Бахархоша, тамаша а беш, шайлахь дийцаре деш ду нохчийн маттахь журналаш зорбане цадовлар.
Дукхахйолчу доьшийлашкахь, хьехархошна а, жаргаталлин белхошна а хууш дац нохчийн маттахь зорбане дийлина «Орга», «СтелаIад» журналаш ишколашка ца кхачош хьедаран бахьана.
Цхьаболу дай-наной а бу нохчийн меттан журналаш совцадар новкъадеъна. Старопромысал кIоштерчу Султанова Зараана хетарехь, берашна ненан мотт бовзийтарехь, хаарш кIаргдарехь дика накъосталла деш гIирс бара «СтелаIад» журнал. Иза дIалакъорах цецьяьллачех цхьаъ ю Зараъ.
Зараъ: "Кегий долуш дуьйна «СтелаIад» журнале а доьрзий, оцу берийн безам кхоллалора нохчийн матте а. ЧIогIа кIорге йолуш туьйранаш а, дийцарш а хуьлура цу тIехь. Керла дешнаш довзара берашна. «Баба, тхуна и ца хаар-кх» бохуш, цецдуьйлура. Дашна, тамана а доцуш, нохчийн мотт кхиарехь чIогIа оьшуш ду и журналаш".
Нохчийн маттахь зорбане дийлина журналаш арацадовлар таро цахиларца дозар моттане а бакъ ца моьттачех ю Тепсуева Маржан.
Маржан: «Ахча ца тоьуш совцийна аьлча, сунна бакъ ца хета. ГIалахь ца а еш хIума ма яц. ДуьнентIехь мел болу беза хьеший луьстуш Iачу тхуна ахча ца тоьу бохург хIун ду? Суна и аьттехьа а бакъ ца хета».
Ма-дарра аьлча, махкахь дика бевза яздархой а бац журналаш дешархошка цакхачар кхачо йоллуш кхето хууш а.
Яралиев Юсупа элира: "Суна билггал ала ца хаьа уьш зорбане стенна ца доху. Ахча дац бохуш а дуьйцу и мел бух болуш ду ала-м хаац".
Нохчийн меттан журналийн садукъдар, церан арадийларан раж талхор, Iедалехь болчу маьхькIамхошна ненан мотт цаэшарца дузу байтанча-гочдархочо Хатаев Хьусайнас. Цо хьулам ца беш довзуьйту цу декъехь шена моьттург.
Хатаев: "Нохчийн мотт таро йолуш бац, ларалуш бац пачхьалкхан хьашт-дезарш кхочушдан аьлла, цу тIе далош ду, цара нохчийн меттан хIума. Царна, Iедалехь болчарна, оьшуш бац ненан мотт. Шайн ма хуьллу, аша бу бахахь и мотта-м ма бац бохург ду цара буха диллинарг.
Къоман маттана Iедална ахча каро а деза, шен мотт Iедало къоме ницкъала Iамабайта а беза. Оцу лакхахь болчарна атта ду, кегаре а бина, оьрсийн мотт а буьйцуш, кIадда а ца деш Iа. Тоххар а хиллачу зорбан министро, Мурад яра моьтту суна цуьнан цIе, бахара, «бехк ма билла ас оьрсийн маттахь эр ду, суна нохчийн маттахь ца хаьа вистхила.
Нохчийн мотт а ца хууш и зорбанан министр муха хIоттийна? Цо хIун гойту? Хьуна Iедалан балха воьдуш ненан мотт хаар тIехь цахилар гойту-кх. Цара тоам беш ду-кх оьрсийн маттах. И журналаш а сецор а цу хиламо кхетадо-кх…"
Нохчийн маттахь журналаш арахецар халонга даккхарх дийцинчу Хатаев Хьусайначух тера хьажам берш вайнахалахь хIумма а кIезиг бац, делахь а кхузарчу хьолах кхуьуш болчаьрга кхетало цара «мотткхабар».