Маршо Радио: Хьусайн, ишта кхетам бу - "синхааман турпалхо". Хьан турпалхо лехамехь ву, юкъараллин дахарна саготта а ву. Хьуна гергахь, уггаре хьалха цуьнан сагтдийриг, цуьнан садуург хIун ду?
Хатаев: « Нохчийн дахарехь баьржина кхетам бу, хьо йоккхуш вацахь, хохкуш вацахь, уггаре мерзаниг юуш вацахь, хьо вехаш вац… Хьо вехаш вац аьлла маьIна ду. Кхечу къаьмнашкара масалш схьа а ца оьцу вай… Ишта ма дац иза.
Кху дуьнентIе яий, малий, къерий догIуш ма дац. Нагахь санна хьоьца цхьа чулацам белахь, цхьа суй белахь Делера, Iаламера… Я ахь айхьа кхиийна, гуттар садаггийна ваьллина, цхьана кепара кхиийна, гулбина. И хьайгахь болу суй-кхетам дIабовзийта, и гучубаккха. Машен йойла ахь, ва-а, ца хаьа суна, диканиг дойла ахь, я цхьа хIума язйойла.. Оцу маьIнехь ду дахаран маьIна, нагахь иза делахь. Хьайца долу хIума гучудаккхар, хьайх кхиар... Цкъачунна и дац вай юьхьарлоьцург… Цхьа дуьнентIехь лар юьту хIуманаш дац уьш.
Маршо Радио : Вайнах юкъараллин хIуманна саготта цахилар. Иза а ду-кх хьан турпалхочуьнан сагатдийриг, дуй?
Хатаев: «Дера ду. Уьш цахилар... Цу турпалхочо ша-шега ладоьгIча, цунна ша цхьа карво-кх. Цунах цхьа да а вешаш а вац. Цунах цавашар уггаре хьалха хIун ду аьлча - цуьнан бахам цахилар. ТIаккха цара иза Iовдал лору. Ваха ца хаьа. ХIума гулдан ца хаьа цунна. Шаьш «къаьхьде» хета. Ткъа цо гулдийриг Iаламат мехалла йолуш ма ду. Иза-м вац къийсалуш а. Иза-м шен новккъа дIавоьдуш ву».
Маршо Радио: Ахь дуьйцург, Хьусайн, цхьана агIор бIоста, тамаше нисло. Массанхьа а схьагойтуш бу Iедалехь берш махкана а, маттана а саготта. Ткъа хьан турпалхо юкъарчу хIуманна саготта бац нохчий, бохуш, шен садууш ву. И муха нисло?
Хатаев: «Цара лелош ерш кепаш ю. Цара мотт буьйцур бу, стенна аьлча, тхо цунна саготта ду ала буьйцур бу. Цунах дог а лозуш, ца буьйцу. Деллахь, хIара къамелаш динчул тIаьхьа вайн хIун дан деза цу меттан дуьхьа, аьлла, цара билгалдоккхуш хIумма а дац. Ишта дIа дуьйц-кх. Ткъа цара хабарш а дуьйций, дуьту. Декъаза хьал ду кху чохь.
Синкъелла боху хIума нохчех хьакхалуш а, Iотталуш а дац. Делахь, ма са къен долуш ву со, аьлла, саготта вац нохчо. Царна и проблема а ца хета. Царна и цахетарх, ян ма ю иза. Кхечу къаьмнаша гулдина хIуманаш кхетийча, уьш цецбевр бар-кх, ма кхиъна уьш, аьлла. Нохчашна иза тIехула бен ца го. КIоргене ца кхийда».
Маршо Радио: Кегийрхошлахь а, кхиазхошлахь а и кIорге яста, хIуманна дуьхе кхиа лаам цахилар а Iеткха-кх хьан турпалхочунна…
Хатаев: «И лаам ца го. Машенна, кхечу хIуманна, бахамна саготта бу-кх нохчий. ХIинца цхьана хенарчу воккхачу стагца хьо къамеле ваьлча, цуьнан а бу-кх ишта хьажам... "Йоккхуш" хила веза, катухуш хила веза, иштта кхин дIа а. Мичча хьо дIавахча, цхьа кехат оьшуш, схьаоьцуш ахча ду. Массанхьа а. Ишта хила дезаш санна.
Кху агIор бусулба дин дуьйцуш цхьа хьенехаш бу, дин кхайкхош, дIо агIор хIорш бу каетташ. Ишта хила дезаш санна лаьтташ ду-кх. Iийса-Пайхамара килса чуьра, шед етташ, шалхенаш лелае нах лаьхкина-кх, шед етташ. Стенна лаьхкина? Дера лаьхкина, оцу чохь ца догIу къамелаш а деш, Iаш болу дела. Ишта лахка безаш бара Нохчийчохь а. Ца лохку-кх".
Махкахь вевзаш волчу байтанча-гочдархочуьнца Хатаев Хьусайнаца нисделлачу къамелехь го аьлла хета, мел хьашто йолуш а, мехала а ду тахана вайнахана юкъараллин дахаран, тIехула а доцуш, бала кхачар а, нохчалла боху кхетам дагахь а болуш, къоман хIуманах доглазар а.