Кхушара дуьххьала а доцуш, хIора а шеран бIаьстенан юьххьехь бийца боккхуш бу махкахь ненан мотт. Бен-бечу тIегIан жигархоша – Iедалан хьукхмат- урхаллашкахь болчара а, юкъараллин белхан хIайттархоша а, бу мел боху дешан говзанчаша, Iилманчаш, юкъа а ийзош, дIахьо нохчийн меттан къа-баланаш балхош горга стоьлаш а, гулам-кхеташонаш а.
Бакъду, хIора шарахь тергаллуш и сурт делахь а, цхьаболчу яздархоша а, хьехархоша а къаро а еш, дахарехь дикачу агIор тIеIаткъам а бина, мотт гIатто хIара а, хIара а дан догIу аьлла, Iедалдайша и бакълена денбан гIулч йоккхуш яц: юьхьанцара классашкахь хьехар ненан маттахь хилийтина а, гIаланашкахь, ярташкахь ког мел баьккхинчохь, бIаьрг мел сецначохь, схьагуш долу оьрсийн меттан язораш хийцина а. Зевне къамелаш дар доцург маттехь долу ледара хьал хийцаме долуш дац.
Нохчийн университет чекх а яьккхина, филолог ву соьлжагIалахо Атсаламов Идрис. Iилманехь къахьогуш, я ишколехь хьехар ца нисделлехь а нохчийн меттан халонаш дика евзачех цхьаъ ву Атсаламов. Кхиъна богIучу нохчийн кIенташна, мехкаршна ткъе итт шо кхиазхошна сов дика хууш хилла, Iар-дахарехь шуьйра пайдаоьцуш долу дешнаш тахана ца хууш карадо. Масала : петар, четар, гIутакх, чоьлпа, етташура и кх. дI а. Ахь муха кхетадо кхин дIоггара хала а доцу и дешнаш царна хIетал –метал хилар бохучу хаттар тIера доладелира тхойшиннан къамел.
Ахь дIа бIаьрг мел тоьхначохь схьагуш оьрсийн язораш мел ду нохчийн мотт кхуьур бу бохург бакъ ца хетачех ву хьехархо-филолог Ахматов Iалавди. Устрад гIалин дуккха а адамаш долчу вокзалехь лаьтташехь масалш даладора Iалавдис шен хьажамна тоьшалла далош санна.
Хьехархошлахь, Iилманчашлахь, ур-аттал могIарерчу нахалахь а дукха бу, ган а гуш гIелбелла богIу ненан мотт аьлла ойла сецнарш. И гIайгIане бакъдерг кхеталуш берш кIезиг бац Iедалхошлахь а.
Амма цкъачунна хаалуш бац, Iуьллучуьра нохчийн мотт гIатто кхана. лама, бутт байча, шо даьлча, хIара а, хIара а до вай аьлла, тIедожоран саттамехь, къастам боллуш къамел деш берш. Бакъду, чот йоцуш дукха бу, ненан меттан сийлаллех, мехаллех, бехке доцу, юкъара къамел дийраш.