ТIекхочийла долу линкаш

Устрада-ГIалахь лецна латтабе иттех де ду ялх доьзалера нах. Царалахь шен «хIуманна а бехке воцу» йишин воI а ву, аьлла латкъамбина Маршо Радиога цигарчу цхьана яхархочо. Иштта кхин цхьамма а дуьйцу, «бехк-гуьнахь доцуш» лаьцна шен шича, бохуш.

Нохчийчохь наркотикаш йохкар, эцар, мийлар, ийзар, дегIах еттар къайле янне а яц.

«Вуно дукха бу наркотикаш лелораш къоначу зударшлахь, къаьсттина дукха бу артисташлахь, эшарш лоькхучу мехкаршлахь, бу шортта Кадыровна куьйга кIелхьарчу низамхошлахь, эскархошлахь а...», - хаамбира Маршо Радиога кхоалгIачо.

Кадыров Рамзана «низам, ца низам – лера хьашт а дац, тоьпаш тоха! Ассаламу Iалайкум – хIуьшт! Чекхдели! Иза ду низам!» - аьлла ницкъахошна хьалха наркоманех, наркотикаш юхкучех къамелдина денош довлале лецна, полицин цIеношкахь кхобу дуккха а нах.

Лецарш къобалдо Нохчийчоьнан дуккхаъчу бахархоша. Иза зуьйш къамелаш хилира Маршо Радион Веданарчу а, Гелдаганарчу а, Оьрза-ГIаларчу а бахархошца.

Лор ю Йисита. Соьлж-ГIалахь «Сихха лоралла дечу» мобилан тобанехь ю иза. Деношкахь, буса, ша тергалйира кегийрхойн тоба цхьана мйданахь сакъоьруш, мехкарий а бара цаьрца эвххьаза хьийзаш, цец юьйлуш дийцира цо ша тергалбинчу гIиллакхах телхинчу кегийрхойх.

Вуно хала ду шена шен воI Iалашван наркоманех, уьш боцуш меттиг яц, дуьйцу кхечо.

Наркотикаша къам чIогIа бехдина, тIаьхье телхина йогIу, ког баькх-баьккхинчохь го наркоманаш, цара бала бохьу, шена а ду царех бераш Iалашдан хала, къадийра гIайгIа цхьана оьрза-гIалахочо.

Тахана даьржина сакхт дайша хир ду бохуш далхадора шайн заманахь, и хан хIинца тIехIоьттина, бохура Веданарчу яхархочо.

Маршо Радиоца къамелдинарш тIера бу Iедало наркомани юхаяккха болийначу балханна. Амма резабац цо и болх конституцин, низамийн хоршахь дIахьош бацарна.

«Лецнарш, маьждиге а балийна, мехкан куьйгалхошна хьалха емал а бина, дIахоьцур бу аьллера тхоьга полицино, амма итталгIа де ду, арахоьцуш бац», - хаамбо Устрада-ГIаларчу яхархочо Маршо Радионе.

Хууш ду, шина де-буьйсанал сов стаг лаьцна латто бакъо кхело бен луш йоцийла. Къаьсттина хууш, и къастамбан Iорадаьлла зулам а хила деза динарг. Шеггара полицин яц бакъо низам талхо.

Амма тIаккха а, юха а, лелаш цхьа кеп бен а яц Нохчийчохь - Кадыров Рамзана аьлларг. «Тоьпаш тоха! ...Чекхдели! Иза ду низам!» цо бохуш хилча, хьехайойла дац я конституци а, я низамаш а...

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG