ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бийца, Microsoft Word, нохчийн мотт!


...Деношкахь ABBYY фирмин векалца къамелдеш, Маршо Радионо хаьттира:

- Аш йинчу йоза меттанашкара меттанашка гочдечу программашлахь стенна бац цхьа а кавказхойн мотт?

Жоп доцца дара:

- Тхоьга уьш яр доьхуш а, я иза оьшуш а нах ма бац шулахь!

… Умархаджиев Салавди (Нохчийчоьнан Iилманийн академин пайдечу семиотикан декъан куьйгалхо) пхи шо ду, ша а санна, ненан мотт безачу, цуьнан дуьхьа, де-буьйса ца лоьруш, къахьега резахиллачу накъосташца цхьана интернете нохчийн мотт «бийцийта» араваьлла.

И болх мало ца еш, цуьнца цхьаьна дIакхоьхьу Iилманчаша Асхабов Хаважис, Израилова Элисас, Астамиров Арсламбека, Султанов Зеламхас, Бадаева Iайшата, Бекаев Мовсара. Цара Microsoft-ан йозан программина Word-на йина яьккхина хьесап ду нохчийн меттан спелчек (нийсаяздаран программа). Иштта къахьоьгу кхечу, массарна а мехала йолчу интернет-аренашкахь, программашкахь вайн ненан мотт бекийтархьама.

Word-ах дерг аьлча, буха дуьсург ду Microsoft тешор – нохчашна шайн мотт оьшийла цунна хаийтар, Word-ан форумехь наха шайна хетарг а олуш, кхаж а тосуш, алссамчу барамехь месседж фирмин куьйгалхошка дIакхачор.

Нохчийн спелчек кхоллийта кхаьжнаш тосуш бу интернетхой
Нохчийн спелчек кхоллийта кхаьжнаш тосуш бу интернетхой

Ша а, шен накъосташа а бечу белхан Маршо Радион балакхачарх воккхавер а ца лачкъош, дийцира Умархаджиевс ша тхуна еллачу интервьюхь нохчийн мотт дуьненан тIегIане боккхуш, компьютеран «бага буьллуш», диначух а, дан дезачух а лаьцна.

- Спелчек ма эшара вайна, бохуш, леткъамаш беш доглазархой Iечу юкъанна аш тIетаIIина къахьегна иза кечъеш. Муьлхачу тIегане кхаьчна шу? ХIун ницкъ бу шуьгахь?

- Болх дIаболийна диъ-пхи шо хан ю. Оха бийриг хIун болх бу хаийта бах ас - нохчийн мотт компьютерчу билла кечам беш ду. Информацин технологешна юкъахь мотт ца хилча, цуьнан дахар готта хуьла, мотт лелар нахана юкъахь азло.

Цунделла мотт цу чохь ца хилча, чIогIа Iаткъам хуьлу оцу маттана а. Нохчийн мотт, кхин меттанаш а санна, интернет лелочарна а, вовшашца зIе нохчийн маттахь йолучарца а аьтто бан Iалашо ю тхан.

Мотт компьютерчохь хилча, компьютеро, хьо гIалатваьлча, кхузахь гIалат ваьлла хьо, хIара дош иштта язде, олу. Нохчийн меттан а хир бу и аьтто, кхечу маттанийн а санна - иза хIинца кхочуш хилла ала тарлуш лаам бу, дан дисинарг дукха дац.

- Спелчекна тIекхача, интернет нохчийн матте йоккхуш бен белхаш йистте кхаьчна шун?

- Болх оха болош нохчийн маттахь электронан дошамнаш яцара, уьш а кечйина оха, Iилманан академин сайта тIехь ю хIинца, массо а тIе а кхачалуш, охьаехкина оха уьш.

Пхи шо хьалха, и проект йича бакъахьа хир дара, аьлла, со академе вахча - Дадашев Райком ву вице-президент - ас къамел дича, цо иза «чIогIа къомана пайде хир долу хIума ду, оьшуш хIума ду», аьлла, аьтто бира суна.

Гапуров Шахруддис, академин президенто, вице-президенто Райкома а ас аьлчуьнга ла а доьгIна, Iилман хьукмат вовшах а тоьхна, со хьаькам а хIоттийна, ас сайна бевза кегий нах, сайн студенташ вовшах а тоьхна, и болх беш пхи-ялх стаг ву.

- Ткъа хIун ду данза дуьсург?

Болх чеккхбала гергабахана тхан. Бакъду, оха и болх барх а, компьютерчу кхочур бац, Майкрософто бакъо ца елча. Коммерцин программаш, Word елахь а, Windows елахь а, тхуна и болх тхаьшна Iама а Iаьмна, кара а бирзина. Иза компьютерчу билла аьттонаш а бу, тхуна и дан хуур а ду. Тхуна оьшург Майкрософто бакъо ялар, тхуна цучу кховда а, Word нохчийн маттах йоза а магор ду.

Майкрософте оха хаьттича, цигарчара шайн система наха тесначу кхаьжнех йозу, аш кхаьжнаш алссам гулбаре терра, шаьш проектан тидойийр ю, аьлла.

-МогIарчу, Фейсбукерчу а, кхечу машанашкарчу а нохчашкара хуьлийла дуй шуна гIо?

- Наха чIогIа гIодина тхуна кхаьжнаш тасарца, хIинцале 1500 стаг ву лаам къадийнарг. Кху деношкахь юха а Майкрософтца зIене девр ду тхо.

Тхуна Европерчу нохчаша ненан маттана сагаттадой хаьа, кху цIерачара а санна.

Академина го тхан тобано бен болх. Тхо хьаьстина, шун болх чIогIа оьшуш бу, Дела реза хуьлда шуна, олу тхоьга кест-кеста. Академин президенто Гапуров Шахьруддис ша а. Цо, кегий нах болччу схьа а вогIий, цхьана а форумехь я гуламехь а доцуш, тхуна юккъе а хуий, «аш бийриг къоманна оьшуш болх бу шуна, академина а юьхь йо аш, юха ма довлалаш», олу. «Шайна оьшуррг схьа а олуш, болх дIабахийталаш", олу. Иштта къамел тхоьга деш хилча, тхуна хIун хала ду къахьега!

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG