. Амма тхо шаьш лаьцна латточу метте кхоччушехь, шаьш ларде доза хадийна а доццушехь, оха иза дохийна аьлла, яздан хIитти дозанхой. Кхо сахьт дайъи оха цигахь. ХIун ойла вайх йолуш дагIур ву турист, мел хила тарлуш болу пайда вай туризмах схьа ца оьцуш буьту, шаьш кхета-кх шу, - дуьйцу Севриновскийс.

Мила ву кхузахь?

ЦIеххьана туристашна некъ боьхкуш нислучу хиламех ю контр-терроран операцеш – дагахь доццучехь, бина хаам а боцуш, некъаца йозанашца къастийна а йоцуш, дIахьо уьш ницкъхоша. Ткъа, хууш хIума а доцуш, турист оцу зоне нисвеллехь, цо эзар бала хьоьгу Iедалхой ша террористашна гIо эцна цавоьдийла тешо гIерташ.

Иштта нисделлера, масала, Нальчике хьовсуш лелачу израилхошца. Контр-терроран барамаш хилла дIахьош цхьана куьпахь, цхьа а йозанаш а дац цига нисвала мегаш доцийла хоуьйтуш, оцу метте нисло уьш – совцабо, бехха лебо, гIуда туху. Африкера веъна турист нисвелла иштачу хьовзаме ГIалгIайчохь а, дIахьажийна гIуда тоьхна.

ХIирийчоь, Даргаван чIаж, "ГIалартийн гIала"
ХIирийчоь, Даргаван чIаж, "ГIалартийн гIала"

Гидаша дийцарехь, цкъа а антитерроран хьолах мукъа йохуш йоцу меттигаш ю дукха Нохчийчохь. Шуьйтахь туристийн тоба сацийна латтийна цкъа – сахьташкахь лебина геннара баьхкина хийра нах "антитерроран доза хадорна".

Цундела тIех дукха а бац Кавказерчу Iаламаташка, баккхий баланаш а ловш, хьовса хьаьгна туристаш.

Регламент, зона, лецарш

Кегареш уггаре кIезиг лайначу ХIирийчохь ю уггаре дукха туристашна йихкина меттигаш. Аьлча а, дуккха а бакъонан кехаташ деза уьш ган, масала, Даргаван чIожарчу Мидаграбера чахчареш.

Некъашца духьалонаш а латтош, "лорах тиллачунна" гураш а боьгIуш, муха туристийн бохчанаш даста, яьллачу санах бухара дахар тодан дагахь ю Кавказ? Дац иза кхеташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG