ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Маж" операци, я стенга кхаччалц ю "нохчийн лар"?


Нохчийн бераш ду хитуху тапча ловзош, Полша, 2008 шо.
Нохчийн бераш ду хитуху тапча ловзош, Полша, 2008 шо.
Мамсуров Аслан

"Нохчийн мафех" лаьцна туьйранаш муха кхуллу Австрехь а, Германехь а Iедал къуьйсучара

Юха а "нохчийн мафи" йийцаяьккхина немцойн газеташа шайн хьалхарчу агIонаш тIехь. Бахьана даьлла журналистийн каракхаьчначу зуламаш толлучу Федералан урхалло кечдинчу документах (BKA).

Ши бIе гергга йолу махкара диаспораш зуьйш хIоттийначу документо бахарехь, Къилбаседа Кавказера схьабевллачу нахах хIоттаелла зумахойн тоба билгалйолу цуьнан декъашхой вовшашца вуно чIогIа бертахь хиларца, ткъа Iедална уьш къаръян некъ карош бацарца.

Германин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло, цунна хетарехь, Къилбаседа Кавказерчу мухIажирех вовшахкхетта зуламхойн тоба тергалйина дийнна шарахь. Информаци гулъеш Iийна массех ницкъаллин урхалла, шайна юкъа леррина сервисаш а, дозанхойн а, мухIажирашкахула йолу а хьукматаш а йогIуш. "Маж" хилла операцина тиллина цIе – юьхьаръэцна кавказхоша мажош лелош гар.

Бюргерш кхерош кхоьллиний-те "нохчийн лар"?

Сагатдойтучех ду немцойн низамхоша бинчу тергамийн жамI. Документо дийцарехь, кавказхойн, доккхачу декъанна нохчех лаьтта тоба ю пачхьалкхерчу криминалан машанашна тIехь урхалло латтош.

"Цара гойту шаьш кийча юйла вуно сиха гIелоян, угарре хьалха уьш хаало нах а бойуш динчу зуламашкахь", - яздо эксперташа.

Масал далош дагалоьцу 2016-чу шарахь гIарадаьлла зулам. ХIетахь наркотикаш юхку турко, 43 шо долу Масут вийра, шен машен а эккхийтина. Зуламхой тахана а бац схьакарийна. Делахь а уьш нохчийн бу, боху документо. Коьрте хьовзуьйту 2000-лагIчу шерийн юьххьехь Оьрсийчохь лелларг – динчу муьлххачу а зуламна цигахь "нохчийн лар" цIе туьллура мел тоьшалла ца хилча а.

"Кавказ.Реалиина" ца карийна Германехь теллина а девлла, стаг верца луьстучу зуламашлахь цхьа а нохчийн декъашхо я зуламхойн тоба.

Доьзалера юкъаметтигаш къестош, дар-дацар хилла я тиларчу баханчу наха дина массех зулам листина Германехь дахначу шерашкахь.

Масала, 2017-чу шарахь шен зуда вон лелар тусаделлачу цхьамма иза корах аракхоьссинера. И стаг наркотикех возуш а ву, царех кхеттачохь цо зулам а дина, бохура кхелан сацамо.

Нохчий газеташка бехха сийсазбойтуш, кхин цхьа зулам дира Германехь нохчочо стохка. Тхов-кIело а, болх-некъ а боцчу 18 шо кхаьчначу жимчу стага, цуьнгара ткъеха евро дIадаккхархьама, йийра шена дуьхьалойина 60 шо долу зуда.

Динчу оцу зуламашна таIзар токхуш ву ший а нохчо. Ткъа уьш ца хьехабо немцойн хьукматаша шаьш юьйцучу "нохчийн мафица" доьзна.

Хьахийначу зуламаша сий ца до нохчийн – иза кхеташ ду. Амма ца ло цара Iедална, Германехь "нохчийн бандийн декъашхой хаало нах байарца айдинчу гIуллакхашкахь" баха бакъо а.

