ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чагаев Булатана хан тохарх болу сацам тIечIагIбина Швейцарерчу кхело


Швейцари -- "Ксамакс" футболан тобан долахо хилла волу Чагаев Булат Невшателехь матч йолаялале хьалха, 27ГIаl2011
Швейцари -- "Ксамакс" футболан тобан долахо хилла волу Чагаев Булат Невшателехь матч йолаялале хьалха, 27ГIаl2011

Невшатель Швейцарерчу гIалара Ксамакс цIе йолу футболан клуб ийцира нохчийн бизнесхочо.

Линкана тIе

Ноенбургер олучу кантонерчу кхелахь шолгIачу инстанцехь луьстуш хиллачу гIуллакхехь Чагаевн адвокаташа 2016-чу шарахь меттигерчу кхело цунна кхо шой, ах шой хан тоха бинчу сацамна дуьхьал бина латкъам бара къастош.

Бизнесхочун Швейцарерчу адвокато Яфаев Дмитрийс шен аппеляцин йозанехь шен клиент бехках маьршаваккхар я цунна тоьхна хан лахъяр дехнера кхеле.

35 миллион долларх лаьцна харц чек лело иза гIортар а дагдаийтира кхело латкъам бинчаьрга.

Амма кхело кхочуш ца дина и дехар. Шайн сацамна бух балош Ноенбургерчу кхелахоша билгалдаьккхина, Чагаевна ца хаа йиш яцара шен леламаша а, ша барам боцуш футболхойн ахча дайъаро а клубан даккхий зенаш ца дан йиш йоцийла аьлла.

Цул сов, Чагаевс шерашкахь клубехь къахьегна зеделларг долу белхахой дIа а баьхна, царна метта шена луъ-луурш дIахIиттина хилар а, Iамеркерчу банкан цIарах 35 миллион долларх лаьцна харц чек лело иза гIортар а дагдаийтира кхело латкъам бинчаьрга.

Маршо Радионо дийцина ма хиллара, 2011-чу шарахь Нохчийчохь цхьана юкъана „Терк“ футболан клубан куьйгаллехь а хилла, цигара иза дIаваханчул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалла цунна резадоцуш хилар а прессехь гIардаьлча Швейцарехь гучувелира бизнесхо. Невшатель олучу Швейцарерчу гIалара Ксамакс цIе йолу футболан клуб ийцира цо, массо а цецвоккхуш.

Цунна бехкедиллира, ямартчу хьесапашца бизнес лелор а, ясакхашца бозбуанчалла лелор а.

Меттигерчу хаамийн гIирсаша а, адамийн бакъонашларъярхоша а хIеттахьехь шеконаш яржийра, Чагаев боккъал а швейцархойн футболан клуб когаметта хIоттон Iалашо йолуш лела бохучух. Цхьа могIа IалагIоже сацамаш клубан куьйгаллехь тIеэцарца а, - масала, иза гIоьртира Ксамаксан цIе „Ксамакс-Вайнах“ аьлла хийца, - иштта а холчу финансийн хьолехь йолчу цу клубан ахча комаьрша дохкарца а гIарваьллачу Чагаевс ша Ксамакс эцна бархI бутт баьлча иза банкроте ерзар дIакхайкхира.

Иза бахьана долуш цу дийне кхаччалца супер-лигехь ловзуш хилла тоба цу лигера аракхоьссира, ткъа цул совнаха 23 миллион швейцархойн франк я цхьаъ ах миллиард герга сом декхарш дисира клубана тIехь. Ша Чагаев меттигерчу Iедало лецира. Цунна бехкедиллира, ямартчу хьесапашца бизнес лелор а, ясакхашца бозбуанчалла лелор а.

Ша Чагаев кхеле ца веанера, Швейцаре цу процессехь дакъалаца ван бакъо цо кхелахошкара яьккхинехь а.

Набахтехь 4 бутт баьккхинчул тIаьхьа масех миллион франк закъалтана а дуьтуш аравелира иза набахтера. Ткъа 2013-чу шарахь Швейцарин куьйгалло дIаяьккхира Чагаевна цу махкахь Iен а, болх бан а бакъо луш йолу виза, иза махкара ара а воккхуш.

ХIетахь дуьйна Москохахь Iаш ларалуш ву скандале бизнесхо. Швейцарехь цуьнан бисина болу бахамаш, масала, цуьнан хIусамнанна Завгаева Иринина тIеязйина йолу вилла 2,5 миллион франках йохка а йоьхкина, и ахча Iедалан доладаьккхина.

Ша Чагаев кхеле ца веанера, Швейцаре цу процессехь дакъалаца ван бакъо цо кхелахошкара яьккхинехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG