ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркера мехкадаьттан мах охьабаьлла


Iамерка -- Техас штатехь мехкадаьтта доккху меттиг, Марс. 23, 2015
Iамерка -- Техас штатехь мехкадаьтта доккху меттиг, Марс. 23, 2015

Iамеркехь доккхучу мехкадаьттан мах еарийдийнахь черманах 50 долларал а охьабелира. Стохка ГIура-баттахь дуьйна иза дуьххьара хилла дара.

Мехкадаьтта дай ца далийта иза даккхаран барам лахбан гIерташ бара Iамеркел арахьа болу мехкадаьттадаккхархой, яздо Маршо Радион оьрсийн сервисо.

Кхаарин дийнахь мехкадаьтта механа дайделира 5 процентана. Еарийн дийнахь мехаш охьадевлира кхин а 2 процентал сов.

Эталон лоручу Brent маркин мехкадаьтта а механа дайделла. Амма цуьнан мах жимма лекха бу Iамеркерчу мехкадаьттан болчул а – цхьана черманах 52 доллар.

Дечкен-баттахь ОПЕК вовшахтохаллана юкъайогIучу а, цу юкъахь йоцучу а алссам мехкадаьтта доккхучу пачхьалкхаша лахбира шаьш доккхучу мехкадаьттан барам. И бахьана долуш цкъа дуьххьара мехаш охьадевлира.

Мехкадаьтан мехаш иштта сиха хийцадаларо аьтто бира Iамеркерчу сланцан мехкадаьттадаккхархойн шаьш ханна дIакъевлина меттигаш сиха а, дукха ахча ца дойуш а схьаяста.

И бахьана долуш, Iамеркехь IаIочу мехкадаьттан барам алсамболуш бу кху тIаьхьарчу 9 кIиранах. ДIадаханчу кIиранах цуьнан барам бара цкъа а ца хиллачу кепара лакхара – 528 миллион черма.

Аналисташ билгалдаккхарехь, хIинца ОПЕК юкъахь уггаре а алсам мехкадаьтта доккхуш йолчу Саудин Iаьрбийн пачхьалкхан дезар ду сацам бан, ша доккхучу мехкадаьттан барам лах а беш, рынкера шен дакъа Iамеркахошна дита реза хиларх лаьцна.

Маршо Радион оьрсийн сервисо дийцарехь, мехкадаьттан мехаш охьадовларо Iаткъам бина Iамеркан коьртачу энергетикан компанийн акцийн курсашна. Церан цхьаьнатоьхна индекс хIара шо дIадоладеллачул тIаьхьа охьаялла 8,5 процентана.

Мехкадаьттан компанешна тIехь Iуналла дар гIелдан гIерташ ю президентан Трампан администраци. Цу гIуллакхо кхин а охьабаккха мегаш бу мехкадаьттан мах.

XS
SM
MD
LG