Кадыров-воккхахчун суьрташца лелаш йолу "вайнехан герилла"

2016-чу шеран аьхка Берлинерчу Лихтенбергехь вийра немцойн байкерийн "Guerilla Nation" клубан лидер Дирк. Ца карийра зуламхой. Амма немцойн полицина хетарехь, оцу клубца къийсалуш йолу, нохчех, гIалгIайх лаьтта "Guerilla Nation Vainakh" тоба ю куьг-бехке.

Guerilla –испанхойн маттахь "жима тIом". Кегий тобанашкахь, нахалахь къайла а буьйлуш, бечу тIамах олу ишта.

"Вайнехан Герилла" цIе йолу мотоциклетхойн тоба баккъал а йолуш ю Германехь. Иза кест-кеста хьахош а хуьлу цхьацца вер-ваккхар иккхича. Полицино гойтучу суьрташ тIехь хаало карахь Кадыров Ахьмадан суьрташ я таханлерачу Нохчийчоьнан байракхаш йолу кегийрхой. Оцу нехан гергарлонаш стенгара схьадогIу, хьаьнца ду, хала дац кхето.

Полицино баржочу хаамаша дийцарехь, "Вайнехан Герилла" кхобу рэкето а, нах кхера а беш, цаьргара ахчанаш дахаро а, наркотикаш йохкаро. "Берлинера салафийа" хьахош а йоккху прессо оцу клубан цIе. Полицино бахарехь, тоба лаьтта 100-150 стагах, зIенехь ю иза "нохчийн Iедалан лаккхарчу тIегIанашца".

"Нохчийн мафина" дуьхьал гIаттийна дов бух бацарна дуьйхира Австрерчу кхелехь

Таханлерчу Австрин премьер-министро Соботка Вольфганга (лурчах ша чоьхьарчу гIуллакхийн министр волуш) пресс-конференци кхайкхийра ша волчохь. Элира баьхкинчу журналисташка, ша ондда тохар дина зуламхойн юкъарраллана.

Полицино "нохчийн мафи" юкъара 8 стаг лаьцна, элира Соботкас. Царна бехкедиллира зуламийн дехха кочар: нахера ницкъаша хьал дIадаккхар, стаг вен гIортар, герзаш лелор. Ша хьалхо Оьрсийчу вахана-веана хилар а хьахош, элира журналисташка, "Австрехь политикан тховкIело яла хьашто йолуш бац нохчий".

ТIетаьIIина йоьдуш харжамийн компани яра хIетахь Австрехь. Парламентера дукхахболу меттигаш дIалеца кечлуш яра Соботка декъахь волу консервативан Халкъан парти. Новкъа дацара цунна ша коьртехь волчу хьукмато "нохчийн мафи" лаьцна аьлла даржор.

Халкъан парти а, цуьнца бертахь йолу радикалийн Маьрша парти а юьхьанца гIараелира мигранташца а, бусалбанашца а къийсам латторца. Национализман кхакхамаша валийра Соботка Iедалан коьрте а.

ХIетахьлерчу пресс-конференцехь Соботкас хьехийна "нохчийн мафи" кхеле ялийра иза премьер-министр хIоьттинчул тIаьхьа. Амма дов бух бацарна дуьйхира : гучуделира цхьа а "мафи" йоцийла, лецнарш бехкбоцу нах буйла.

Нохчий дIахеца ша бинчу сацамехь кхелахочо Боем Андреаса бохура, "дина гуш цхьа а зулам дац". Къаьстира кхеле нохчашна дуьхьал тоьшалла дан веана коьрта фигурант, Iаьрбех схьаваьлла Венера лор, ша вуйла массех зулам а дина, таIзарш текхна стаг.

Лецнарш кхело маьрша а баьхна, дIабахийтира шайн-шайн доьзалшка. Амма австрихойн кхетамехь йисира воккхачу хьаькамо кхоьллина боьха цIе – "нохчийн мафи".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG