ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iадаташ деша аьтто хир бу вайнехан


Нохчийчоь -- Ахар долош дуьххьара нох тасар даздар, 12Охан2012
Нохчийчоь -- Ахар долош дуьххьара нох тасар даздар, 12Охан2012

Нохчийн Iадатех дуьйцуш жайна арахеца Iедало юхьарлацар дозу, юккъараллана хетарехь, къомо шен ламасташ, гIуллакхаш шо шаре мел долу дицдеш хиларца. Тептаре гулдийр ду, дийцарехь, нохчийн мел долу Iадат а, церан башхаллаш а.

И проект ю махкахь къам кхетош-кхиош болийначу балхан могIара. Арахоьцур ду жайна 2-3шарачохь. Официало бечу хаамца, жайна зорбане далале республикан куйьгалхочунна Кадыров Рамзанан тидаме дуьллур ду.

Нохчийн Iадаташ тептаре дерзор дийцаредан вовшахтоьхначу гуламехь дакъалоцуш вара махкахь вевза этнограф, ойланча Хасиев Сайд-Мохьмад а. Цо Маршо Радиога дийцира, шаьш цигахь айдинчу гIуллакхах лаьцна.

Хасиев: «Iадат хIун ю а, иза мичара даьлла а, вайгахь дерг хIун ду а бохуш, дийцира оха. Амма кечбелла баьхкина а бацара накъостий. Вай и тайпа барамаш хIиттабо, амма уьш доггах оьшуш ма бац дукхахболучарна. Цундела дийцар а хуьлий, дIадолу. Iадат хIун ду теша, аьлла, цунах дерг хаа лууш хила ма беза шаьш цунна аьлла гулбелларш. Кхечу агIор аьлча, моттаргIа ма хуьлу иза».

Мел чIогIа лиъча а, цхьана дийнахь я гергарчу шерашкахь меттахIотталур дац тахана кхечу низамаша тIаьхьатеттина долу Iадаташ, аьлла хета Хасиев Сайд-Мохьмадна. Еххачу заманахь бина болу Iаткъам шен лар йоцуш ца бисина, элира цо.

Хасиев: «БIе эзар шерашкахь а, тIе туйнаш а тоьхна, нехаш а, когаш а хьаькхна, бехдан гIиртина долу Iадат цхьана дийнахь вайга цIанлур ду бохург бакъ дац. Муьлха а низам, шарIа иза делахь а, Риман низам делахь а, дуьенаюкъара далахь а, иза Iадатех схьадаьлла га бен ма дац. Iадат Iалама тIера схьадогIуш ду. Дуьненан бала болчу наха кхоьллина хIума ю «бакъо» бохург. Цундела Iадатех кхета а, пайда эца а, адамийн дог хила деза».

Тахана нохчаша, дукха гIиллакхаш хийцина шайн дахарехь, лаамаза а, лаамехь а. Нийсонан некъа тIера бовлуш бу нах, боху Хасиев Сайд-Мохьмада.

Хасиев: «Коьртаниг, адамех адам дийриг хIун ду? Цуьнан са ду. Са бехделча, цунах адам ца ма хуьлу. Дала шена улле адам ма таса аьлла ду. Нагахь санна дуьненан хIуманна тIаьхьа а ваьлла, стаг лелаш велахь, иза Делах ваьлла ма ву. Зударийн кучан тIаьхьа ваьлларг а ву Делах ваьлла. Стака бен кхин хIумма а ца гуш, цунна тIаьхьа ваьлларг а ма ву Делах ваьлла. Массане ду и хIуманаш».

Маршо Радио: Кху сихачу замано адаманна юкъайоьллинчу эвхьазалло деш-м дац теша иза?

Хасиев: «Дера ду! Мохь хьекха марзделла бежан муха хуьлу, дажа арадаьккхина долу?! Шена мохь лур бу-кх бохуш, мохь а хьоькхуш цIа догIу бежан. Иштта и мохь кхийдо марзделла адам, хьаьвде даьлла. Вай чIогIа эхь хилла цхьана хенахь, дарже хIотта лууш волу стаг, оцу дарже хIоттийча, тIом сацабе аьллачу шен нанна шед еттийтинчу Шемалан лорах воьду.

Ткъа, вай, стаг дарже хIоьттича, стунцахой, дехой, ненахой, марзой балха дIахIиттабо. Дудаев схьавеъначу хенахь дуьйна а, цулла хьалхе а хилла ду иза. Эхь ца хеташ, дарже хIоьттича, цхьа доккха хIума долуш санна, Иблисан мара воьдуш ву-кх стаг. Тилоран чо хIинца динчу беран тIехь хуьлуш болчу чонах олу. И тилоран чо юкъахь а боцуш, Иблисан мара воьдуш ву иза, дарже хIоьттина стаг. Iадато иза боху».

Тахана нохчийн къам, кхаа низамехь даха гIерташ хилар къайле яц. Оьшучохь Iадатех а, ШарIах а пайда оьцу нохчаша, ткъа цу шинна а тIехIоьттина лаьтташ ду пачхьалкхан низам а. Цуьнца догIуш доцург чекх ца далийта, оцу моссо а хIуманна Iуналла деш ю шортта Iедалан хьукматаш. Цундела, схьагарехь, нохчийн Iадаташ тIехь долу жайна арадалахь а, мацах, вочу тIаьхьено шен дика дай буьйцу бохучу маьIнехь, шайн берашна, иштта хилла шуна хьалха бохуш дуьйцур ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG